Виета (даар)
Виета | |
---|---|
![]() | |
Авторалла | |
Пачхьалкх | |
Компоненташ | |
Коьрта | Хьелийн даьтта, шекар йа моз |
Виета — виетин хӀушшах кечдо нохчийн къоман даар. Йуькъа тӀуьна тӀокепара масса, доккху хьерахь аьхьна йа дакъийна виетин хӀушшах. Нохчаша иза леладо генара схьа, дуу гӀора даийтархьама, кхин а тайп-тайпана цамгаршна дарбанна а леладо[1]. Виета генара дуьйна даьржина нохчашна йукъахь. Виетин аьхьна хӀушшах орма олу, цунах кечдо мерза даар — виетин хьовла — шекар йа моз тоьхна орма кхехкачу даьттин чохь кхорзуш. Ишттачу дааран нохчаша лакхара мах хадабора[2]. И даар нохчаша виетин хӀушшах бен ца кечдо[3]. Кавказан тӀом болабалале виетанах нохчаша кӀадеш дора[4].
Нохчийн мохкбовзархочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс, шен «Нохчийчоьнан топоними» жайнахь хоуьйту, Ӏовхойн кӀоштара Бони-Йуртахь шех даар кечдо виета охьу хьер хилар[5].
1990-гӀа шерашна йуьххьехь, сих-сиха ТВ эфирехь шоколадаш хьестош рекламин роликаш гайтарна, цхьацца тера параметраш бахьнехь виетина забарен цӀе тиллира — «нохчийн сникерс» аьлла[1].
ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]
Шен цӀе даарна тиллина иза лаьттахь кхуьучу изза цӀе йолчу ораматех деш хиларна[1].
Кечдар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Виета кечдеш иза кхехкачу хьелин даьттана чохь кегадо чоме хьаьжжина тӀе шекар йа моз тухуш йа 250 гр. даьтта, 6 боккха Ӏайг виета, 6 боккха Ӏайг моз тухуш[6], йа чоме хьаьжжина шекар тухуш.
Массех маза болу хьелаш бахьнехь, йуьхьанцарчу хьолехь иза ахфабрикат ларар нийса хир ду, цундела кийране дика тӀеэцийта кечдечу хенахь аьхьна цух туху буькъа шекаран шатӀ йа моз. Кечдечу хенахь тӀокепара масса дика иэйо. ЦкъаццӀа туху хьелийн йа ораматийн даьтта[1].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 3 4 ЧЕЧНЯ. Чеченский «взнос» в импортозамещение: чеченский "Сникерс" - "Вета (Виета)". checheninfo.ru (30 Nov 2022).
- ↑ Хазбулатов Б. А. Фитонимы в чеченском языке: Синхронно-диахронный анализ . — М., 2004. — С. 16. — 100 экз.
- ↑ Эдилов С. Э. Названия пищи в чеченском языке. Монография. — Грозный: ЧГУ. — P. 39. — ISBN 978-5-91127-176-3.
- ↑ Осмаев М.К. Чеченцы: обычаи, традиции, обряды. Монография . — Гр.: ЧГУ, 2015. — 181 с. — ISBN 978-5-91127-158-9.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 387.
- ↑ Нохчийн кхача: Вета. radiomarsho.com (2016).
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- Хазбулатов Б. А. Фитонимы в чеченском языке: Синхронно-диахронный анализ . — М., 2004. — С. 16. — 100 экз.
- Осмаев М.К. Чеченцы: обычаи, традиции, обряды. Монография . — Гр.: ЧГУ, 2015. — 181 с. — ISBN 978-5-91127-158-9.
- Эдилов С. Э. Названия пищи в чеченском языке. Монография. — Гр.: ЧГУ. — P. 39. — ISBN 978-5-91127-176-3.