Весели (Къилбаседа ХӀирийчоь)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Эвла
Весели
хӀир. Дæллагхъæу, оьрс. Веселое
Пачхьалкх

Росси

Федерацин регион

Къилбаседа ХӀирийчоь

Муниципалан кӀошт

Мазалкан кӀошт

Юьртан меттиг

Веселин

Координаташ

43°46′08″ къ. ш. 44°43′27″ м. д.HGЯO

Корта

Хубецов Сослан Анатольевич

Йиллина

1886 шарахь

ХӀордан сизал локхалла

138 м

Бахархой

860[1] адам (2010)

Къаьмнийн хӀоттам

хӀирий, оьрсий, гӀебартой, жӀайхой, гуьржий

Динан хӀоттам

керсталла, бусалба-суннийш

Бахархойн цӀерш

весёлахой, весёлахо

Сахьтан аса

UTC+3

Телефонан код

+7 86736

Поштан индекс

363706

Автомобилан код

15

Код ОКАТО

90 230 805 001

Код ОКТМО

90 630 405 101

Картан тӀехь
Весели картан тӀехь
Locator Dot2.gif
Весели картан тӀехь
Locator Dot2.gif

Веселое (оьрс. Веселое) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан кӀоштан юкъа йогӀу эвла. Муниципалан кхолламан «Веселин юьртан меттиган» административан центр.

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Эвла лаьтта Мазалкан кӀоштан къилбаседа-малхбален декъехь, «Бурунни» татолан къилбехьа. КӀоштан юкъан Мазалкан 7 км генахь ю, БуритӀе гӀалан 127 км къилбаседехьа ю.

Доза ду нах бехачу пунктийн лаьттанашца: Комарово а, Осетински а къилба-малхбалехь, Ново-Георгиевски къилба-малхбузехь.

Эвла лаьтта таьӀна ГӀебартойн акъарин йисттехь. Меттиган рельеф дукхаха ерг нийса ю, баьрзнаш а, шунаш а долуш цхьаццанхьа. Юккъера локхаллаш ю 138 метр хӀордан тӀегӀанал лекха.

Гидрографин маша эвлахь гайтина кӀезиг. Шовдан а, лаьттан бухара хиш а доцуш, эвлан къилбаседехьахула доьду «Бурунни» татол, цуьнца хи дуьллу эвлан юьртабахаман латтанашна.

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Климат барамера тӀуьна. Шеран юккъера хӀаваан температура хуьлу +10,5°С. ХӀаваан температура юккъера техка +23,5°С тӀиера июлехь, −2,8°С кхаччалц январехь. Шеран юккъера йочанийн барам хуьлу 520 мм гергга. Алсама хуьлу йочанаш майн тӀиера июль кхаччалц болчу муьран. Аьхке чекхйолуш сих-сиха бекъа-бовха мох хуьлу, хьоькху Каспиййистан аренан мехкашкара.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Весёли кӀотар кхоьллина 1886 шарахь кхуза кхелхинчу хӀираша. Дуьххьара кхуза хевшина ХубецовгӀеран, БалаевгӀеран, ДзидахановгӀеран, ГиоевгӀеран, ЦуциевгӀеран доьзалаш[2].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш эвлара 372 вахархо тӀеме вахара[3]. Ша эвла дӀалецира 1942 шо чекхдолуш цхьаьна баттана немцоша.

Бахархойн дукхалла[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхаллин хийцам
2002[4] 2010[4]
868 862

Сахьтан аса[нисъе | нисъе чухулара]

Map of Russia - Moscow time zone.svg

Кхузахь сахьт Москваца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]