Вернадскийн проспект (метрон станци, Сокольникин аса)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Вернадскийн проспект»
Moskwa Metro Line 1 out.svg
Сокольникин аса
Москохан метрополитен
Prospekt vernadskogo3.jpg
Лаьтта меттиг МАГ Вернадскийн проспект
Схьайиллина терахь 1963 шеран 30 декабрехь
Проектан цӀе ДӀавоьдийла 3756
Тайпа Жима йилларан колоннийн кхаа некъан
Йиллина кӀоргалла, м 8
Платформийн дукхалла 1
Архитекторш И. Г. Таранов, Н. А. Быкова
Станци йоьгӀна Мосметростройн СМУ-7 (куьйгалхо Ю. Павлов)
Станцешка дӀехьаволийлаш Вернадскийн проспект[d]
Урамашка хьалаволийла Вернадскийн проспект, Удальцовн урам, Кравченкон урам
Станцин код 018
Лулара станцеш Университет[d], Къилба-Малхбузен[d]
Click to Shrink Back
Сокольническая линияЗамоскворецкая линияАрбатско-Покровская линияКольцевая линияКалужско-Рижская линияКалужско-Рижская линияТаганско-Краснопресненская линияКалининская линияСолнцевская линияКалининско-Солнцевская линияСерпуховско-Тимирязевская линияСерпуховско-Тимирязевская линияЛюблинско-Дмитровская линияЛюблинско-Дмитровская линияБутовская линияМосковский монорельсМосковский монорельсМосковское центральное кольцоТроицкая линияБольшая кольцевая линияБольшая кольцевая линияБольшая кольцевая линияБольшая кольцевая линияНекрасовская линияБольшая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Некрасовская линияФилёвская линияФилёвская линияФилёвская линияMoscow metro ring railway map ru sb future.svg

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

«Верна́дскийн проспе́кт»москохан метрополитенан Сокольникин асанан станци. Лаьтта «Университет» а, «Къилба-Малхбузен» станцешна йукъахь. Лаьтта Москохан Малхбузен административан гуонан «Вернадскийн проспектан кӀоштахь».

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Станци схьайиллина 1963 шеран 30 декабрехь Кировн-Фрунзен аса къилба-малхбузехьа, «Университет» — «Къилба-Малхбузен» декъан йукъара «Университет» станцин тӀекхаччалц яхъеш (хӀинца — Сокольникин аса). Иза йинчул тӀаьхьа Москохан метрополитенехь 68 станци хилира.

Станцин цӀе елира Вернадскийн проспект цӀарах, ткъа цунна цӀе йелла оьрсийн академикан, минералоган, геохимикан Вернадский Владимира Ивановичан цӀарах (1863—1945).

Вестибюлаш а, кхечу тӀе хоуьйлуш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Станцин шиъ араволийла ю. Ангали тоьхна латтан тӀехулара къилбаседан павильон 2001 шарахь чухӀоттийна махлелоран центран, метро чуьра араволуш аьрру агӀора лаьтта Октябран 50 шо кхачарна лерина парк, цунна йукъахула Раменки кӀошта а, Мичуринан проспект тӀе а боьду гӀашлойн некъ бу. Къилбахьара латтан тӀехулара вестибюль дӀатоьхна ю латтан бухара дехьабовлиллаца Вернадскийн проспект бухахула (масех араволийла ю кинотеатр «Звёздни» а, йоккха автобусан социйла а йолчу).

Станцин дехьавала йитина меттиг ю залан юккъехь. 1965 шеран метрополитен кхиоран тӀаьхьалонан схемица Удальцовн ураман дохаллийца (цхьаьна агӀора) план яра Боккха хӀозан аса йилла, цундела яран муьрехь станцин бухахула йина монолитан дехьабовлийла лаха Боккха хӀозан станце (иштта кечам лелийра «Каховски» а, «Севастопольски» а станцешна йукъахь дехьабовлийла ечу муьрехь)[1].

ХӀинца юьллуш ю иштта цӀе йолу проектера станце Боккха хӀозан асане дехьабовлийла. ДӀаелла ойла ю 2021 шарахь. Керлачу станцин шинне а агӀора лаьтта бухара вестибюлашка йоьду кхоккха эскалатор хӀотто ойла ю[2][3].

Станци терхьашца[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Станцин код — 018.
  • 2002 шеран мартехь пассажираш леларан барам хилира: чубахкарца — 69,7 эзар стаг, арабовларца — 71,2 эзар стаг динахь-буса[4].
  • Пассажираш чубахийта станци дӀаелларан хан 5 сахьт 35 минот, станции дӀакъовларан хан буса 1 сахьт даьча[5].
  • Станцехула хьалхара цӀерпош чекхйолу хенан таблица[6]:
Шала терхьашкахь Белхан
денош
Мукъа
денош
Шалза терхьашкахь
Станцин агӀорхьа
«Университет»
05:49:00 05:49:00
05:44:00 05:44:00
Станцин агӀорхьа
«Къилба-Малхбузен»
06:00:00 06:03:00
05:58:00 05:58:00

Техникин амал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Станцин конструкци — жима йилларан колоннийн кхаа некъан (йилларан кӀоргалла — 8 метр). Йина типови проектаца. Станци лаьтта Вернадскийн проспектан бухахь.

Станцехь ши могӀа квадратан колоннаш ю, хӀораннехь 40 йолуш. Шина колоннан йукъ — 4 м. Колоннин могӀанин семанийн йукъ — 5,9 м.

Кечъяр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Колоннаш кечйина кӀайн уралан можо бос беттало мармарца. Некъаца долу пенаш кечдина сир диллина кхийран экъанца: лакхе — можа, кӀайн, айсийна бесара, лахе — Ӏаьржа. ЦӀенкъа йиллина сира а, Ӏаьржа а мокхазца. Стогарш къайладаьхна пӀендакепара тхьевна чохь.

Къилбаседа вестибюлехь хӀоттийна скульптора Виленский Зиновий Моисеевича йина Вернадский Владимир Ивановичан мармаран бюст.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Пересадка с «Проспекта Вернадского» на ТПК. Теллина 2015 шеран 7 июнехь. На странице блогера приведена отсканированная страница из журнала «Метрострой» № 1 1964 года. Степень достоверности неизвестна.
  2. Воронов А. Большую Москву ставят на рельсы (оьр.). Ъ-Газета (2011, 28 октябрь). Теллина 2011 шеран 18 ноябрехь.
  3. Гитман Е. Я. Фрунзенский радиус продолжен // Метрострой. — 1964. — № 1.
  4. Исследование пассажиропотоков, проведенное в марте 2002 года. (оьр.). Московское метро — Проект Артемия Лебедева. Теллина 2017 шеран 24 мартехь.
  5. Режим работы станций и вестибюлей(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 17 ноябрехь. Теллина 2014 шеран 13 августехь.
  6. ЦӀерпоштийн раж. ПКхП «Москохан метрополитен».