Вайнах (телеканал)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Вайнах (телерадиокомпани) дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГТРК Вайнах
Филиал ФГУП ВГТРК ГТРК «Вайнах»
Пачхьалкх Росси
Болх баран зона Нохчийчоь
ГӀалгӀайчоь
Болх баран хан 1959
Къамел даран мотт оьрсийн, нохчийн
Урхаллин меттиг Росси, Соьлжа-ГӀала
Каналан тематика дукхаха керланаш
Сайт gtrkvainah.tv

«Вайнах» — «Россия» телеконцернан Нохчийн Республикехула йолу филиал. Нохчийчоьнан филиалан къайогӀуш ю Россия 1/Вайнах, Россия 2/Вайнах, Россия К/Вайнах телевизионни кепаш а, Радио России/Вайнах радио а. Нохчийчуьра Вайнах телекеп Къилбаседа Кавказехь уггаре а шира ларалуш ю. Амма даиман а цхьана цӀарца ца бина цу телекепо болх.

Цуьнан хилла дукха цӀерш (масала ЧИГТРК, Чеченская Республика, Низам, ЧГТРК, иштта дӀа кхин а). Цу телекепан сигнал лоцуш ю Нохчийчоьнан муьлхха а меттехь.

Ткъа 2014 шо долалуш, Нохчийчоьнан леринчу цифровой телетӀоьрмиган хьалхарчу мультиплексан юкъа а тоьхна иза, шен цӀе Россия + Вайнах а йолуш. Иза цу канал тӀехь эфире йолу сарахь масех сохьтан. Ткъа дийнахь меттигера керланаш а бовзуьйту цо нохчийн бахархошна.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]