Буьччалгийн Iаьржа ун
| Буьччалгийн laьржа ун | |
|---|---|
| Цомгашниг чоьжан буьччалгашца | |
| МКБ-11 | 1B93.0 |
| МКБ-10 | A20.0 |
| МКБ-10-КМ | A20.0 |
| МКБ-9 | 020.0 |
| МКБ-9-КМ | 020.0[1][2] |
| DiseasesDB | 14226 |
| MedlinePlus | 000596 |


Буьччалгийн Ӏаьржа ун — адамехь уггар даьржина laьржа уьнан тайпа,къаьстинчу меттанашкахь бен ца хуьлу, мукадехкаш тӀeхь декхачу сеглаш чохь йолчу Yersinia pestis бактерино (адамашна а тӀeйовла мегаш йолу) ден чӀогӀа цамгар. laьржа ун йукъадогӀуш ду къаьстинчу чӀoгӀaчу уьнан цамгаршна йукъе.
Цуьнан цӀe йаьлла йуккъерчу бӀeшерийн заманехь laьржа уьнан коьрта билгало буьччалг хила дела[3].
ХӀoтторхоша мел кӀeзга шайна буьччалгаш гина аьлла йолу лоьраллин хьостанаш йу Ширачу шуренан заманера. Трааьна паччахьан заманехь Эпесехь Ӏийначу Рупуса сурт xloттийнера цул ширачу лоьрашна тӀe а товжуш (церан цӀeраш вайга схьа ца кхаьчча) буьччалгийн laьржа уьнан цамгар кхетаршна Шемехь а, Мисарехь а, Ливехь а[4][5].
Уьнахдалар а, цуьнан билгалонаш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Буьччалгийн laьржа ун кхуьу чкъорахула цамгар кхетуьйтург чекхйаларца(хила-м уьнахбаьллачу сагало къовзор хила деза, амма хила тарло уьнахбаьллачу мукадахко а, йа кхийолчу дийнато а дича цамгар кхетар), билгало йу екхоаш лазаме йестар «буьччалгаш» йеша, дукхахьолахь — чоьжан йерш, наггахь — тӀoмакӀeларнаш, цуьнца хуьлу хорша. Къайле мур бу 2—6, наггахь 1 — 12 де[6].
Хила тарло laьржа ун уьнан пехийн лазаро чӀaгӀдар, цо кхуьуйту пехийн тайпа ун а, кхидӀa xlaваэхула цамгар даржор а.
Адам делча loжалла тӀeкхачале цхьажимма хьалха цамгар септийкачу тайпане доьрзу, кхуьу laьржа уьнан бактериеми, цо ун даржадойту ша цомгашчуьнца уллехь лелча а, сеглехула а даржадойту (и бакъдо xӀинцалерчу дийнаташ тӀeхь зераша а )[7].
Уггар термера цамгар даржоран некъ бу «мукадахка — сагал — адам», амма хьалхалера даьржина ун долчу хенахь уьнан хьоста хила мегара буьччалгийн тайпа laьржа ун кхетта цомгашниг, тӀaккха цамгар даьржара «адам — сагал — адам» некъаца (цунах олура «laьржа уьнан дойъана»[8]).
- ↑ база данных Disease ontology (инг.) — 2016.
- ↑ (unspecified title) — 2018-06-29 — 2018.
- ↑ Супотницкие, 2006, с. 92.
- ↑ Супотницкие, 2006, с. 7.
- ↑ Милан Даниэл, 1990, с. 106.
- ↑ Бубонная чума. Независимая газета. ТӀекхочу терахь: 2008 шеран 7 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 18 декабрехь
- ↑ Супотницкие, 2006, с. 303.
- ↑ Супотницкие, 2006, с. 177,246.