Бусалбаллин дашо зама
Бусалбаллин дашо зама, наггахь Бусалбалла йуха денйалар, Бусалбанаш йуха денбалар[1][2] — гушламан мур гергга 8-чу бleшеран йуккъера 13-чу бleшеран йуккъе кхаччалц, цуьнан йуьхьехь laьрбийн халипат шайн хенахь уггар йоккха пачхьалкх йара. Халипатан дозанашкахь xlоттайелира и йоьхначул тlaьхь а хир йолу бусалбанийн йукъара оьздангаллин шорте. Цундела бусалбанийн lилманчаша а, йаздархоша а, исбаьхьаллин ардоша а кху билгалбаьккхинчу муьрехь шуренан оьздангалла а, lилма а кхиорехь ладаме дакъалацар дира.
Говард Тоьрнера йаздо : «бусалбанийн суртдиллархоша а, lилманчаша а, белхалоша а, элаша а кхоьллинера xlop нана-латтанехь лач а, вуьштта а laткъам беш башха оьздангалла ».
«Бусалбалла йуха денлчуехь» кхиънера математика а, медицина а, пилосопи а, пизика а, хими а, кхидолу lилманаш а. Негlaн Испанхойн махкара Шалгloйн махке дуьйна дlaкхочуш бусалбаллин оьздангалло схьаийцира шай чу тайп-тайпанчу динашкара а, къаьмнашкара а болчу lилманчийн кхиамаш. Цо кхиадора ширачу мисархойн а, желтойн а, римлойн а lилманаш, кхиамаш баха ма баьхха Дендаларан заманна бух буттуш.
- ↑ Joel L. Kraemer (1992), Humanism in the Renaissance of Islam, p. 1 & 148, Brill Publishers, ISBN 90-04-07259-4.
- ↑ Минеев В. В. Введение в историю и философию науки, с.325