Бурбулис, Геннадий Эдуардович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бурбулис Геннадий Эдуардович
оьрс. Геннадий Эдуардович Бурбулис
Бурбулис Геннадий Эдуардович
Бурбулис Геннадий 2011 шарахь
Российн Федерацин Федералан гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо
2001 шеран 2 ноябрь — 2007 шеран 16 ноябрь
Когаметтаниг Коровников А. В.
Российн Федерацин Президент волчура Пачхьалкхан секретарь
8 май — 1992 шеран 26 ноябрь
Президент Ельцин Борис Николаевич
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг дарж дӀадаьккхина
РСФСР Правительствон Председателан хьалхара гӀовс
1991 шеран 6 ноябрь — 1992 шеран 14 апрель
Президент Ельцин Борис
РСФСР Пачхьалкхан секретарь
1991 шеран 19 июль — 1992 шеран 8 май
Президент Ельцин Борис
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг дарж дӀадаьккхина

Вина терахь 1945 шеран 4 август({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (76 шо)
Парти ССКП (1971—1990)
Дешар
Ӏилманан цӀе доцент[d]
СовгӀаташ
RUS Medal In Commemoration of the 850th Anniversary of Moscow ribbon.svg RUS Medal In Commemoration of the 300th Anniversary of Saint Petersburg ribbon.svg RUS Medal In Commemoration of the 1000th Anniversary of Kazan ribbon.svg SU Medal Twenty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg
Болхбаран меттиг
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь
(аудио)
Г. Э. Бурбулисан дӀайаздина аз
«Эхо Москвы» интервьюра
2006 шеран 9 ноябрь
Медиафайлаш лакхитарна гӀо

Бу́рбулис Генна́дий Эдуа́рдович (вина 1945 шеран 4 августехь, Первоуральскехь, Свердловскан область, ССРС) — советийн а, российн а пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо. Ельцин Борисан президенталлин йуьххьехь цуьнан герггарчех нийсархойх цхьаъ. 1991—1992 шерашкахь Пачхьалкхан секретаран а, Российн Правительствон председателан хьалхара гӀовсан а даржехь вара. РСФСР агӀора дакъа лаьцна Беловежски барт беш. I а, II а кхайкхаман РФ Пачхьалкхан думин депутат (1993—1999). Новгородан областан вице-губернатор (2000—2001), Федерацин Кхеташонан регионера декъахо (2001—2007).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара шераш а, дешар а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1945 шеран 4 августехь Первоуральскехь. Нана — Белоногова Валентина Васильевна. Да — Бурбулис Эдуард Казимирович. Деда, Казимир Антонович Бурбулис, кхелхина Урале Литвара 1915 шарахь.

1962 шарахь чекхйаьккхира йуккъера ишкол, балха хӀоьттира Хромпикан заводе КИП слесарь, ткъа цул тӀаьхьа Первоуральскан керла биргӀанийн заводе вахара.

1964 шарахь дуьйна — баккъал а долчу тӀеман гӀуллакхехь ву ракетийн эскаршкахь.

1969 шарахь деша хӀоьттира, ткъа 1973 шарахь чекхйаьккхира Уралан пачхьалкхан университетан философин факультет.

Карьерин йуьхьиг[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССКП декъахо 1971 шерера 1990 шо кхаччалц.

1973 шарахь дуьйна, 10 шарахь, хьийхира диалектин материализм, марксистийн-ленинан философи, Уралан политехникин институтехь. Доцент, философин Ӏилманийн кандидат. 1983—1989 шерашкахь хилла Свердловскера Бесара металлургин министраллин Йерригсоюзан говзанчийн квалификаци айаран институтан йукъараллин Ӏилманийн кафедрин куьйгалхо, Ӏилманан а, методикин а белхан агӀора директоран гӀовс.

Перестройка[нисйе бӀаьра | нисйе]

Перестройкин йуьххьехьССКП гӀалин комитето къобал дарца кхоьллира Свердловскехь политикин клуб «Дискуссин трибуна». Трибунин гуламаш хилира 1987 шеран майра 1989 шеран январь кхаччалц а, 1990 шеран 26 сентябрехь а. Бурбулис хилла Трибунин Кхеташонан председатель[1]. Актив Трибуны сотрудничал с Свердловским областным комитетом КПСС[2]. Трибуна чӀогӀа уьйр йара «Хаар» йукъараллица (цуо йелира Трибунин Кхеташонна шен хӀусам), Йерригроссийн историн а, оьздангаллин а иэсаш ларйаран йукъараллица, Йерригсоюзан философин йукъараллица, ткъа кхин а кхоллараллин берташца[3]. Трибунин Кхеташо (иза лаьттара меттигера интеллигенцин векалех, царна йукъахь бара дуккха а философаш-марксисташ) гуллора хӀора кӀирнах. Гуламан чоь хоржура ССКП Свердловскан гӀалин комитето, луъург чу а вуьтура[3]. Хьалхара гуламехь дийцира Свердловскан историн а, оьздангаллин а иэсех лаьцна. Трибунин партин куьйгалхошца йолу йукъаметтиг тайп-тайпана йара. ССКП гӀалин комитето лора Трибунин чоь[3]. Амма 1987 шеран гурахь, 21 октябрехь, Б. Н. Ельцин ССКП Пленумехь коммунистийн партин цхьацца куьйгалхой йемалбеш вистхилар бахьнехь Трибунин цамагийра Октябран революцин 70 шо кхачарна лерина дийцарш дан[3]. 1988 шарахь оьздангаллин баланашна тӀера Трибуна дехьайелира политикин белхашка. 1988 шеран январехь дийцира демократизацех а, харжамех а болу белхах лаьцна[3].

Классан чин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. В споре рождается позиция // Уральский рабочий. 26 марта 1988 года
  2. История Урала. XX век. / Под ред. Б. В. Личмана. — Екатеринбург: СВ-96, 1998. — С. 297.
  3. 1 2 3 4 5 Пилар Бонет. Невозможная Россия. Борис Ельцин, провинциал в Кремле // Урал. — 1994. — № 4
  4. Указ Президента Российской Федерации от 6 мая 2008 года № 711 «О присвоении классных чинов государственной гражданской службы Российской Федерации федеральным государственным гражданским служащим Аппарата Совета Федерации Федерального Собрания Российской Федерации» Архивацийина 15 майхь 2008 шеран.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]