Буддизм ХӀиндехь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Килс Махабодхи, Будда Гаутаман дахарера еаннах цхьа еза меттиг. Оцу меттигера хьалхара килс йина хилла император Ашокан заманахь, III бӀешарахь, ткъа хӀинца ерг — V—VI бӀешерашкахь. Махабодхи — Гуптан Империл тӀаьхьара буддийн килсанех ХӀиндехь йисина уггаре хьалхарчех цхьаъ ю, ерриг а йоьттина кибирчигех[1]
ХӀинди ХӀиндин истори
Emblem of India.svg
Шира ХӀинди
Исторел хьалхара ХӀинди
ХӀиндан цивилизаци
Ведийн цивилизаци
Дин, Варнаш, Махаджанападаш
Маурийн импери
Экономика, Буддизм даржар,
Чанакья, Сатавахана
Дешийн бӀешо
Ариабхата, Рамаяна, Махабхарата
Юккъера бешерийн ХӀинди
Гурджара-Пратихара
Пала
Раштракуташ
Говзалла, Философи, Литература
Делин султанат
Виджаянагаран импери
Музыка, Нанак, Ислам ХӀиндехь
Сийлахь Моголийн импери
Архитектура, Заминднар
Маратхийн пачхьалкх
Таханлера ХӀинди
Компанин бакъонаш
Гастингс Уоррен, 1857

Британин ХӀинди

Хийцамаш, Бенгалин Юхаденъяр,
Къоман-маршонан болам,
Махатма Ганди, Бос Субхас Чандра

Ков «ХӀинди»

Буддизм кхоллаелла ХӀиндин къилбаседехь. Иза кхоьллинарг — Сиддхартха Гаутама, Будда («самваьккхинарг») Шакьямуни («Шакья тайпанера хьекъалча»). Буддан Ӏилма уггаре чӀогӀа къегира Бимбисара, Ашока, Менандер I, Канишка паччахьийн урхаллин хенахь, цара дола а деш. Оцу хенахь иза чукъаьчнера дукхаха долчу луларчу а, генарчу а мехкашка, царна йукъахь ю Цийчоь, Корей, Япон.

ХӀиндин бусалбанаш 712 шарахь чубаьхкинчул тӀаьхьа буддизм йожа йолаелира шен даймахкахь[2]. XIII бӀешарахь цуо чаккхенца йохайо шен меттиг, цунна новкъарло йо «хӀиндуистийн ренессансо». Буддистийн ладаме барам бисира Гималайхь: Ладакхехь, Аруначал-Прадешехь, Сиккимехь. Тахана буддисташ лору 0,7 % хӀиндихой[3][4].

Сиддхартха Гаутама[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ашока чакра — Дхармачакран суьртех цхьаъ — Дхарман чкъургаш. Йиллина хӀинцалерачу ХӀиндин байракх тӀаьхь

Сиддхартха Гаутама лору буддизман коьрта бух биллинарг. Сиддхартха ширачу ХӀиндин олаллин элан кӀант вара, аьлча а иза вара варне кшатрешкара[5].

Синмехаллин новкъа хӀоьттина, Сиддхартха Гаутама, медитаци еш Бодхи диттан кӀела Бодх-Гая меттигехь, кхечира Серло. Самваьлча, цуо дийцина дуьненна сансарах мукъадовларан хьесапех, аскезан а, гедонизман а йистех къаьхкаш — юккъера некъ харжа.

Буддан дола дина Магадхин урхалчо, паччахьо Бимбисарас. Паччахьо буддизман доладеш омар делла шортта «вихараш» (буддийн килс) ян. Килсаш дукха хиларна, регионан тӀаьхьа цӀе тиллина Бихара[5].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Mahabodhi Temple Complex at Bodh Gaya: UNESCO World Heritage Site.
  2. Канаева Н. А. Буддизм в Индии // Буддизм: словарь. — М.: Республика, 1992. С. 55.
  3. Буддизм. Etnolog.ru. Теллина 2010 шеран 27 августехь.
  4. Индия, Республика Индия. Географический справочник. Теллина 2010 шеран 27 августехь.
  5. 1 2 India by Stanley Wolpert (Page 32)

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]