Бугаев Ӏабдулла Махьмудан воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бугаев Ӏабдулла Махьмудан воӀ
Вина терахь 1949 шеран 1 январь({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (75 шо)
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче истори
Белхан меттиг Нохчийн Республикин Жима хьуьнараллин гӀо лоцу фонд
Ӏилманан дарж историн Ӏилманийн кандидат
Альма-матер Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет

Бугаев Ӏабдулла Махьмудан воӀ (1949 шеран 1 январь, Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика) — нохчийн Ӏилманча, йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина вайнах махкахбаьхначу хенахь Кхазакхстанехь. 1967 шарахь дуьйна болх бира хьашташ кхочушдаран кооперацин системехь, цул тӀаьхьа эскаран гӀуллакхехь вара. Чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет, цул тӀаьхьа аспирантура ССРС ӀА ССРС историн институт. Историн Ӏилманийн кандидат.

1978—1993 шерашкахь хьехархо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет. 1990 шарахь хаьржина Нохч-ГӀалгӀайчоьнан халкъан депутат. 1991 шо кхаччалц вара Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Лакхара Кхеташонан къоман политикин а, къаьмнашна йукъара йукъаметтигийн а гуттаренна комиссин председатель. 1991 шарахь дуьйна, Ӏедале Дудаев Джохар веинчул тӀаьхьа, куьйгалла дира антидудаевн оппозицин.

1993—1994 шерашкахь дийшира Российн Федерацин Правительствера Халкъан бахаман академехь. 1995—1996 шерашкахь вара Нохчийн Республикин Правительствон председателан хьалхара гӀовст Завгаев Доккин правительствехь. 1996 шеран июлехьхьаьржира Нохчийн Республикин Халкъан гуламан депутат Шуьйтан кӀошт тӀера.

Завгаевн Ӏедал доьжначул тӀаьхьа дийзира москоха дӀакхалха. 1996—2000 шерашкахь болх бира москохан цхьаьна фирмехь. 2000 шеран июнера 2001 шеран февраль кхаччалц вара Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьалхара гӀовс.

Цул тӀаьхьа хилира Къилба федералан гуонера Президентан йуьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан белхало, хилира Президентан йуьззина бакъонаш йолчу векалан коьрта федералан инспектор а, хьехамча а. 2003 шарахь Нохчийчоьнан президентан дарже йукъатеттира шен кандидатура. 5 октябрехь хиллачу харжамашкахь 5,8 % харжамхойн кхаж тесира, кандидаташна йукъахь шолгӀачу меттигехь вара. Хаьржинчу президентан А. Кадыровн кхаж тесира 80,84 % харжамхоша.

2004 шарахь йуха а йукъатеттира шен кандидатура Нохчийчоьнан президентан дарже. ХӀинца президент хаьржира Алханов Ӏалу[1].

ХӀинца ву Нохчийн Республики Жима хьуьнараллин фондан урхаллин председатель. «Йукъара Росси» партин декъахо.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Избирком Чечни: Обойдемся без второго тура. grani-ru.appspot.com (2004 шеран 30 август). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 август. Архивйина 2017-08-23 — Wayback Machine

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]