Чулацаман тӀегӀо

Британин антарктикин экспедици (1901-1904)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Британин къоман антарктикин экспедици
Экспедицин кема — барк «Дискавери» Ӏадоккхийлехь
Экспедицин кема — барк «Дискавери» Ӏадоккхийлехь
Куьйгалхо Скотт Роберт
Декъашхойн барам

47 стаг, царна йукъахь:

Мероприяти дӀайахьаран терахь 1901 шеран 30 июль
Йохалла 1904 шеран 10 сентябрь кхаччалц
Организатор  Йоккха Британи
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

1901—1904 шерашкара Брита́нин къо́ман анта́рктикин экспеди́ци (инг. British National Antarctic Expedition, 1901–04), кхин а йевза «Диска́верин» экспеди́ци (инг. Discovery Expedition)[1] аьлла — Антарктиде йоьду британин шолгӀа экспедици, кечйина 60 шо сов хан йукъайоьлча. Цуьнан Ӏалашо хилла комплексехь талла оцу заманахь йевзаш йоцу Дуьненан континент. Экспедицин кема — барк «Дискавери» — дуьххьала леррина британин Ӏилманан-талламан белхашна дина кема. оцу экспедицехь теллира Адэр меран тӀера Китан бухте кхаччалц Антарктидин Россан хӀордан бердаш. Британин командо гулбира физикин географин, биологин, геологин, метеорологин, дуьненан магниталлин областера шуьйра Ӏилманан хаамаш. ДӀайиллира антарктикин оазисаш, кхин а Крозье меран тӀера[en] пингвинийн колонеш. Салазца некъ бина кхечира 82°11′ къилба шоралле.

Экспедицин пропагандист а, коьрта йархо а хилира Паччахьан географин йукъараллин президент сэр Маркэм Клементс, и болх цуо лелош бара 1893 шарахь дуьйна, цуьнга 50% харж пачхьалкхе тӀелацайалийтира. Экспедицин хьаькам цуо аларца хӀоттийра тӀеман хӀордахо Скотт Роберт. Командехь бара, тӀаьхьа Антарктикин гӀарабевлла талламчаш хилла, Шеклтон Эрнест Генри, Уилсон Эдвард Адриан, Уайлд Фрэнк. Полюсашкахь зиеделла экспедицин декъахой бара шолгӀа гӀоьнча Альберт Армитедж, лор Реджинальд Кётлиц, цуо дакъа лаьцнера Францан-Иосифан Латта толлуш, физик Луис Бернакки, экспедицин йукъатуьйхира тӀаьххьара, и цхьаъ бен вацара хьалха Антарктидехь хилла. Амма царна Скотт Роберте бийца йукъара мотт ца карийра, шайн зиеделларг дӀа ца даладелира.

«Дискаверин» экспедици ладаме историн мур бара британи Антарктике чуйахаран, амма цуо гайтира тӀеман хӀордахойн Норвегин талламчийн долчул зиеделларг а, кхиамаш а ца хилар: ингалсхоша тергал ца дира лыжаш а, дужу жӀаьлеш а лело дезар.

«Дискаверин» некъбаран тӀаьхье хилира 1907—1908 шерашкахь «Нимрод» тӀехь йина Шеклтонан экспедици (иза кхечира Къилба полюс тӀе 180 км) а, 1911—1913 шерашкара Скоттан шолгӀа экспедици (барк-кема «Терра Нова») а, оцу экспедицехь ингалсан команда кхечира Къилба полюсе, йухабогӀуш берриш белира 1912 шеран мартехь.

Хьалхара истори[бӀаьра нисйан | нисйан]

50° къ. ш. гена дуьххьара ваьлла талламча хилла Кук, Джеймс. Шен 1772—1774 шерашкара шозлагӀа дуьненан гуо тосу новкъахь иза герга вахна пакан шенна. 1773 шеран 17 январехь Кук хӀордан новкъахойн исторехь дуьххьара дехьаваьлла Къилба полюсан гуон, амма, 67°15′ къ. ш. кхаьчча, Ӏоттавелира чекхвалалур воцучу шах[2]. 1774 шеран январехь Кук кхечира 71°10′ къ. ш., амма кхузахь а сацийра пакан шеш. Къилба материк хилар цуо харц ца дора, амма хетара хӀордахой цига кхачалур бац аьлла:

«…Къилба материкан доккхаха долу дакъа (нагахь иза йелахь) латта деза полюсан областехь къилба полюсан гуонна лакхахь, ткъа цигахь хӀорд чӀогӀа люста ша болуш бу, латтан тӀе кхача ца ло. Цигаш леларан кхерам чӀогӀа боккха бу, соьлла гена цхьа стаг вахалур вац кхин дӀа къилбехьа. Кхин дӀа къилбехахь долу латтанаш цкъан а толлур дац»[3].

И ойла харц йира тӀаьхьа догӀучу талламхойн чкъоьро. XXI бӀешеран географин Ӏилманехь лору, 1819—1821 шерашкахь Антарктида цхьана хенахь дӀайиллина Россера, Йоккха Британера, АЦШра кхаа хӀордахочо: Беллинсгаузен Фаддейа, Брансфилд Эдварда, Палмер Натаниэла. Т. Бомэна[en] тидам бира, и чӀогӀа сийлахь го, Антарктидин дуьненайукъара статусе хьаьжча. Цул сов, Беллинсгаузен цхьаьнакхийтира Палмерца Къилба Шетландин гӀайренаш тӀехь, ша волчу «Малхбале» цӀе йолчу шлюп-кеманна тӀе хьошалгӀа а кхайкхира[4].

Росс Джеймсан парадан сурт

Оцу шораллашкара Хьалхара британин экспедици хилира 1839—1843 шерашкахь куьйгаллехь сэр Росс Дж. волуш, цуьнан Ӏалашо йара Дуьненан Къилба магнитан полюс. Экспедици йахара «Эребус» а, «Террор» а кеманаш тӀехь. Росса шен дагахь доцуш дӀабиллира ца бевза хӀорд, иза бахбеллера къилбехьа 500 миль, 1841 шеран 11 январехь цунна гира Сабин лаьмнаш а, Адэр мара а (Викторин латта тӀаьхь). Россан коьрта белламаш хилира Россан хӀорд, Россан шельфан ша, Мак-Мердо хидоькъе. ТӀаьхьа Россан цӀе тиллина гӀайрен тӀаьхь, карийра тӀаплаьмнаш, царна кеманийн цӀераш техкира Эребус а, Террор а аьлла. 1842 шеран февралехь цуьнан аьтту белира 78°10′ къ. ш. кхача, дикка нийса билгалйаккха оцу заманара магнитан полюс лаьтта меттиг. Цуо дӀайиллина кӀошт хилира британин тӀаьхьа хилла экспедицийн аре[5]. Амма даймахкахь Росс шийла тӀеийцира, кхин а 60 шо дийзира адамаш шеш теллина латтанаш йухадаха[6].

1895 шеран январехь бен йуха ца биссира Адэр мере норвегин киташдойурш[7]. 1899 шеран февралехь Карстен Борхгревинк британин-норвегин экспедицин йукъахь «Къилба жӀар» кеманна тӀехь биссира Адэр мере, цигахь Ӏа даьккхира — иза Антарктидехь дуьххьара Ӏа даккхар ду[6]. 1899—1900 шерийн къилбан аьхка иза вахара шалам тӀе, кхечира 78°45' къ. ш. Геолого Пристли Реймонда, 1911 шеран Ӏойлехь теллина и меттиг, йаздира, шен карийна цигах Ӏаламат дукха тӀеман сурсаташ, цхьанне хуийла дацара, хӀун кхераме хӀумнаш теллина боцучу бердаш тӀехь[8].

1895 шеран аьхка Лондонехь хилира VI дерригдуьненан географин конгресс, иза йира Паччахьан географин йукъараллин председатело сэра Клементс Маркэма шен караэцарца. Конгрессехь башха хьевсира къилбаполюсан регионаш талларан балхе, дуьненан горгаллин талланза тӀаьххьара маьӀиг йолун дела. 1895 шеран 1 августехь конгрессан хийшамашкахь гучувелира Борхгревинк Карстен, амма цуьнан хаам тӀех гӀуо тӀеийцира дукхаха болчу гулбеллачара. Шен резолюцехь конгресс реза хилира цуьнан, Антарктидин чоьхьара кӀошташ талларан йуьхьанцара база Адэр мерехь хила йеза, бохучу жамӀаца. Циггахь дуьйцура:

Борхгревинк Карстен Антарктидехь 1900 шеран Ӏа доккхушу

Антарктика таллар берриг ца бинчу географин талламех ладаме берг бу, цуо керлачу хаарех дузур ма ду дерриг аьлча санна Ӏилманан дакъош. Конгрессо Ӏилманан йукъараллашна хьехар ло дерриг дуьненахь кхайкхам бе и болх бӀешо чекхдалале бе шайна эвсара хетачу агӀор[9].

ТӀаккха а хӀоттийна Ӏалашо кхочуш ца йира[10]. Антарктида йуьсура уггаре кӀезиг Ӏамийна континент: XIX бӀешеран новкъахоша 13 % сов бердйист бен ца теллира (хӀинцалера картица дуьстича), ткъ картин тӀедаьккхина 360 миль латта бен дацара, и болх бинера Росс Джеймса шен цӀарах хьордан секторехь[11].

XX бӀешо долалуш дуьненахь хаъал денйелира антарктикин регионех йолу ойла. Цуьнан бахьна Э. Черри-Гаррарда иштта дуьйцура:

«Коьрташ чохь ойла латтара, оццул йоккха материко, дерриг Къилба эхиган хенан-хӀоттаман Ӏаткъам бан таро йу олий. <…> Къилба магнитан полюсан гуонахьара кӀошт гора комаьрша аре санна эксперименташна а, тидамашна а. Оцу латтан историн… дерриг дуьненан горгалан геологин историн къовсам боцуш ойла тӀейогӀуьйтура, ткъа латта кхолладалар Ӏаморо а, шен лелар Ӏаморо а физикин географин говзанчин алсама гойтура дуьненан муьлхха регионал сов, — Антарктикехь цуьнга тидам бан лора хӀора дийнан а, хӀора сахьтан а хийцамийн, шабаран муьрехь дерриг дуьненахь хилларг толлуш…»[12].

1901 шарахь цхьаьна хенахь аьлча санна йахара масех экспедици. Германин Эрих фон Дригальскийн экспедици йахара ХӀиндин Ӏапказан бердашкара Антарктикин секторе. Норденшёльд Отто коьртехь вара шведийн экспедицин, цуьнан Ӏалашо йара Грейаман Латта[Билг. 1], ткъа французийн Шарко Жан-Батистин экспедицин Антарктикин ахгӀайре талла ойла йара. ТӀаьххьара, шотландин талламхо Брюс Уильям Спирс экспедицица вахара Уэдделлан хӀорд чу[13].

Географин белламашна долу маьӀна[бӀаьра нисйан | нисйан]

Stielers Handatlas[en] (Gotha, 1912) тӀера Антарктикин карта. Лахарчу маьӀӀера чухӀоттам тӀехь гайтина 1902—1904 шерашкара Скоттан а, 1908—1909 шерашкара Шеклтонан а маршруташ

«Дискаверин» тӀехь экспедицис бина некъан географин бохалла боккха бац: салазийн партийн декъахой некъ бира 1680 км, амма цунах картографи ца йира 320 км[14]. Бомэн йаздина, «дерриг цхьаьна и дика жамӀ дац Ӏилманан кеманна 51 000 фунт харж йаллал. Изза ду лакхарчу шораллашкахь Ӏапказан программа кхочушйарна»[15]. «Дискавери» йухадирзинчул тӀаьхьа дукха хан йалале Свердрупан ингалсан гочехь Элсмир гӀайрен тӀе некъбарах жайна араделира. Шайн экспедицехь норвегихоша лыжаш а, жӀаьлеш доьжна салазаш а тӀехь 17 500 км некъ бира, картин тӀедаьккхира 100 000 сов квадратан миль керла латтанаш, церан йалхозза адамаш кӀезиг дара, бархӀазза бюджет жима йара Скоттанчул. Скоттанчул дуккха а алсама некъбаран Ӏилманан жамӀаш дара Брюсан, Шаркон, Дригальскийн экспедицийн[16].

Историографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Скоттан «„Дискавери“ тӀаьхь некъбар» жайна. Мужалт тӀехь зорба тоьхна йу экспедицин коьртан йелла Антарктикин мидалан аверс а, реверс а

«Дискаверин» болх чекхбалале Шеклтона экспедицин хьалхара шерах лаьцна шен жайна йаздира, иза зорба туьйхира кхин дӀа таьхье йолуш The Illustrated London News журнал тӀаьхь. Цу тӀе Антарктикех лаьцна чӀогӀа кӀезиг хаара, сурт дуьллучо Шеклтон кӀайн черчашна йуккъехь виллинера[17].

1905 шарахь араделира Скоттан «„Дискаверин“ тӀаьхь некъбар» жайна, иза ши гиней (214 стерлинган фунт 2018 шеран мехашца) доьххушехь гӀарадаьлла дара нийсархошна йукъахь[18]. Р. Хантфорда чӀагӀдора, хуучу тӀегӀанца и кхоллам буста мегар ду Ӏаьрбийчуьра Лоуренсан «Кхетаман ворхӀ богӀамца», ткъа капитанан литературин похӀмо таро йира «сийлахь-баккхий хиламийн фон тӀехь ца моьтту хиламаш хуьлу» дийцар кхолла. Йозан хатӀ динера редакци йанза дневникан йозан кепара, цуо таро йора дешархошна шеш цигахь хилла эффект ган. Жайнин коьрта фокус а, коьрта сурт а дара Скотт Къилбеха вахараех лаьцна. Кхин тӀе, капитан ца Ӏавелира Шеклтонан Ӏиттарш ца йича, цуо чӀагӀдира царна йукъара мостагӀалла[19][20].

«Дискаверин» тӀера экспедицин хиламашка хьовсура берриг Р. Скоттан а, Э. Шеклтонан а биографаш, амма Т. Бомэнан говзаллин монографи ара ца хийцира 1999 шарахь бен. Хьалха, 1994 шарахь, Бомэна зорба туьйхира Борхгревинкан экспедицин историн. Шен рецензехь Б. Риффенберга[en] (Скоттан цӀарах Полюсан талламийн институт, Кембридж) билгалдоккхура, хьалхара хьосташ чӀогӀа Ӏамош автор белхан тӀеволаро, таро йира Скоттан гуо дӀа а теттина, предприятин аьттонан боккъал а долу Армитеджан, Кётлицан, Скелтонан, Ройдсан, Барнан дакъа гайта [21].

Комментареш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Грейаман Латта, хӀинца билгалдаьккхина ду Антарктикин ахгӀайренан къилбаседа дакъа аьлла, оцу хенахь дукхаха болчу географаша лорура ша лаьтта архипелаг

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьалхара хьосташ
Монографеш а, йаззамаш а

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]