Чулацаман тӀегӀо

Бракамонте, Эктор

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бракамонте Эктор
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Бракамонте Эктор Андрес
Харц цӀе Брака[1]
Вина терахь 1978 шеран 16 февраль({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})[2][3] (48 шо)
Вина меттиг
  • Рио-Куарто[вд], Кордова[вд], Аргентина
Гражданалла Аргентинин байрак Аргентина
Локхалла 190 см
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
Клубан карьера[* 1]
1997—1998 Аргентинин байрак Бока Хуниорс 1 (0)
1998—1999 Аргентинин байрак Лос-Андес 25 (9)
1999—2002 Испанин байракх Бадахос 85 (18)
2002—2003 Аргентинин байрак Бока Хуниорс 32 (16)
2003—2009 Россин байракх Москва 145 (36)
2009—2011 Россин байракх Терк 37 (4)
2011—2012 Россин байракх Ростов 24 (6)
2012—2013 Аргентинин байрак Росарио Сентраль 9 (1)
2013 Аргентинин байрак Атлетико Сармьенто 0 (0)
1997—2013 Йерриг карьерехь 360 (89)
Тренеран карьера
2015—2019 Аргентинин байрак Бока Хуниорс жимахой
2021 Аргентинин байрак Атлетико Тукуман дубль
2021 Аргентинин байрак Атлетико Тукуман тренер
2022 Уругвайн байрак Серро-Ларго
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Бракамо́нте Э́ктор Андре́с (испан. Héctor Andrés Bracamonte; 1978 шеран 16 февралехь, Рио-Куарто, Кордова, Аргентина) — аргентинин футболист, левзина тӀелатархочун позицехь.

Ловзаран карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Бракамонте 2008 шарахь

Ловза волавелла 1998 шарахь «Бока Хуниорс» клубехь. 1999 шарахь иза левзира «Лос—Андес» клубехь, тӀаьхьа дехьавелира испанин лакхара дивизионера «Бадахосе». Цунна йукъахь кхо шо а даьккхина Брака йухавирзира «Боке» цхьана шарна.

2003 шарахь дехьаваьлла Росси, ловза волавелла «Торпедо-Металлург» (тӀаьхьа цӀе хийцина «Москва» аьлла)[4]. Аргентинхочо дебют йира керла командехь ярославлан «Шинникан» дуьхьала июлехь[5]. Цул сов, шен керлачу клубан дуьххьарлерачу ловзаршкахь цо фанаташна а, говзанчашна а йукъахь галморзахаллаш бен ца йира; цхьана журналисто ур-атталла «бракан лам» аьлла цуьнах»[6]. Россехь хьалхара гол Эктора туьйхира 1 августехь дуьлан йукъахь[7]. Цул тӀаьхьа Брака лазийна, мпсех кӀиранна йукъара ваьлла[8]. 22 сентябрехь Бракамонтес тоьхна шен хьалхара гол Россин чемпионатехь, цуо кӀелхьара йаьккхира «Тор-Мет» иэшамах[9]. 26-гӀа турехь Эктора дубль йина, гӀодира металлургхошна толам баккха раменски «Сатурнегара»[10]. Йерриг хьалхара шарахь «Торпедо-Металлургехь» иза левзина 9 матчехь, чутоьхна 5 гол.

ШолгӀа шо аргентинхочун Россехь уггаре дика хилла[11]. 8 мартехь Россин Кедан матчехь Бракамонтес дубль а йина, гӀодира москоххошна тола томскан «Томел». Чемпионатан хьалхарчу ловзарехь ЦСКА дуьхьала Бракамонтес буьрка ца туьйхира, амма чӀогӀа жигара вара майданахь. Матч чекхйелира цхьа а ца тоьлуш 0-0 чот йолуш[12]. 29 мартехь чемпионатан 3-гӀачу турехь Эктора чутуьйхира москохан «Спартакана» матчан 11-гӀа секундехь, амма пенальтера Парфёнов Дмитрийс тоьхна ши пенальти бахьана долуш «Спартак» туьйлира 3:2[13]. И гол уггаре хаза хилира турехь «Спорт-Экспресс» версица, уггаре сиха тоьхна гол а хилира Россин чемпионатехь 2000 шарахь дуьйна. Оцу хенахь йелира Бракен цӀе «Футболан Пушкин» аьлла[14]. «Локомотиван» Бракамонтес 22-гӀачу минотехь туьйхира толаман гол «цӀерпоштхойн» кевнаш чу, кхин а масех момент хилира гол тоха[15]. Дисквалификаци бахьана долуш Бракамонте ца ловза велира шолгӀачу матчехь Россин Кедан финалан 1/4 раундехь. Россин чемпионатан 9-гӀачу турехь Эктора гӀодира «Торпедо-Металлурган» иэшамах кӀелхьара йала москохан областера «Сатурнца»[16], ткъа тӀейогӀучу турехь туьйхира толаман гол волгоградан «Роторан» кевнаш чу[17]. 28 майхь командо хийцира «Торпедо-Металлург» цӀе «Москва» цӀарца. 2 июнехь Брака левзира Россин чемпионатан легионерийн гулйина команда. Цуьнан команда ийшира 3:1[18]. 14-гӀа турехь аргентинин тӀелатархочо гӀодира «гӀалахошна» ярославлан «Шинникал» тола[19]. 16 августехь Эктора йуха а чутуьйхира дербехь «Торпедо» дуьхьала, бакъ ду, цуо гӀом ца дира «Москван» толам баккха[20]. Чемпионатан 28-гӀа турехь Эктора туьйхира москохан «Спартакана». Матчехь туьйлира Спартакхой 2:3 чот йолуш[21]. Йерриг шарахь Бракамонте левзина 30 матчехь, чутоьхна 11 гол, 3 голан пас йелла. Иза хилира пхоьалгӀа бомбардирашна йукъахь[22].

2005 шарахь аргентинхочо 6 гол тоьхна 27 матчехь. ШолгӀа шо уггаре а вон хилира цуьнан Россехь, 26 ловзарехь кхо гол бен ца тоьхна. 2007 шарахь Россин футболан чемпионатехь Бракамонтес толам баьккхира шен уггаре а хьалхарчу матчехь «Луч-Энергия» тобанца, иза а хилира цуьнан чемпионатехь хьалхара матч.

Бракамонте Эктор Россин футболан премьер-лигехь левзиначу матчашца а, тоьхначу голашца а массо а хенахь лидер ву Москван ФК-н.

2009 шеран 28 июлехь иза дехьавелира «Терк» клубе. 2011 шеран 14 июнехь, Рууд Гуллит дарж дитинчул тӀаьхьа, иза тренерийн штабах дӀакхийтира, командин ловзархо-тренер хилира.

2005 шарахь аргентинхочо 6 гол тоьхна 27 матчехь. ШолгӀа шо уггаре а вон хилира цуьнан Россехь, 26 ловзарехь кхо гол бен ца тоьхна. 2007 шарахь Россин футболан чемпионатехь Бракамонтес толам баьккхира шен уггаре а хьалхарчу матчехь «Луч-Энергия» тобанца, иза а хилира цуьнан чемпионатехь хьалхара матч.

Бракамонте Эктор Россин футболан премьер-лигехь левзиначу матчашца а, тоьхначу голашца а массо а хенахь лидер ву Москван ФК-н.

2009 шеран 28 июлехь иза дехьавелира «Терк» клубе. 2011 шеран 14 июнехь, Рууд Гуллит дарж дитинчул тӀаьхьа, иза тренерийн штабах дӀакхийтира, командин ловзархо-тренер хилира.

Тренеран карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2022 шеран апрелехь хӀоттийра уругвайн «Серро-Ларго» клубан коьрта тренеран дарже.

Ловзуш воцучу хенахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Музыках самукъадолуш ву: гитарица йиш локху, эшараш йоху, цуьнан репертуарехь йу испанийн, ингалсан, оьрсийн меттанашкахь композицеш[23]. Россехь ловзуш дика Ӏамийна оьрсийн мотт[24]. 2004 шарахь говзанча-класс йира ишколехь[25]. Иштта мехала лору говзалла, театршка эхар хазахеташ ву[26].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Нападающий «Москвы» Эктор Бракамонте: Блохин жёсткий? Я тоже! ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 1 июль. Архивйина 2014 шеран 14 июлехь
  2. Héctor Bracamonte // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  3. Héctor Bracamonte // FBref.com (инг.)
  4. "ФОРВАРД "БОКА ХУНИОРС" В "ТОРПЕДО-МЕТАЛЛУРГЕ"". Спорт-Экспресс. 2003-06-18. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  5. "КАРПЕНКО БИЛИ-БИЛИ, А ОН ПОДНЯЛ "ШИННИК" НА ТРЕТЬЕ МЕСТО!". Спорт-Экспресс. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  6. "ПЛЮСЫ И МИНУСЫ "КРОВЯНОГО ДОПИНГА"". Спорт-Экспресс. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  7. "ПЕРВЫЙ ГОЛ БРАКАМОНТЕ В РОССИИ". Спорт-Экспресс. 2003-08-01. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  8. "НОВОСТИ ИЗ КОМАНД". Спорт-Экспресс. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  9. "ЗУЕВ ПОПРОЩАЛСЯ С МОСКВОЙ БЕЗ СКАНДАЛА". Спорт-экспресс. 2003-09-22. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  10. "А КАК ВСЕ ХОРОШО НАЧИНАЛОСЬ". Спорт-Экспресс. 2003-09-29. Архивйина 2015 ш. 23 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 23 июлехь.
  11. "Эктор Бракамонте закончил карьеру". festinato.ru. Архивйина 2016 ш. 04 мартехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 28 июлехь.
  12. "КАК ЖЕ МЫ СОСКУЧИЛИСЬ!". Спорт-Экспресс. 2004-03-13. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 01 августехь.
  13. "ПАРФЕНОВ: 4 ПЕНАЛЬТИ - 4 ГОЛА!". Спорт-Экспресс. 2004-03-29. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 01 августехь.
  14. "САМЫЙ КРАСИВЫЙ ГОЛ. Версия "СЭ"". Спорт-Экспресс. 2004-03-30. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 01 августехь.
  15. "ЧЕРНАЯ СЕРИЯ "ЛОКО": ТРИ НИЧЬИ И ПОРАЖЕНИЕ". Спорт-Экспресс. 2004-04-08. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 01 августехь.
  16. "БРАКАМОНТЕ ВНОВЬ НАСОЛИЛ "САТУРНУ"". Спорт-Экспресс. 2004-05-04. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  17. "АРГЕНТИНСКИЙ ПРОРАБ НА СТРОЙКЕ "МОСКВЫ"". Спорт-Экспресс. 2004-05-11. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  18. "Кого обыграла Россия со счетом 3:1?". Спорт-Экспресс. 2004-06-02. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  19. "МНИМЫЕ И РЕАЛЬНЫЕ АУТСАЙДЕРЫ". Спорт-Экспресс. 2004-07-22. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  20. "ВСТРЕТИЛИСЬ УЖЕ НЕ ПО-СЕМЕЙНОМУ, НО РАССТАЛИСЬ ВПОЛНЕ МИРНО". Спорт-Экспресс. 2004-08-16. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  21. "НЕПРИНЦИПИАЛЬНОЕ ДЕРБИ". Спорт-Экспресс. 2004-10-30. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  22. "ЧЕМПИОНАТ РОССИИ. ПРЕМЬЕР-ЛИГА. ИТОГИ СЕЗОНА". Спорт-Экспресс. 2004-11-16. Архивйина 2015 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  23. Наш аргентинский Пушкин Архивйина 2014-07-14 — Wayback Machine Публикация на сайте Чемпионат.com от 16 февраля 2014 года
  24. Блохин жесткий? Я тоже! Архивйина 2014-07-14 — Wayback Machine Интервью с Эктором Бракамонте в газете «Советский спорт» от 13 ноября 2008 года
  25. "Бракамонте преподал детям урок футбола". Спорт-Экспресс. 2004-09-10. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.
  26. "Белоус сводил Бракамонте и Фредерикса в театр". Спорт-Экспресс. 2004-09-29. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 03 августехь.