Бразилин проспект (телесериал)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Бразилийн проспект (телесериал) дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бразилин проспект
Avenida Brasil
Avenida Brasil logo.png
Жанр драма
комеди
детектив
доьзалан
сабанан опера
Кхоьллинарг Жоао Эмануэл Карнейро[d]
Рольшкахь Мурилу Бенисиу
Дебора Фалабелла
Адриана Эстевес
Вера Ольц
Марселлу Новаес
Элиане Жиардини
Алешандре Боржес
Жозе де Абреу
Вступительная заставка «Vem Dançar Com Tudo»
Пачхьалкх БразилиFlag of Brazil.svg Бразили
Оригиналан мотт Португалихойн
Режиссёр Рикардо Ваддингтон
Сценарихо Жоан Эмануэл Карнейро
Студи Глобу
Телеканал Глобу
Экранаш тӀехь
redeglobo.com
IMDb ID 2303077

«Бразилин проспект» (порт. Avenida Brasil) — бразилин телесериал ю, компани «Глобу», авторалла ю бразилин сценаристан Жоан Эмануэл Карнейро.

Сюжет[нисъе | нисъе чухулара]

Жима-йоӀ Рита Ӏаш ю шен деца Женезиоца а, цуьнан жимачу зудчуьнца Карминьяца. Ша дика а, гӀайгӀе нана, тешаме зуд ю моьттийтуш цаьргахь Ӏаш хилла Карминья. Ритана гучуйолу иза, шен тӀехьизачуьнца Максаца къамелдеш. Рито и хабар шен дега дӀакхачадо, амма Женезио шекволу. Иштта Карминья Максаца лаьтташ го цунна, тӀаккха къенвелла волу Женезио, Карминьина тоха гӀаьрташ, иза чу йоллийта гӀаьрта.

ГӀараваьлла бразилийн футболиста шен цӀе «Жоржи Тайфун» а йолуш, буьйсанна догӀанехула, шен га а цагуш Женезиона тӀе машен туху. Женезио дӀакхелхича, Карминьяса а, Макса а Рита нехаш дӀакхуьйсу метте дӀало, Нилу — олучу цхьана боьхачу воккха-стагна, кхидолу дӀакхиссина бераш кхобуш волчу. Нилу волчуьра дӀайоду Рита, Батата олучу цхьана жима-кӀанта, иза шайн нена-Лусиндан цӀачу йуьгу.

Лусинда а, Нилу а — уьш Максан да-нана ду, хьалхалера заманчохь дӀасакъаьстина ду и шиъ, хӀунда аьлча, Лусиндана везавелла хиллера Карминьян да Сантьяго, Нилу хиина хиллера иза. Батата а, Рита а оцу бераллехь маре доьду.

Цхьана дийнахь Аргентинера стаг вогӀу, Ритах шайн йоӀ ян, иштта вовшахкъаьста и шиъ. Батата — иза Карминьин а, Максан а кӀант ву, цушимма иза винчу хенахь шен дененага Лусинде дӀавелла хиллера иза.

Рольшкахь[нисъе | нисъе чухулара]

Бераш

Кхиберш