Боярчук, Александр Алексеевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Боярчук Александр Алексеевич
250x350px
Вина терахь 1931 шеран 21 июнь({{padleft:1931|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн автономин область, Къилбаседа-Кавказан мохк, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2015 шеран 10 август({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (84 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
Ӏилманан кхоче астрофизика
Белхан меттиг РӀА Астрономин институт
Ӏилманан дарж физикан-математикан Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе ССРС ӀА академик (1987)
РӀА академик (1991)
Альма-матер
СовгӀаташ


Orden for Service III.png «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
Сийлаллин орден — 1996 Орден «Сийлаллин Билгало» — 1976
ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1984

Ф. А. Бредихинан цӀарах совгӀат (2001)

А. А. Белопольскийн цӀарах совгӀат (2011)

Боярчу́к Алекса́ндр Алексе́евич (1931 21 июнехь, Соьлжа-ГӀала2015 10 августехь, Москохахь) — советийн а, российн а физик, астроном. РӀА академик (1987 шарахь дуьйна). РӀА Астрономин институт Ӏилман куьйгалхо.

Ӏилман гӀуллакхан коьрта агӀо ю седарчийн физика. Цуьнан белхашна далийна 2000 сов цитата ду, зорбатоьхна 1986 шерал тӀаьхьа. Хиршан индекс — 21[1].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

1953 шарахь чекхъяьккхира Ленинградан университет. Цул тӀаьхьа болхбира ССРС ӀА ГӀирман астрофизикан обсерваторехь. 1969 шарахь дуьйна обсерваторин директоран Ӏилман белхан гӀовс ву. 1976 шарахь хаьржина ССРС ӀА корреспондент-декъашхо, ССРС ӀА академик — 1987 шарахь. 1987 - 2003 шерашкахь вара РӀА Астрономин институтан директор (1990 шо кхаччалц — ССРС ӀА Астрономин кхеташон председатель, цунах йира институт). 1991 - 1993 шерашкахь вара Дуьненаюкъара астрономин союзан президент.

ДӀавоьллина Троекуровн кешнашкахь.

Ӏилман кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

А. А. Боярчукан Ӏилман белхийн тема ю седарчийн физикех лаьцна. Цуо талламаш бина тайп-тайпанчу классан седарчийн Химин хӀоттаман, масала, карийна сов гелий β Лирехь. А. А. Боярчука Ӏамийра седарчийн атмосферашкахь леларш, ткъа кхин а седарчий хьийзар. Цхьа могӀа белхаш бина стационаран доцучу седарчашна тӀаьхь а.

Шийла гигантах а, йовха буйдолах а лаьтташ йолу симбиотийн седарчийншала системан модель йинарг ву. Оцу моделан бух тӀаьхь мах хадийна цу объектийн массан, йоккхаллин бараман, температуран, кхин амалийн а.

Э. Р. Мустельца цхьаьна гайтина керлачу седарчийн чкъоьран модель.

А. А. Боярчукан куьйгаллийца йина космосан ультрафиолетан телескоп «Астрон».

Юкъараллин гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

А. А. Боярчукан сийнна цӀе тиллина, ГӀирман астрофизикан обсерваторин астранома Н. С. Черныха 1977 шеран 22 мартехь дӀайиллина йолу, жима планетан (2563) Боярчукан[6][7].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Колчинский И.Г., Корсунь А.А., Родригес М.Г Астрономы: Биографический справочник. — 2-е изд., перераб. и доп.. — Киев: Наукова думка, 1986. — 512 с.
  • Губарев В.С. Секретные академики. Кто сделал СССР сверхдержавой. — М.: Вече, 2015. — 320 с. — ISBN 978-5-4444-2546-6

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]