Боьха тӀом (Аргентина)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Coat of arms of Argentina.svg
 ХӀокху кепе хьажар 
Аргентинан истори

Портал Аргентина
Исторел хьалхара Аргентина

Аргентинан индахой

Колониалан Аргентина

Гуарани тӀомИнгалс-португалин тӀелатарВице-паччахьалла Рио-де-Ла-ПлатаБритани тӀелатарш

ПаргӀатонан тӀом

Майн революциЛиньерсан контрреволюциПаргӀатонан тӀомТукуманан конгресс

Аргентинера гражданийн тӀемаш

Ривадавия БернардиноРосас МануэльФранцузийн блокадаИнгалс-французийн блокада

Аргентинан къам кхолладалар

1853 шеран КонституциГӀум-аре схьаяккхар1880 шеран чкъорРадикалийн урхалла (1916—1930)Сийдоцу итт шо

Перонан дуьххьарлера урхалла

Перон Хуан а, Перон Эвита а • ПеронизмБелхан йукъара конфедераци

Аргентинан истори (1955—1976)

паргӀатбахаран революциФрондиси АртуроИльиа Артуро УмбертоАргентинан революциМонтонерос а, ААА

Къоман реорганизацин процесс

1976 шеран харцамБоьха тӀомФолклендан тӀом

Керла зама

Хунтийн судАльфонсин Рауль2001 шеран къоьлла Киршнеризм

Аргентинера «Боьха тӀом» (испан. Guerra Sucia en la Argentina) — пачхьалкхан терроризман (массашкахь лечкъбарш, ницкъбарш, суд йоцуш байаран кхелъяр) дуьхьалчу белхийн йукъара цӀе. Леладора аргентинан тӀеман диктатураша. Уггара лакхарчу тӀегӀане кхечира, урхаллехь XX бӀешеран тӀеман хунта йолуш 19761983 шерашкахь.

1976 шеран 24 мартехь эскаро куьйгаллехь Видела Хорхе волуш харцам бина вожийра президент Перон Исабель. тӀемхойн гӀоьнца Виделана шуьйра бакъонаш елира, цуо кхачийра Аргентина адамийн бакъонаш йохоре, массашкахь нах лоьцуш, лецначарна ницкъ беш, дукха хьолахь бойуш. Хунтан заманахь ницкъбина байина 10 эзар стаг, 30 эзар тӀепаз вайна, кхин а 60 эзарна политикин мукъмашца яккхий хенаш тоьхна, зуьйш ницкъаш бира[1]. «Боьхачу тӀеман» коьрта «ижу» хилира аьрру жигархой, царна йукъахь бара профсоюзан боламан гӀуллакххой, студенташ, журналисташ, марксисташ, перонисташ.

Хунта юьйжира 1983 шарахь, Фолклендан тӀамехь Аргентина эшначул тӀаьхьа.

Правительство хийциначул тӀаьхьа президентан Альфонсин Раулан омарца кхоьллира Къоман Комисси, массашкахь адамаш дар таллархьама (CONADEP), коьрте хӀоттийра гӀараваьлла яздархо Сабато Эрнесто. 19831984 шерашкахь бинчу талламан жамӀашца, цуо зорбане дахийтира «Кхин цкъан а» цӀе йолу[2].

2012 шеран июлехь пачхьалкхан хиллаболу куьйгалхой Видела Хорхе (1976—1981 шераш) а, Биньоне Рейнальдо (1982—1983 шераш) а бехке бира аргентинан суьдо политчубоьхкинчу зударийн бераш лечкъорна. Билгала ду, церан омарца иттаннаш наной бара нуцкъала берех баьхна (бераш кхечу доьзалшка дӀалора, алсама эпсарийн доьзалшка), тӀаьхьа байина. Виделан а, Биньонен а (церан хан кхел кхайкхочу хенахь 80 шарал сов яра) шайн зуламаш бахьнехь хьалхарчун 50, шолгӀачун 30 шераш туьйхира набахти чохь даккха[3][4].

Исбаьхьаллехь гайтар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Серхио Сорин. Секретные связи Пиночета, Франко и П-2
  2. Умер известный аргентинский писатель и правозащитник Эрнесто Сабато.
  3. Former dictators found guilty in Argentine baby-stealing trial. // edition.cnn.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 августехь. Теллина 2012 шеран 6 июлехь.
  4. Лев Македонов. Диктаторы сели за похищение детей. // gazeta.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 августехь. Теллина 2012 шеран 6 июлехь.