Боьра (роман)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Боьра
The Hollow
Жанр Роман
Автор Агата Кристи
Язйина мотт ингалсан
Язйина терахь 1946 ш.
Дуьххьала зорба тоьхна 1946, 1944
Арахецаралла Dodd, Mead and Company[d]
Хьалхара Сверкающий цианид и 3 Libras
ТӀаьхьара Расскажи, как ты живёшь

«Боьра» (инг. The Hollow) — Кристи Агатин детективан роман, дуьххьала зорба тоьхна Йоккха Британехь Collins Crime Club арахецаралло а, АЦШ Dodd, Mead and Company арахецаралло а цхьаьна шарахь. Эркюль Пуарох лаьцна Кристи Агатин кхолламийн могӀанера роман ю[1].

Сюжет[нисъе | нисъе чухулара]

Боьра меттиган да йолчу эксцентрикан ледис Энккейтл Люсис, кхойкху шайга доктор Кристоуга а, цуьнан зудчуьнга Гердега а. Кристоу Джонан роман хуьлу скульпторца Савернэйк Генриеттица, кхин тӀе хуьлу дика импровизатор а. Джона сагатлуш дагаоьхуьйту шен дуьххьарлера безам, Крэй Вероника. Дагахь а доцуш шота дийнахь иза нисло Энккейтлийн цӀахь пайдабоццучу бахьнийца. Вероника еха луларчу цхьаьна цӀа чохь. Кхин цунах тера цӀа чохь веха Энккейтлийн цӀа кӀиран дийнахь делкъе ян кхайкхина волу Эркюль Пуаро. Джон а, Вероника а цхьаьна дӀадоьду, ткъа юха бусий бен ца богӀу. Пуаро вогӀа хӀусаме шолгӀачу дийнахь, цунна го тамашийна сурт. Герда лаьтта карахь револьвер йолуш цӀийшах дуьзина Джонан а, Люсин а дакъан уллехь, Генриетта а, Эдвард а лаьтта гено лаца а белла. ТӀеххьара дешнаш, нийсса аьлчи Джонан кхайкхам бара: «Генриетта».
Хетало, шеко а йоцуш, Гердас байина, амма Генриеттас катухий револьвер «ца хууш» бассейн чу йожайо. Гуш болу бехк бов. ТӀаьхьуо гучудолу, Гердегахь хилла тапча, Джон вийнарг ца хилар.
Пуаро талам болабо.

Романан персонажаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Пуаро Эркюль — бельгийн лахарча
  • Инспектор Грэндж — гӀуллакхан талламхо
  • Кристоу Джон — Харли-стритера лор
  • Кристоу Герда — Джонан зуда
  • Энккейтл Сэр Генри — Боьра меттиган да
  • Леди Энккейтл Люси — Генрин зуда, Боьра меттиган да
  • Энккейтл Эдвард — Генрин гергара стаг, дукха хенахь дуьйна Генриета езаш волу
  • Хардкасл Мидж — Люсин къона гергара йоӀ
  • Энккейтл Дэвид — студент
  • Савернэйк Генриета — скульптор
  • Крэй Вероника — актриса, эгоизме йолу, амма хаза къона зуда
  • Гедеон — цӀийнан Ӏу

Литературан емалалла[нисъе | нисъе чухулара]

1946 шеран 1 декабрехь «The Observer» газетехь зорба тоьхнера романан йоццу рецензи: «Кристи Агатас, хӀиллане, дикка эмоцин сюжетан басар тӀехь, „герз туьйхира“ текхна ца волучу лоьрана. Шед баста вогӀу дикка воьхна Пуаро. ЧӀогӀа дика шала гура боьгӀна чеккхенгахь»[2].

Экране яккхар а, театрех йолийтар а[нисъе | нисъе чухулара]

Кристи Агатас роман бух тӀе йиллина иштта цӀе йолчу пьесан, иза аьттонца хӀоттийра сцени тӀехь 1951 шарахь. Сюжетан асан коьрта хийцам хилира турпалшна юкъахь Пуаро Эркюль ца хилар.

2004 шарахь роман яккхира экран тӀе британин Кристи Агатин Пуаро телесериалан гуран чохь, коьрта ролехь Дэвид Суше а волуш. Иза чӀогӀа герга хилира оригиналан.

Лерина яздар[нисъе | нисъе чухулара]

Кристис Ларрин а, Данден а лерина жайна яздина уьш къинтӀиера бохуш, ша церан бассейн лелаярна зуламан меттиг санна[3]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Роман «Лощина» в библиотеке Альдебаран

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. На русском издавался под название "Смерть у бассейна", перевод А.Горянина, Минск, с\с А.Кристи, т. 26, 1997
  2. «Agatha Christie has staged, against her smartiest, most hyper emotional background so far, the shooting of a philandering doctor. Solution by a rather subdued Poirot. Good double-bluff surprise» Maurice Richardson, The Observer, December 1, 1946 (страница 3)
  3. For Larry and Dande With apologies for using their swimming-pool as the scene of a murder