Боровский, Сергей Владимирович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Боровский Сергей
Боровский Сергей 2016 шарахь
Боровский Сергей 2016 шарахь
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Боровский Сергей Владимирович
Харц цӀе Кашпировский[1]
Вина терахь 1956 шеран 29 январь({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг Минск, Белоруссийн ССР, ССРС
Гражданалла Байракх ССРС ССРС / Белоруссин байракх Белорусси
Локхалла 175 см
Позици турсло
Информаци клубехь
Клуб Белоруссин байракх Ислочь
Дарж тренер-консультант
Кегийрхойн клубаш
Байракх ССРС СБЖОРИ-5 (Минск)
1972—1973 Байракх ССРС Динамо (Минск)
Клубан карьера[* 1]
1974—1987 Байракх ССРС Динамо (Минск) 400 (8)
Къоман гулйина команда[* 2]
1981—1985 ССРС ССРС 21 (0)
Тренеран карьера
1989—1994 Байракх ССРС/Белоруссин байракх (1991—1995) Металлург/Молодечно
1994—1997 Белоруссин байракх (1991—1995) Белоруссин байракх (1995-2012) Белорусси
1997—1998 Латвин байракх Вентспилс
1998—1999 Молдавин байракх Шериф
1999—2000 Белоруссин байракх (1995-2012) Белорусси
2000—2003 Белоруссин байракх (1995-2012) Торпедо (Минск)
2003 Литван байракх (1989—2004) Каунас
2004 Украинин байракх Металлург (Запорожье)
2004 Белоруссин байракх (1995-2012) Белшина
2005 Флаг Литвы Ветра
2006 Белоруссин байракх (1995-2012) Динамо (Брест)
2007—2008 Белоруссин байракх (1995-2012) Торпедо (Жодино) консультант
2009—2010 Белоруссин байракх (1995-2012) СКВИЧ
2010—2011 Белоруссин байракх (1995-2012) Витебск
2011—2012 Белоруссин байракх СКВИЧ
2012—2013 Кхазакхстанан байракх Кхазакхстан (до 21)
2014—2015 Белоруссин байракх Шахтёр (Солигорск)
2016 Белоруссин байракх Динамо (Минск) сп. дир.
2016—2017 Белоруссин байракх Динамо (Минск)
2018 Белоруссин байракх БАТЭ тренер
?—хӀ. а. Белоруссин байракх Ислочь консультант
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Боро́вский Серге́й Влади́мирович (белорус. Сяргей Уладзіміравіч Бароўскі; 1956 шеран 29 январехь, Минск, Белоруссийн ССР, ССРС) — советийн а, белоруссийн а футболист, турсло. ССРС спортан мастер (1979). ССРС дуьненайукъара классан спортан говзанча (1981). ССРС чемпионаташкахь Минскан «Динамо» йукъахь левзина матчийн барамца рекордхо. ССРС гулйина командин ловзархо (1981—1985). Ловзаран карьера чекхйаьлча — футболан тренер, Белоруссийн ССР хьакъ долу тренер (1991). 2016 шерера 2017 шо кхаччалц — минскан «Динамон» коьрта тренер.

КӀант Алексей иштта футболист.

Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзаран карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубан[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхиийна минскан СБЖОРИ-5. Дуьххьарлера тренер — Лапунов Леонид. 1972—1973 шерашкахь футболан «Динамо» (Минск) клубан дублёр вара. 1974 шарахь дуьйна — коьрта хӀоттаман ловзархо. «Динамо» йукъара дейтта шарахь дакъалаьцна ССРС чемпионатан 400 матчехь (царех 270 лакхарчу лигехь), чутоьхна 8 гол (4 лакхара лигехь). «Динамон» капитан хилла 1978—1979 а, 1984—1985 а шерашкахь. Минскан клубаца 1982 шеран ССРС чемпион хилла.

1983—1987 шерашкара Еврокедийн къийсамашкахь левзина 19 матчехь (Чемпионийн Кад — 6 матч, УЕФА Кад — 10, Кедаш даьхначеран кад — 3).

Гулйина командехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС гулйина командехь левзина 21 матчехь. Кхин а ССРС гулйина командехь левзина цхьаьна официалан йоцучу матчехь. 80-гӀа шерийн хьалхарчу декъехь, командин коьрта турслойх цхьаъ. 1982 шеран дуьненан чемпионатан декъахо.

Тренеран карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

1989 шарахь ловзаран карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа тренеран болх лелон волавелла. Коьрта тренеран болх бина Белоруссин («Металлург»/«Молодечно», «Торпедо-МАЗ», «Белшина», «Динамо» (Брест)), Латвин («Вентспилс»), Молдавин («Шериф»), Украины («Металлург» Запорожье), Литван («Каунас» (2003 июнь — 2004 апрель[2]), «Ветра») клубашкахь.

Шозза куьйгалла дина Белоруссин къоман гулйина командин. Цуьнан куьйгаллехь гулйина командо шен исторехь уггаре боккха толам баьккхина — 1995 шарахь Нидерландийн гулйина командегара (1:0), ткъа иштта уггаре нах цецбаьхна эшам — 2000 шарахь Андоррин гулйина командин (0:2).

2007 шеран майхь болх бан волавелла «Торпедо» (Жодино) клубан штабехь тренера-консультантан даржехь[3]. Цхьа бутт баьлча хӀоттийра минскан «Динамон» спортан директор, амма декабрехь оцу даржехь иза хийцира Тумилович Геннадийс. 2008 шарахь иза йухавеира тренера-консультантан дарже жодинхошна йукъа.

2009 шеран 4 августехь куьйгалле веира хьалхарчу лигера СКВИЧ (Минск) команде[4]. Цуьнан куьйгаллехь, командо шолгӀа меттиг йаьккхира 2010 шарахь, амма 2011 шеран лакхара лиге дехьабовларан матчашкахь шоззе а ийшира жодинон «Торпедол». 2010 шеран 12 декабрехь чекхдаьккхира 240 сахьтан дешар, цунна йелира лицензи Pro[5].

2010 шеран 23 декабрехь хӀоттийна «Витебскан» коьрта тренер [6]. ТӀаьхьа тренер хилла СКВИЧан, Кхазакхстанан гулйина кегийрхойн командин.

2014 шеран 9 январера 2015 шеран июнь кхаччалц — солигорскан «Шахтёран» коьрта тренер[7]. Боровский Сергейн куьйгаллица «ламанхоша» Беларуссин кад 2013/14 баьккхира.

Хьалха «Вентспилсан» йукъахь левзинчу Российн комментаторо Генич Константина дийцарехь, Боровскийн доттагӀаллин йукъаметтиг йара гӀараваьллачу голландин тренерца — Ван Гал Луица, цуо ша «Барселонин» тренер волуш латвин команда ловзаршка кхойкхура.

Со цу хенахь ловзуш вара латвин «Вентспилс» командехь, тхо гуламехь дара Испанехь. «Барселонин» коьртехь Ван Гал Луи вара, ткъа тхан тренер Боровский Сергей, хьалха билгалваьлла советийн футболист, голландхочуьнца доттагӀаллин йукъаметтиг йолуш вара. Тхо «Барселонин» коьрта тренеро кхайкхарца йерриг команда ловзаршка лелийра, оцу хенахь со чӀогӀа битамехь витира испанин футболо.

[8]

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзархочун[нисйе бӀаьра | нисйе]

Командица
Долара

Тренер волуш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]