Болтаев, Георгий Семёнович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Георгий Семёнович Болтаев
Вина терахь 1914 шеран 5 апрель({{padleft:1914|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1986 шеран 13 август({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Александра Невского орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Красной Звезды

Георгий Семёнович Болтаев (1914 шеран 5 апрель, Костанай, Тургайн область[d]1986 шеран 13 август, Соьлжа-ГӀала) — гвардин капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1914 шеран 5 апрелехь Костанай гӀалахь (хӀинца — Казахстан) ахархон доьзаллехь. Юккъера школа чекхъяккхична иза бухгалтеран болх бан волавелира Семипалатинскехь йолу «Главпарфюмерия» цхьанакхетарехь.

1936—1938 а, 1939—1940 а шерашкахь Болтаев вара ЦӀен эскарехь. 1942 шеран маехь иза юха а эскаре дӀавигира. 1944 шарахь цо чекхъяккхира Тамбовехь йолу эскаран гӀашсалтин училище. Цул тӀаьхьа иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронте хьажийра. 1944 шарахь иза КПСС декъашхо хилира.

1945 шеран апрель кхачале капитан Болтаев хилира 1-ра Белоруссин фронтан 8-гӀа гвардин армин 57-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 172-гӀа гвардин кхиссархой полкан автоматхойн ротан куьйгалхо.

Болтаев билгалвелира эскар Одра хих дехьадолуш хенахь а, Зееловски лакхенаш схьайохуш а[1].

1945 шеран 16 апрелехь цуьнан рота массарелла хьалха немцойн траншейн чу а иккхина хӀаллакйира 2 йоккха топ а, 5 герздаьтта меттиг а, цхьа бӀе гергга мостагӀийн салтий а, эпсараш а, иштта схьаяккхира 75-мм йоккхий тоьпийн батарей. 17 апрелехь ротас, дӀауьдучу немцошна тӀаьхьахӀоттина схьабаьккхира Зеелов гӀалан юкъара урам[1].

1945 шеран 31 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца капитанан Георгий Болтаеван елира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1946 шарахь капитан Болтаевс эскаран болх битира. Иза Ӏаш а, болх беш а Соьлжа-ГӀалахь вара[1]. Болтаев велира 1986 шарахь.

Цуьнан каш ду регионан лараме хӀоллам. 2010 шераш цуьнан кешний хьал кхачам боцуш дара[2].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Советски Союзан Турпал (1945 шеран 31 май);
  • Ленинан Орден (1945 шеран 31 май);
  • Александр Невски орден (1945 шеран 27 февраль);
  • 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1985 шеран 11 мартан);
  • 2-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1945 шеран 15 май);
  • ЦӀен Байракхан орден(1944 шеран 14 сентябрь);
  • 1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккху Даймехкан тӀамехь Германи эшаярна медаль (1945 шеран 9 май);
  • Мидалш[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 Болтаев Георгий Семёнович (оьр.). AZ Library. Теллина 2012 шеран 7 апрелехь.
  2. Об утверждении Перечня памятников культуры и истории, расположенных на территории Чеченской республики, стоявших ранее на государственном учёте Архивацийина 4 мартехь 2016 шеран., Постановление правительства Чеченской Республики от 9.11.2010, стр. 8

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Герои Советского Союза — казахстанцы. Алма-Ата. 1968, кн. 1. / стр.135-136.
  • Глазков М. Д. Рубежи бессмертия. Красноярск,1975. / стр.91-94.
  • Достоин звания героя. 2-е изд., перераб. и доп. Красноярск, 1975. / стр.306-307.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]