Чулацаман тӀегӀо

Бойченко, Александр Александрович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бойченко Александр
Йуьззина цӀе Бойченко Александр Александрович
Вина терахь 1945 шеран 4 май({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Кхелхина терахь 2004 шеран 26 июль({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (59 шо)
Гражданалла Байракх ССРС ССРС
Локхалла 185 см
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
1963 Байракх ССРС Цемент (Новороссийск) 3 (-1)
1964—1968 Байракх ССРС СКА (Дон-тӀера-Ростов) 52
1969 Байракх ССРС Терк 15 (-21)
1970 Байракх ССРС Торпедо (Таганрог) 18
1971—1974 Байракх ССРС СКА (Дон-тӀера-Ростов) 42
1975 Байракх ССРС Динамо (Ленинград) 0
1975—1977 Байракх ССРС Ростсельмаш 64
  1. ↑ Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Бойченко Александр Александрович (1945 шеран 4 майхь — 2004 шеран 26 июлехь) — советийн футболист, кевнахо.

Лакхарчу тӀегӀанехь ловза волавелира 1963 шарахь «Цемент» (Новороссийск) командехь. ШолгӀачу шарахь дехьаваьлла ростовн СКА йукъа, цу йукъахь дебютан матч левзира цхьа шо ах шо даьлча — 1965 шеран 14 сентябрехь лакхарчу лигин матчехь ЦСКА дуьхьала[1]. Дукхаха йолу хенахь Иванов Анатолийн дукблер вара. 1966 шарахь команда хилира ССРС чемпионатан дети совгӀатхо, амма Бойченко оцу шарахь кхо матч бен ца левзира. 1967 хилира коьрта кевнахо ростовн клубан, шарахь левзира 31 матч, амма шолгӀачу шеран йуккъехь Ивановс аратеттира иза кевнашкара, ша йухавирзира «гуране».

1969 шарахь кевнахо ловзуш вара «А» классан шолгӀачу тобанехь «Терк тобанехь, ткъа 1970 шарахь — «Б» классехь таганроган «Торпедо» клубехь. 1971 шарахь иза йухавеара Ростовра СКА-на йукъа, амма йуха а дукхаха йолу хан йаьккхира резерван ловзархочун даржехь, Лев Кудасов хуьйцуш. 1973 шарахь бен, эскаран тоба лакхарчу лигера охьайаьккхинчу хенахь, Бойченко хаддаза ловзуш вацара, 21-зза майданахь гучувелира. Йерриг а лакхарчу лигехь 86 матч левзина иза.

1975 шарахь иза дехьавелира Ленинградан «Динамо» клубе, амма цкъа а ца левзира цхьа а матч. Шен карьера чекхйолуш иза ловзуш вара Ростовра «Ростсельмашехь», 64 матчехь гучувелира къоман чемпионатехь. 1970-чу шерашкахь иза Ростовн массо а заманахь хиллачу сийлаллин тобанна йукъа вахийтина, хаам бо клубан официалан сайта тӀехь.

2004 шеран 26 июлехь велла[2].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. ↑ СКА Дон-тӀера-Ростов 1 : 0 ЦСКА Москва (ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. ↑ Легенды 70-х. ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 15 март. Архивйина 2018 шеран 9 мартехь Архивйина 2018-03-09 — Wayback Machine