Бицираев, Сайдхусейн Султанович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Саид (Сайдхусейн) Султанович Бицираев
Вина терахь 1954 шеран 30 январь({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг Кадамжай, Баткенан область, ГӀиргӀазойн ССР, СССР
Корматалла художник
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
СовгӀаташ
  • Нохчийн Республикан Сийлахь художник
  • Российн Федерацин Сийлахь художник
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Саид Бицираев

Саи́д (Сайтхусе́йн) Элемсулта́нович Бицира́ев (1954 шеран 30 январь, Кадамжай, Баткенан область, ГӀиргӀазойн ССР, СССР) — нохчийн художник, Г. Р. Державинан цӀарах йолу оьрсийн йозанан а, исбаьхьаллан а Академин декъашхо (2004), Нохчийн Республикан Сийлахь художник (2004), Российн Сийлахь художник (2013), А. Л. Штиглицан цӀарах йолу Санкт-Петербурган пачхьалкхан исбаьхьаллин а, индустрин а академин суьрташ дахкаран кафедран профессор, Российн художникийн союзан декъашхо, Халкъашна юккъера исбаьхьалчийн а, критикийн а ассоциацин Санкт-Петербурган декъан декъашхо.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина 1954 шеран 30 январехь Киргизин Баткенски областан Кадамжай гӀалахь. 1957 шарахь цуьнан доьзалла цӀа бирзира шайн юрте Нойбера. Оцу юртехь цо школа чекхъяккхира.

1973 шарахь цо чекхъяккхира Краснодаран исбаьхьаллин училище. 1981 шарахь чекхъяккхира СССР исбаьхьаллин академин Репинан цӀарах йолу сурт дилларан а, скульптуран а, архитектуран а институт. Доьшуш хенахь иза вара СССР исбаьхьаллин академин декъашхон Юрий Непринцев пхьалгӀехь болх беш.

1982 шарахь иза Санкт-Петербурган художникийн Союзан декъашхо хилира. 1982-1983 шарахь иза вара сурт диллар хьоьхуш № 1 йолу Ленинградан берийн исбаьхьаллин школехь. 1983 шо дуьйна таханналц иза ву Санкт-Петербурган пачхьалкхан исбаьхьаллин а, индустрин а академин хьехархо а, доцент а сурт дилларан кафедрехь.

19841986 шерашкахь болх бира Художникийн союзан Ленинграда декъан исбаьхьаллин пхьалгӀехь. Цуьнан куьйглахо вара СССР Халкхан художник В. Ф. Загонек. 1987 шарахь иза хилира Российн художникийн союзан декъашхо. 2001 шо дуьйна иза ву Къилбера Корейн исбаьхьаллин ассоциацин (КСАА) декъашхо («2000 Korea Creative Artist Association»). 2002 шарахь иза хилира искусствоведийн а, критикийн а СНГ Халкъашна юккъера ассоциацин Санкт-Петербурган декъан декъашхо. 2004 шо дуьйна иза ву Г. Р. Державинан цӀарах йолу Российн йозанан а, исбаьхьаллин а академин декъашхо.

2004 шарахь цунна елира Нохчийн Республикан Сийлахь художникан цӀе[1].

2012 шеран 5 октябрехь Нохчийн Республикан Халкъан музей схьайоллуш цо 100 гергга шен сурт делира оцу музейн[2].

2013 шарахь цунна елира Российн Федерацин Сийлахь художникан цӀе[3].

Иза ву Российн, Китайн, Австрин художникаш дакъа лоцу «Цхьаналлан тӀе некъ» проектан декаъшхо. Цо дакъа лоцу «Российн художникаш — дуьненна» проектехь. Оцу проектан Ӏалашо ю дуьненна Российн тоьлла художникийн кхолларалла дуьненна дӀагайтар. Масала, цо 2004 шарахь дакъа лецира проектан альбом кечъярехь а, арахецарехь а.

Иза кест-кеста воьду кхоьчу пачхьалкхашка (Финлянди, Греци, Итали, Испани, Китай, Австри). Испане ваханчула тӀехь цо диллира 30 сов сурт Федерико Гарсиа Лоркин поэзица доьзна. 2004 шарахь арахийцира Абрам Раскинс язйина книга «Саид Бицираеван Испанин рапсоди». Цо дехкина суьрташ Китайх а, Грецих а лаьцна. Цо дехкина суьрташ ду Российн, Финляндин, Германин, США, Грецин, Канадан, Китайн, Италин, Испанин, Венесуэлин, кхоьчу пачхьалкхийн музейшкахь а, долахь болу гуламашкахь а.

Бицираеван кхолларалах лаьцна статьяш язйо Санкт-Петербурган а, Нохчичоьн а газеташкахь а, кхоьчу пачхьалкхара арахецарашкахь а. Яккхина кхоъ документальни фильм цунах а, цуьнан кхолларалах а лаьцна. Бицираевах лаьцна радиопередачаш йинера Санкт-Петербурган радиос а, «Маршо» радиостанцис а.

Гайта хӀоттамаш[нисъе | нисъе чухулара]

1981 шо
  • Ленинградера художникийн гуьренан гайта хӀоттам. Юккъера гайтахӀоттаман зал, Санкт-Петербург;
  • Къона художникийн гайта хӀоттам. ГайтахӀоттаман зал Охтехь. Санкт-Петербург;
1982 шо
  • Дипломан белхийн Ерригсоюзан гайта хӀоттам. Тбилиси;
  • «Пачхьалкхан къоналла» цӀе йолу къона художникийн гайта хӀоттам;
  • Ленинградера художникийн БӀаьстенан гайта хӀоттам;
  • «Хьоме пачхьалкхахула» цӀе йолу республикан гайта хӀоттам;
1983 шо
  • Ленинградера художникийн БӀаьстенан гайта хӀоттам;
  • «Гуьйре 83». Ленинградера художникийн гайта хӀоттам;
1984 шо
  • «Ленинград — Москва» цӀе йолу 8-гӀа Ерригсоюзан къона художникийн академически гайта хӀоттам;
  • Кегирхойн гайта хӀоттам. Охтехь йолу гайтахӀоттаман зал;
1985 шо
  • Кегирхойн ГӀалахь хилла къона художникийн гайта хӀоттам;
  • Ленинградера художникийн Зонан гайта хӀоттам. Юккъера гайта хӀоттаман зал, Санкт-Петербург;
  • Къона художникийн гайта хӀоттам. Охтехь йолу гайтахӀоттаман зал;
1986 шо
  • Санкт-Петербурган художникийн Союзан пхьалгӀан отчетан гайта хӀоттам;
  • «Вайн заманхо» цӀе йолу Ленинградера художникийн зонан гайта хӀоттам;
  • Ленинградера художникийн БӀаьстенан гайта хӀоттам;
  • «Пачхьалкхан къоналла» цӀе йолу зонан гайта хӀоттам. Охтехь йолу гайтахӀоттаман зал;
1987 шо
  • «Пачхьалкхан къоналла» цӀе йолу республикан гайта хӀоттам. Москва;
1988 шо
  • «БӀаьстенан пейзаж» цӀе йолу Ленинградера художникийн гайта хӀоттам;
1992 шо
  • Портретан республикан гайта хӀоттам. Москва;
1994 шо
  • Долахь йолу галерейхь гайта хӀоттам. Финлянди. Хельсинки;
1995 шо
  • Российн художникин тобанан гайта хӀоттам. ФРГ;
1996 шо
  • «Аврора» журналан редакцехь хилла йолу художникийн тобанан гайта хӀоттам. Санкт-Петербург;
1997 шо
  • «Ерриг Петербург» цӀе йолу гайта хӀоттам. Санкт-Петербург;
2000 шо
  • «Москва — Петербург» гайта хӀоттам;
2001 шо
  • Российн, Италин, Финляндин, Корейн, Японин, Германин художникин гайта хӀоттам. Финлянди, Котка;
  • Российн, Финляндин, Корейн, Японин, Канадан художникийн гайта хӀоттам;
  • Санкт-Петербурган художникийн гайта хӀоттам Пекинехь. Китай;
2002 шо
  • «ЗооАрт» гайта хӀоттам. Санкт-Петербург. Гайта хӀоттаман зал «Манеж»;
  • Китайн, Российн, Австрийн художникийн гайта хӀоттам. Российн исбаьхьаллин Академин музей. Санкт-Петербург;
  • Халкъашна юккъера гайта хӀоттам КСАА. Вена. Австри;
  • Нохчийн художникийн гайта хӀоттам. Исбаьхьаллин академи. Москва;
  • КСАА декъашхойн халкъашна юккъера гайта хӀоттам. Хельсинки. Финлянди;
  • Харбинера а, Санкт-Петербургера а художникаш цхьана бина гайта хӀоттам;
  • Петербургера художникийн юбилейн гайта хӀоттам. Гайта хӀоттаман зал «Манеж»;
2003 шо
  • «Художникаш — Петербурган» цӀе йолу гайта хӀоттам. Санкт-Петербурган 300 шо кхачаран;
2004 шо
  • Китайн, Российн, Австрийн художникаш цхьана йина гайта хӀоттам. Китай;
  • Российн художникаш Венехь бина гайта хӀоттам (Австри). «Российн художникаш — Дуьнега» проект;
  • «Китайх лаьцна ойланаш» цӀе йолу дӀасалелало гайта хӀоттам. Гайта хӀоттаман зал «Смольный»;
2005 шо
  • «Испанин рапсоди» гайта хӀоттам. Анна Ахматован музей;

Лерина шен гайта хӀоттамаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • 1993 шо — Финляндин арахьарачу гӀуллакхийн министерствехь бина гайта хӀоттам. Хельсинки;
  • 1995 шо — Къаьмнийн ДоттагӀалан цӀа (Санкт-Петербург);
  • 1996 шо — «Аврора» журналан редакци (Санкт-Петербург);
  • 1998 шо — Российн гайта хӀоттаман зал. Санкт-Петербург;
  • 2000 шо — Журналистийн цӀан гайта хӀоттаман зал (Санкт-Петербург).

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Указ Президента Чеченской республики № 145 от 1 июля 2004 года о присвоении звания Заслуженного художника Чеченской Республики С. Бицираеву.
  2. Еще один «Заслуженный художник России»
  3. Указ Президента Российской Федерации № 356 от 15 апреля 2013 года

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]