Бицаев, Сергей Владимирович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бицаев, Сергей Владимирович
Вина терахь 1922 шеран 15 май({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1962 шеран 22 март({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (39 шо)
Кхелхина меттиг:
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Красной Звезды

Серге́й Влади́мирович Бица́ев (1922 шеран 15 май({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}), Дигора, Лаьмнийн Автономни Советски Социалистически Республика1962 шеран 22 март({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}), БуритӀе) — кемахо-истребитель, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 4-ча истребительни авиацин армин 269-гӀа истребительни авиацин дивизин 845-гӀа истребительни авиацин полкан звенон командир, Советски Союзан Турпал (1945 шо), майор.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сергей Бицаев вина 1922 шеран 15 майхь Христиановски юртахь (хӀинца Къилбаседан ХӀирийчоьхь Дигора цӀе йолу гӀала) юртбахамхон доьзаллехь.

1939 шарахь цо чекхъяккхира №1 йолу юккъера школа (хӀинца Советски Союзан Турпалийн Сергей Бицаеван а, Александр Кибизован а цӀарах йолу № 1 йолу юккъера школа) а, Дигорин юртбахаман рабфак а. Оццу хенахь цо доьшуш вара БуритӀера аэроклубехь. 1941 шарахь цо чекхъяккхира аэроклуб. Цул тӀехьа иза дӀакхайкхира ЦӀен Эскаре. 1943 шарахь цо чекхъяккхира Краснодарера эскаран авиацин кемахойн школа. Оццу шарахь иза тӀамтӀе дӀавахара. Цо тӀомбира Ленинградски а, Волховски а, 3-гӀа Прибалтийски а, 2-гӀа Белорусски фронташкахь. Иза вара «Як-9» кема лелош[1].

ТӀема хенахь иза тӀемавелира 263-за, дакъа лецира 84 хӀаваан латарехь а, цо ша чудаитира 15 мостагӀийн кема а[2]. 1945 шарахь Бицаев лейтенант а вара, 2-гӀа Белоруссин фронтан 269-гӀа истребитилин дивизин 845-гӀа истребителин полкан звенон командир.

1945 шеран 18 августехь цунна елира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

ТӀом чекхбаьлча иза Советан Эскарехь сецира. Цо дакъалецира Толаман Парадехь. 1946 шарахь иза хилира КПСС декъашхо. Иза вара эскаран доьшийлан эскадрилин куьйгалхо. Цуьнан дешархойн юкъахь вара космонавт Валерий Быковский.

1960 шарахь иза майор волуш хенахь запасе вахийтира. Иза цкъа хьалха Ӏийра Каунасехь, тӀаккха БуритӀе вахийтира. Велира 1962 шеран 22 мартехь[1].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Дашо Седа» мидал;
  • Ленинан орден;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден;
  • Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман 2-гӀа даржан орден;
  • ЦӀен Седан орден;
  • мидалш[1].

Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дигорехь цхьана ураман Бицаеван цӀе а тиллира, цунна Турпалийн Аллейхь хӀоллам а хӀоттийра[1]. Дигорера № 1 йолу юккъера школан Советски Союзан Турпаллийн Сергей Бицаеван а, Александр Кибизован а цӀе тиллира.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Муриев Д. З. Осетии отважные сыны. — Орджоникидзе: Северо-Осетинское изд., 1974.
  • Бетоева М. Д. Дорогами мужества. Книга 1. Владикавказ, 2010.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]