Бирараш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бирараш
Дукхалла 2000 1883 шарахь
ДIасакхалхар Бурея а, Амур а хишца
Мотт Тунгусо-маньчжурийн
Дин Деланийн
Йукъабоьду Тунгусашна

Бирараш (бирарийн маттахь "эрк йистера бахархой") — Тунгусо-маньчжурийн мотт буьйцу къам. Цера дукхалла 2 000 стаг 1883 шарахь. Деха Амуран областера Бурея а, Амур а хишца.

Дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дукхах дерг беха толлуш, кхерсташ. Алсама охьахевшина бахархой Бурейн лаьмнел лакхахьа байн аренашкахула, цигахь латта а леладо, хасбошмаш а юьй. Церан яккхийра а, кегийра а эвланаш дӀасакхийсина Амуран шинне а бердашкахула Бурейн хикхочене кхаччалц а, кхин дӀа а[1].

Этимологи а, даржар а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бирарийн маттахь къоман цӀе «эрк йистера бахархой» бохург ду, Кхин тӀе церан эрк – «бира» Амур дац, ткъа Нюман-бира ду, цундела кхечу къаьмнаш а схьаэцна и цӀе Бурея аьлла, жимма галдаьккхина. Нюман-бира тӀиера хьалха уьш кхелхина Селемджан лакхенашка, цунна чухула Амур чу а кхаьчна, ткъа цул тӀаьхьа кхин а даьржина. Амур тӀаьхь царна аьхна а долуш хьена латта а карийна цхьа дакъа охьахевшина латта лело. Бирарех шира хаамаш битина Поярков куьйгаллехь волу оьрсийн экспедицис (1646). ХӀинца Бирараша шайн тунгусийн аматаш яйина, шуьйра мочхалаш ца хиларна тера богӀу маньчжурех[2].

Амуран мохк Россех схьатоьхначул тӀаьхьа кхелхина Цийн махка Кумара эркан бердашка.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Л.Шренк, "Об инородцах Амурского края", СПб., 1883)
  2. Л.Шренк, "Об инородцах Амурского края", СПб., 1883)