Билаонов, Павел Семёнович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Билаонов, Павел Семёнович
Вина терахь 1919 шеран 17 октябрь({{padleft:1919|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1996 шеран 28 май({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж инарла-лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ

Павел Семёнович Билаонов (1919 шеран 17 октябрь({{padleft:1919|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}), Дигора1996 шеран 28 май({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}), Киев) — советан эпсар, Советски Союзан Турпал, генерал-лейтенант (1969 шеран 21 февраль).

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом хенахь 2-гӀа Украинан фронтан 40-гӀа армин 133-гӀа кхиссархойн дивизин 681-гӀа кхиссархойн полкан командир, гвардин подполковник.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Киевехь долу Билаонован каш.

Вина 1919 шеран 17 октябрехь Христиановски юртахь (хийнца Дигора гӀала, Къилбаседан ХӀирийчоь). Цо чекхъяккхира БуритӀера № 5 йолу юккъера школа. И чекхъяккхча цо болх бира «Электроцинк» заводехь.

1937 шарахь иза дӀакхайкхира ЦӀен Эскира. 1939 шарахь цо чекхъяккхира БуритӀера эскеран гӀашсалтийн доьшийла. Цул тӀехьа иза вара Ейскехь пулемётийн взводан командир.

1942 шеран апрель дуьйна иза фронтехь ву. Цо тӀом бира Сталинградски а, 2-гӀа Украински а фронташкахь. 1942 шо дуьйна иза КПСС декъашхо ву.

Билаоновс Сталинградски тӀамехь жигара дакъа лецира. 293-гӀа кхиссархойн дивизин штабан эпсар волуш цо жигара дакъа лецира Громки а, Илларионовски а юрташ паргӀат йоккхуш. ТӀаккха танкийн десантан коьртехь иза вара Платонов а, Голубински а, Верхняя Бузиновка а юрташ схьайоккхуш. Оцу тӀамехь Билаонован дакъас хӀаллаквира 300 мостагӀийн салтий а, схьалецира 1200 салтий а, эпсар а, 17 йоккха топ а, 60 маше а.

1942 шеран декабрехь Билаонов хӀоттийра кхиссархойн полкан штабан куьйгалхо. Цул тӀаьхьа дукха хан ялале иза хӀоттийра цу полкан командир. Оцу полкан Билаонов коьртахь волуш цуьнан полкас дакъа лецира «Пхи курган» цӀе йолу схьайоккхуш. МостагӀан доккха зен динера. Билаонован чолхе чевнаш йинера, амма иза мостагӀа эшаваллалц госпитале дӀа ца вахара.

1944 шеран 24 мартехь Билаонов коьртехь волу 681-гӀа кхиссархойн полкас хьалхарчарна юкъахь Винницки областин Липчаны юртан уллехь Днестран дехьа а елира, масийтта нах беха меттиг а схьа а яккхира. Цхьана дийнахь полкас хӀаллак йира 3 танк а, 60 герзах йоттина маше а, схьалецира 150 фашист а.

1944 шеран 13 сентябрехь цунна елира Советски Союзан Турпалан цӀе.

1950 шарахь цо чекхъяккхира Фрунзе цӀе йолу Эскаран академи, 1961 шарахь — Генеральны штабан Эскаран академи, 1969 шарахь — Лакхара академически курсаш. 1961 −1965 шерашкахь иза вара Прикарпатски эскаран округан 8-гӀа танкийн армин куьйгалхон когаметтаниг. 1971 шарахь иза хержира Украинан ССРн Лакхара Советан 8-гӀа гуламан депутатан. 1968—1974 шерашкахь иза вара Прикарпатски эскаран округан 38-гӀа армин куьйгалхо.

1980 шо дуьйна П. С. Билаонов отставкехь вара. Иза Киевехь Ӏаш вара. 1996 шеран 28 майхь иза велира. ДӀавоьллира Киевехь Лукьяновски эскаран кешнашкахь.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Ленинан орден (1944 шеран 13 сентябрь);
  • Шиъ ЦӀен Байракхан орден (1943 шеран 2 апрель; 1944 шеран 28 август);
  • 3-гӀа даржан Суворован орден (1945 шеран 25 январь);
  • Даймехкан тӀеман 1-гӀа даржан орден (1985 шеран 11 март);
  • Кхоъ ЦӀен Седан орден (1943 шеран 28 февраль; 1953 шеран 20 апрель; 1967 шеран 22 февраль);
  • мидалш.

Дагахьлаттавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билаонован цӀе тиллина Дигора гӀалахь болу урам. Циггахь Силаллийн Аллейхь цунна хӀоттийна хӀоллам.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Муриев Д. С. Осетии Отважный сыны. — Орджоникидзе: Северо-Осетинское изд., 1974

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Hero of the Soviet Union medal.png Билаонов, Павел Семёнович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».