Бидольо, Людовико

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Бидольо Людовико
Ludovico Bidoglio 1930.jpeg
Юкъара хаамаш
Харц цӀе Vico
Вина терахь 1900 шеран 5 февраль({{padleft:1900|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Буэнос-Айрес, Аргентина
Кхелхина терахь 1970 шеран 25 декабрь({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (70 шо)
Кхелхина меттиг хууш дац
Гражданалла Аргентинин байрак Аргентина
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1916—1917 Аргентинин байракх (1812—1985) Спортиво Палермо
1918—1919 Аргентинин байракх (1812—1985) Эурека
1920—1921 Аргентинин байракх (1812—1985) Спортиво Палермо
1922—1931 Аргентинин байракх (1812—1985) Бока Хуниорс 209 (1)
СовгӀаташ а, мидалш а
Къилба Америкин чемпионаташ
Деши Буэнос-Айрес 1925
Деши Перу 1927
Олимпийн ловзарш
Дети Амстердам 1928 футбол
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Бидо́льо Людови́ко (испан. Ludovico Bidoglio; 1900 5 февраль, Буэнос-Айрес1970 25 декабрь) — аргентинин футболист, турсло, гӀараваьлла «Боку Хуниорсехь» а, Аргентинин гулйина командехь а ловзарца. Латинан Америкин хьалхарчу исторехь уггаре дикачех цхьа турсло, дукха хӀонсаш яьхна.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Карьера йолийра «Спортиво Палермо» клубехь. Юьхьанца левзира тӀелатархочун позицехь, амма цхьаьна матчехь командин турсло лазийча, Бидольос дӀалецира цуьнан меттиг, кхин цкъан а тӀелатархочуьн позицехь ца левзира. «Спортиво Палермо» юкъахь ши шо даьккхина иза дехьавелира «Эурека» клубе, цигахь левзира деа шарахь. 1922 шарахь Бидольо дехьавелира «Бока Хуниорс» клубе, йисина хан ерриг цунна юкъахь левзира, ма-дарра аьлча итт шарахь, оцу клубехь левзира 200 сов матчехь. Муттис Рамонца цхьаьна Людовикос чӀогӀа онда дуьхьалонан шед бора «Бокехь». Бидольон элегантан, исбаьхьаллин ловзаран хатӀ чӀогӀа къаьстара дукхаха болчу Къилба Америкин турслойн морса ницкъаллин амалех, оцу ловзаро къобалвайтира иза хьовсархошка а, прессега а.

«Бокин» юкъахь иза пхоьазза Аргентинин чемпион хилла. Аргентинин гулйина командин юкъахь Бидольо левзина 34 матчехь. Цуьнан зама яра аргентинин-уругвайн дуьхьалонан зама латинаамерикин футболехь. Иза левзина континентан пхеа чемпионатах, цуьнан командо яьккхина шиъ, ткъа кхаа чемпионатехь тоьлла Уругвай, аргентинхой шолгӀа а буьтуш; Олимпиада-1928 иштта яьккхира Уругвайс, финалехь аргентинхой иэшийна; билгала даккха деза, оцу массо а турнирашкахь Бидольо левзира шен командин ерриг матчашкахь. Аргентинхоша хьалхара кхо матч йоккхачу чоьтаца яьккхина, ткъа финалехь юха ловзуш Уругвайл иэшна олимпиада, тӀаьххьара дуьненаюкъара турнир хилира Бидольон карьерехь.

Клубан тӀегӀанехь иза левзира кхин а кхаа шарахь. 1931 шо, аргентинин футболан историн хьалхара профессионалийн шо, чекхделира «Бокин» толамца, иза хилира Бидольон тӀаьххьара хӀонс. Шо чекхдаллалц ца ловза велира иза — «Эстудиантесан» дуьхьала матчехь иза Сосая Альбертца Ӏоттавелла, чӀогӀа лазийра, цуо цуьнан карьера сацийра.

Футболан карьера чекхъяьлча Бидольос электрик болх бира. Велла 1970 шарахь.

Хаза факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

1999 шеран футболех ловзаран Америкин кедехь Венесуэлин гулйина командин юкъахь левзира Аргентинехь вина Бидольо Эктор(ингалс.), иза вара Бидольо Людовикон кӀента кӀентан кӀант.[1]

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Бока Хуниорс»
  • Аргентинин чемпион (5): 1923, 1924, 1926, 1930, 1931
  • Аргентинин чемпионатехь 2-гӀа меттиг (3): 1927, 1928, 1929
  • Аргентинин чемпионатехь 3-гӀа меттиг (1): 1922
Аргентинин гулйина команда

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]