Бзаров, Георгий Николаевич

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бзаров, Георгий Николаевич
Вина терахь 1911 шеран 1 май({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1943 шеран 23 ноябрь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (32 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж подполковник[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красной Звезды

Гео́ргий Никола́евич Бза́ров (1911 шеран 1 май({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}), Батако[d], Терски область1943 шеран 23 ноябрь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}), Радуль, Черниговская область[d]) — советски эскаран гӀуллакхо, подполковник, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1911 шеран 1 майхь Къилбаседан ХӀирийчоьнан Правобережны кӀоштан Шира Батакоюртахь юртбахамхон доьзаллехь.

Цо чекхъяккхира БуритӀехь йолу хьехархойн техникум а, партийн курсаш а. Цул тӀаьхьа цо комсомольски болх бан волавелира.

1932 шарахь иза РККА дӀакхайкхира. 1936 шарахь цо чекхъяккхира Орджоникидзевски эскаран гӀашсалтин доьшийла. 1939 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом[нисъе бӀаьра | нисъе]

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом бола ма белла иза фронте вахара. 1943 шеран 29 сентябрехь подполковник Бзаров, 32-гӀа гвардейски кхиссархойн полкан куьйгалла деш (12-гӀа гвардейск кхиссархойн дивизи, 61-гӀа арми, Юккъара фронт), Глушец (Гомельски область, Лоевски к1ошт) юртан уллехь Днепрал дехьа елира. Полкас плацдарм схьа а яккхина дивизин некъ беккхира. 1943 шеран 23 ноябрехь Бзаровна чоьлхе чов йира, иза Днепран сехьа а веккхира. Радуль юртахь госпиталехь Георгий Бзаров велира. Иза дӀавоьллина Черниговски областан Репкински кӀоштан Радуль юртахь.

1944 шеран 15 январехь (веллачултӀехь) цунна елира Советски Союзан Турпалан цӀе.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Медаль «Дашо Седа»;
  • Ленинан орден;
  • ЦӀен Седан орден;
  • Мидалш.

Дагахьлаттавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Ларина В. И. «...Заслуживает присвоения звания «Герой Советского Союза» (Бзаров Г. Н.) // Их именами названы улицы. — Орджоникидзе: Ир, 1979. — С. 158—161.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]