Берланга, Томас де
Томас де Берланга | |
испан. Tomás de Berlanga | |
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | |
---|---|
Вина терахь | |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | |
Кхелхина меттиг | |
Гражданалла | |
![]() |
Томас де Берланга (испан. Tomás de Berlanga; 1487 — 8 августехь 1551) — Испанин мозгӀар а, некъахо а. Панаман веалгӀа епископ. ГӀараваьлла Галапагосан гӀайренаш еллар бахьнехь.
Биографи[нисъе | нисъе чухулара]
Вина Испанехь Сори провинцера Берланга-де-Дуэро гӀалахь. 1508 шарахь доминиканхойн мозгӀарийн орден юкъавахана. Эспаньола (хӀинцалера Гаити гӀайре) гӀайренан приор даржехь лаьттина, Берланга бахьнехь 1528 шарахь Испанин ша-шах йолу провинци хилира. 1530 шарахь Панаман епископ хӀоттийра.
1535 шарахь Берланга хӀордан новкъа Панамера Перу вахара, цигахь бухарчу католикашна коьрте хӀоттавезаш вара иза. Новкъан бархӀалгӀачу дийнахь цуьнан кема штиль юкъа нисделира, ткъа экваторан хилеларо дӀаваьхьира иза малхбузе америкин бердан генна. 10 мартехь кеман экипажан гира архипелаган цхьа гӀайре, тӀехьа Галапагос цӀетиллира. Кестта карийра архипелаган кхин масех гӀайре. Испанин паччахье V-гӀа Карле Берланга яздинчу кехатехь хаийтира шен географин дӀаделларех лаьцна, ткъа иштта яздира Галапагос гӀайренийн тамашийна дийнатех лаьцна: доккха адам тӀехиъчи ловш йолу яккхийра пийлан уьнтӀапхьидех а, игуанех а, цуо дийцарехь, «шайтӀанах тера а йолуш».
1537 шарахь Томас де Берланга цӀавирзира Испани, шеца ялийра 3 метр гергга еха кайман. ХӀинца оцу каймана зӀоьмалг ган таро ю Берланга-де-Дуэро гӀалин кафедралан килсанехь. Велла Томас де Берланга 1537 шеран 8 августехь ша винчу гӀалахь.
Хьасташ[нисъе | нисъе чухулара]
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|