Чулацаман тӀегӀо

Беркъаниг

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
СагӀа доьхург. 1891 шо

Беркъаниш — сагӀанан, гӀоьналлин, гергарчеран гӀоьнан, гӀоьналлин кхолламан йа пачхьалкхан чоьтах деха, къоьллин дозанехь долу адамийн категори.

«Беркъа нах». Калло Жакан офортца Ланье Жакан сурт (1657)

Беркъаниш бевза уггаре ширачу заманахь дуьйна. Беркъалла йаржорна боккха агӀо лаьцна керсталло, иза даржарца йукъабовлура тӀаьхь-тӀаьхьа алсама буьйлуш Ӏийса пайхамаран وصلة= дуьхьа сагӀа доьху беркъаниш. Византи тӀех йуьзина йара беркъачарех, ийшира иза даржарна дуьхьала хьажийна императорийн Юстинианан а, Феодосийн а башха декреташ, кхечу агӀор, желтойн лакхара иерархаша ойла йалайо, «хьал долчарна Далла детица совгӀат до беркъачеран дуьхьа», иштта, сагӀанан кхетаман гуо бо динан сийлаллин нуьро. Католикийн Европехь беркъалла иштта схьаоьцу шен куьйга кӀела килсо; сагӀа лору уггаре дела реза волу гӀуллакх.

XIII бӀешарахь кхоллало башха «беркъалела монахийн» орденаш (Mendicantes). Папас Лев XII-гӀачо цхьацца беркъанаш хилийтар тӀедиллина, адамашна беркъаллех долу весеташ диц ца далийта.

Ингалсчохь 1601 шарахь тӀеэцна «беркъачарна социалан гӀодарах лаьцна» закон, цуьнца килсашна тӀедуьллура беркъачарна — пауперашна гӀодар, ткъа беркъачарна бедарш тӀе Р элп тегна иза лело дезара, уьш йукъараллин чоьтах бехаш хилар гайтархьама. Нагахь килсийн ахча ца тоьича, гӀоьнна ахча доккхура берриг бахархойх церан сане хьаьжжина пропорцица, цу тӀе цхьацца меттигашкахь налог лаьттан дайша ца токхура, ткъа токхура лаьттан бегонда токхучара[1]. 1834 шеран берркъачарех лаьцна законаца паупершна ахчанца гӀодар сацийра, царна Ӏуналла дар тӀедиллира белхан цӀенна, иза кӀезиг къастара набахтех. тӀаьхьарчарех къаьсташ, белхан цӀеношна чу нах зуламаш дарна ца бохкура, ткъа беркалла бахьнехь бохкура. Цу тӀе администрацис дуьззина леладора церан къинхьегаман стоьмаш, алапа шайна дуьтура йуучунна бохуш. Доьзалаш къастабора: наношна цкъан а шайн бераш ца гора, цамагадора вежаршна йижарийн ган а, зударшна майранаш ган а. Пауперш беллачул тӀаьхьа шайн доладан йиш йолуш бацара: 1832 шеран парламентан «Анатомин акто» бакъо лора беркъачеран декъий анатомин театрашкахь зуламхой декъашца цхьаьна могӀара препараташна дӀадахьа[2].

Беркъаниш Россехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
XIX бӀешарахь Россехь хилла беркъалла, йехара «Ӏийса пайхамаран وصلة= дуьхьа» лучу сагӀанах, гойту Васнецов Викторан сурт тӀехь «Беркъа беканчаш (Деле дуӀа дийриш)». 1873

1877 шарахь сагӀа доьхург, ЧГӀМ комиссин официалан хаамашца, вара 293495 стаг 71 губернехь[3]. 1897 шеран дуьххьара нах багарбаро гайтина 362 эз. беркъаниг, кхерстарг, некъало, Деле дуӀа дийриг, кхин а 316 эз. стаго шеш лелориг ца гайтина[4]. Революци хилале хьалхара талламчаш беркъачера цӀа ца хиларе Ӏедалан структурашна социумо Ӏаткъам баран жамӀе санна ца хьовсура, уьш бараман а, сурт хӀотторан а хаамаш гулбеш бара беркъаллех а, кхерстарх а[5]. XIX—XX бӀешераш хийцалучу хенахь цӀа доцучух олура «беркъакхерстарг». Иштта амал хӀоттайора хӀусам йоцу, цхьанхьа болх беш боцу, баха сагӀа гулдечу адамийн категорина[5].

Ширачу заманахь уггаре беркъачеран уггаре даьржина тайпа дара кхерста беканчаш, доккхаха долу дакъа бӀаьрзе хуьлура, масала Малороссехь бӀаьрза къаной, бандурахой йа кобзарш. Великороссехь оцу кепах олура дӀасалела зьӀапхой. Оьрсийн латтан тӀехь беркъаллица луьста маьӀнехь уьйр йу некъалаллица, зийараташка эхарца, кхерстарца. Церан бух тӀехь го дин, амма чолхедаьккхина славянийн синтемзалло, меттигаш хийцаран шовкъо, кхин дӀа а. Иштта кепара, Россехь йаьржина башха тайпана беркъалла, иза чӀогӀа къаьста малхбузеневропин беркъаллех. Малхбузен беркъаниг дукха хьолехь хьекъална а, эхь-бехканна а, материаланна а кӀезиг ву; Россехь беркъаниг хета лелла стаг, иза чуваханчу хӀора хӀусамехь persona grata, самукъане а, гӀелцало а «ша лелла меттигех лаьцна» дийцархо. Оцу тайпана беркъачарех кхета мелла а охьахиина волу «гӀалин беркъаниг», ткъа цхьанна тӀера шолгӀаче волуш башха тайпа ду, бес-бесара меттигашкахь цуьнан тайп-тайпана ца беша цӀераш йу, масала: къехой, когаш берзина команда, телхина нах, дешин рота, раклаш, шахайш, иштта кхин а. ТӀаьххьара категорин беркъачеран кхин хила йиш йоцу цабезам бара ницкъала къинхьегамна, цунах уьш кӀелхьара бовлура муьлхха бахьна хӀоттадой.

XIX бӀешеран Русера беркъачарна йукъахь хилла ша тайпана маьрша йукъакхеттарш: беккъа сагӀанах беха мозгӀарш, беркъаллин хала дакъа зиен лиина шайн бахам мискачарна дӀабекъна, Далла муьтӀахь хиларан а, собаран а жӀар лело лиина. Бакъ болу беркъазниш — уьш бу таро йоцу, малхо багийна, шешша бисина, бевдда, бӀаьрзе бисина, кхин дӀа а. Тайп-тайпана халкъан бохамаша, масала, уьнаша, цӀе йаларо, меца шераша хаъал йузура и контингент. Беркъачеран могӀаршка хӀуьттура дуккха а гайца хьарамхой "беркъа-промышленникаш" — "бӀаьрзе сагурш", бовда таро йолу астагӀанаш, Декха берийн меттана карахь хьарчийна тайнигаш йолу зударий, иштта кхин дӀа а. Францехь хьалхара заманахь беркъачеран Ӏойлех олура «Cours des miracles» («инзаре гӀаланаш»), хӀунда аьлча берриг бӀаьрзенаш, астагӀнаш, къорнаш оцу хӀусамашкахь, оьшучу хенахь, могаш нах хуьлура. Уьш бара йоккхачу шахьрахь, йуккъерабӀешерий Парижехь йара иштта 11 керт; царех уггаре йоккханиг дӀайаьккхира Ӏедало 1667 шарахь.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Светлана Сорока. (PDF) Новый Закон о бедных 1834 года как основа современной системы местного управления Великобритании (инг.). ResearchGate (2017 шеран январь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 17 март.
  2. Анастасия ЛОТАРЕВА. «Моя рука тяжела, но сердце полно любви». Милосердие.ru (2017 шеран 12 январь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 17 март.
  3. http://static.iea.ras.ru/books/Butovskaya_bredushie_sredi_nas.pdf С. 18
  4. http://static.iea.ras.ru/books/Butovskaya_bredushie_sredi_nas.pdf С. 19
  5. 1 2 Талынёв В. Е., Хвоин Н. Н. К вопросу сущностного определения понятия «Бездомный»: исторический генезис
Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «butovskaya.dyakov.vanchatova» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «беркъа»

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]