Чулацаман тӀегӀо

Бериша, Бернард

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бериша Бернард
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1991 шеран 24 октябрь({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})[1] (34 шо)
Вина меттиг Печ, СФРЮ
Гражданалла Албанин байракх Албани
Республика Косовон байракх Косово[2]
Локхалла 165 см
Позици ахтурсло
Информаци клубех
Клуб Албанин байракх Динамо Сити
Клубан карьера[* 1]
2010—2012 Республика Косовон байракх Беса (Печ) 44 (10)
2012—2014 Албанин байракх Беса (Кавая) 49 (6)
2014—2016 Албанин байракх Скендербеу 49 (8)
2016 Россин байракх Анжи 28 (4)
2017—2025 Россин байракх Ахьмад 173 (22)
2025—хӀ.а. Албанин байракх Динамо Сити
Къоман гулйина команда[* 2]
2015—2024 Республика Косовон байракх Косово 27 (1)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 2025 шеран 11 августехь.
  2. Официалан матчашкахь къоман тобанан ловзарийн а, голийн а барам, карладаьккхина 2024 шеран 25 июлехь.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Бери́ша Берна́рд (алб. Bernard Berisha; вина 1991 шеран 24 октябрехь, Печехь, СФРЮ) — косовон-албанин футболист, ахтурсло. Левзина Косовон къоман гулйина командехь[3][4].

«Беса Печ» цӀе йолу клубехь ловза волавелира Бериша. Цигахь цо ши шо даьккхира. Иштта шина шарахь иза левзира Албанера «Беса» клубехь. 2014 шеран 27 майхь цо цхьана шаран контракт йира «Скендербеу» клубаца[5][6]. Оцу клубехь Беришин хьалхара ловзра хилира Чемпионийн лигин 2014/2015 шарахь Белорусера БАТЭ дуьхьалв ловзуш. Иза ловзар дӀадолалуш ара а велира, 60-гӀа минутехь хийцира. Ловазр чекхделира 1:1 чот йолуш. БАТЭ кхидӀа чекхйелира хьошалгӀахь тоьхна гол бахьнехь[7]. Цул тӀаьхьа Беришас шен клубаца Албанин Суперкад баьккхира, «Фламуртари» цӀе йолу клуб а эшийна — 1:0[8].

2014 шеран 23 августехь хилира Беришан Албанин Суперлигехь хьалхара ловзар — иза йуьззина матч левзира «Эльбасани» клубан дуьхьала «Кемаль Стафа» стадионехь[9]. Цу шеран октябрехь хилира Беришин Албанин Кедехь хьалхара ловзар «Химар» цӀе йолу клубан дуьхьала. Цо шинна а ловзарехь дакъалецира, хӀора ловзарехь цхьацца гол а туьйхира. «Скендербеу» кхидӀа чекхйелира йерриг чот 20:1 йолуш[10][11].

2014/15 шо чекхдолуш Беришас «Скендербеуца» контракт йахйира 2017 шо кхаччалц[12].

Бериша «Анжи» тобанехь 2016 шеран ноябрехь

2016 шеран январехь Беришас контракт йазйира Махачкалара «Анжица» 3,5 шаран[13]. Беришица гӀуллакх долуш иштта йара Москвара «Локомотив»[14]. 2016 шеран 12 мартехь цо туьхира шен хьалхара гол керлачу тобанехь «Уралан» кевначу (2:4). 2016 шеран гурахь цо туьхуьра ши гол «Зенитан» кевначу Каспийскехь: 25 сентябрехь пенальтица Россин чемпионатан ловзарехь (2:2), 27 октябрехь Россин Кубкехь (4:0).

2016 шеран 26 декабрехь «Терекс» хаийтира шен «Анжица» хилла барт Бериша «Терекан» ловзархо хирву аьлла. 2017 шеран 4 январехь Беришас йира керлачу тобанца 3,5 шеран контракт.. «Терекехь» цо хержира номер «77». 8 апрелехь «Арсеналца» ловзуш (3:1) цо шен хьалхара гол туьхуьра керлачу клубехь.

2019 шеран 14 июлехь России чемпионатан 2019/20 шерийн сезонехь Беришас Соьлжа-ГӀалахь «Краснодаран» гол туьхуьра (1:0). 2019 шеран 31 августехь «Тамбовца» Соьлжа-ГӀалахь ловзуш тӀаьххьара минотеха цо счёт нисйира (1:1). КхозлугӀа цо тоьхна гол оцу чемпионатехь цуьнан тӀаьххьара гол хилира. Иза цо туьхуьра 2020 шеран 19 июнехь «Крыльев Советов» тобанен кевначу Самарехь ловзуш (4:2).

2020 шеран 26 августех Москвахь ловзуш цо шен тобанан толам беккхира «Локомотиван» кевначу гол тоьхна (3:2). Иза йара цуьнан Россин чемпионаташкахь 10-гӀа гол.

«Скендербеу»

Ловзарийн статистика

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Клубийн статистика

[бӀаьра нисйан | нисйан]
2023-10-23 хьолан
Сезон Клуб Чемпионат Лига Кубкаш Еврокубкаш Йерриг
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
2012/13 Албани Беса Албанин Суперлига 21 3 2 0 0 0 23 3
2013/14 28 3 1 1 0 0 29 4
Йерриг 49 6 3 1 0 0 52 7
2014/15 Албани Скендербеу Албанин Суперлига 32 4 8 3 1 0 41 7
2015/16 17 4 2 0 12 2 31 6
Йерриг 49 8 10 3 13 2 72 13
2015/16Россин байракх АнжиПремьер-лига 11120131
2016/17 17321194
Йерриг 2842120325
2016/17Россин байракх АхьмадПремьер-лига 8181
2017/18 23110241
2018/19 21010220
2019/20 22331254
2020/21 27841319
2021/22 131131
2022/23 20570275
2023/24 12150171
Йерриг 1462021216722
Йерриг карьерехь 272383671322032347

Гулйина тобанехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Матчи и голы Бернарда Бериши за сборную Косова
Терахь Меттиг Къийсамхо Счёт Голаш Къийсам
1 2015 шеран 10 октябрь ГӀалин стадион, Приштина Экваторан Гвиней Экваторан Гвиней 2:0 ДоттагӀаллин ловзар
2 2015 шеран 13 ноябрь ГӀалин стадион, Приштина Албани Албани 2:2 ДоттагӀаллин ловзар
3 2016 шеран 3 июнь Фольксбанк Штадион Франкфурт, Майн-тӀера-Франкфурт Фарерийн гӀайренийн байракх Фарерийн гӀайренаш 2:0 ДоттагӀаллин ловзар
4 2016 шеран 5 сентябрь Веритас, Турку Финлянди Финлянди 1:1 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
5 2016 шеран 6 октябрь Лоро Боричи, Шкодер Хорвати Хорвати 0:6 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
6 2016 шеран 9 октябрь Стадион Краковии, Краков Украина Украина 0:3 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
7 2017 шеран 24 март Лоро Боричи, Шкодер Исланди Исланди 1:2 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
8 2017 шеран 11 июнь Лоро Боричи, Шкодер Туркойчоь Туркойчоь 1:4 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
9 2017 шеран 5 сентябрь Лоро Боричи, Шкодер Финлянди Финлянди 0:1 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
10 2017 шеран 9 октябрь Лаугардалсвёллур, Рейкьявик Исланди Исланди 0:2 2018 шеран Дуьненан чемпионатан квалификаци
11 2017 шеран 13 ноябрь Олимпийн Адам Яшари стадион, Митровица Латви Латви 4:3 ДоттагӀаллин ловзар
12 2018 шеран 24 март Жан Роллан, Франконвиль Мадагаскар Мадагаскар 1:0 ДоттагӀаллин ловзар
13 2018 шеран 29 май Летцигрунд, Цуьрих Албани Албани 3:0 ДоттагӀаллин ловзар
14 2019 шеран 21 март Фадиль Вокри, Приштина Дани Дани 2:2 ДоттагӀаллин ловзар
15 2019 шера 10 октябрь Фадиль Вокри, Приштина Гибралтаран байракх Гибралтар 1:0 ДоттагӀаллин матч
16 2020 шеран 6 сентябрь Фадиль Вокри, Приштина Желтойчоь Желтойчоь 1:2 1 УЕФА къаьмнийн лига 2019/2020
17 2020 шеран 11 ноябрь Эльбасан Арена, Эльбасан Албанин байракх Албани 1:2 ДоттагӀаллин матч
18 2020 шеран 15 ноябрь Стожице, Любляна Словенин байракх Словени 1:2 УЕФА къаьмнийн лига УЕФА 2020/2021

Йерриг: 18 матч / 1 гол; eu-football.info.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Bernard Berisha // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Профиль на сайте transfermarkt.com. ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 18 март. Архивйина 2016 шеран 16 мартехь
  3. "UEFA profile". UEFA.com. Архивйина 2014 ш. 07 октябрехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь.
  4. "Shkëlqen Berisha, fitohet kosovari". Panorama Sport. 2012-08-11. Архивйина 2014 ш. 23 февралехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь.
  5. "Bernard Berisha zyrtarisht lojtar i Skënderbeut". OraNews.TV. 27 May 2015. Архивйина 2015 ш. 17 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь.
  6. "Bernard Berisha, goditja më e fundit e Skënderbeut". Sport.Albeu.com. 27 May 2015. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь. Архивйина 2018-06-19 — Wayback Machine
  7. "BATE eke out Skënderbeu success". UEFA. 22 July 2014. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь.
  8. "Skënderbeu e nis me trofe, fiton Superkupën e Shqipërisë". Panorama Sport. 17 August 2014. Архивйина 2014 ш. 20 августехь. ТӀекхачаран де: 2014 ш. 17 августехь.
  9. "Kursehet Skënderbeu, shpërdoron Elbasani. File: Ishim Të pafat, prisni Elbasan ndryshe". Panorama Sport. 24 August 2014. Архивйина 2014 ш. 26 августехь. ТӀекхачаран де: 2014 ш. 09 ноябрехь.
  10. "Skënderbeu merr një fitore rekord në Kupë. Josa: Ishte formalitet, tani mundim Tiranën". Panorama Sport. 2 October 2014. Архивйина 2015 ш. 17 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь.
  11. "Skënderbeu e bën rrugë, turpëron sërish Himarën". Panorama Sport. 23 October 2014. Архивйина 2015 ш. 17 июлехь. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь.
  12. "Berisha, rinovimi i radhës te kampionët". Sport Ekspres. 13 June 2015. ТӀекхачаран де: 2015 ш. 16 июлехь. Архивйина 2015-07-21 — Wayback Machine
  13. Полузащитник сборной Косово Бернард Бериша перешел в ФК «Анжи». ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 15 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 17 сентябрехь
  14. Нападающий «Скендербеу» Бериша попал в сферу интересов «Локомотива». ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 6 ноябрь.