Чулацаман тӀегӀо

Берзан кӀеза (телесериал)

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Берзан кӀеза
инг. Teen Wolf
Жанр боевик
романтика
Ӏаламан тӀехулара триллер
жимахойн драма
Бухбеллина Берзан кӀеза
Рольшкахь Тайлер Пози
Кристал Рид
Дилан О'Брайен
Тайлер Хеклин
Холланд Роден
Колтон Хэйнс
Шелли Хенниг
Арден Чо
Дилан Спрейберри
Линден Эшби
Мелисса Понцио
Джей Ар Борн
Композитор Дино Менегин
Пачхьалкх  АЦШ
Мотт ингалсан мотт
Сезонаш 6
Сереш 100 (Серийн_могӀам)
Кхоллар
Кхочушден продюсер Джефф Дэвис
Продюсер Эрик Уоллес
Грэхэм Вандербилт
Блейн Уильямс
Блейн Уильямс
Тайлер Поси
Росс Максвелл
Оператор Джонатан Холл
Рис Пэйсли
Дэвид Дэниэл
Яьккхина меттиг
Серин йохалла 40-53 мин
Студи Adelstein Productions
DiGa Vision
First Cause, Inc.
Lost Marbles Television
Siesta Productions
MTV Production Development
MGM Television
Трансляци
Телеканал MTV
Экранаш тӀехь 2011 шеран 5 июнехь — 2017 шеран 24 сентябрехь
Видео формат 16:9
Хьажоргаш
Официальный сайт
IMDb ID 1567432

«Берзан кӀеза», кхин а йевза «ГӀам» (инг. Teen Wolf) цӀарца — Ӏаламан тӀехулара драмин телесериал, йаьккхина 1985 шарахь иштта цӀе йолчу фильман мукъамца АЦШхь MTV каналан заказца. Премьера хилла 2011 шеран 5 июнехь «MTV Movie Awards» совгӀат даларан церемонел тӀаьхьа[1][2].

Шоус дика маххадийра, гулбира 61 балл гулбан таро йолчу 100 Metacritic сайт тӀаьхь[3]. Сериалан премьеро тӀеозийра 2,18 млн хьажархо[4]. Шоу официалан йахйира 2 шарна 2011 шеран 14 июль кхаччалц[5], йаккха йолийра 2011 шеран ноябрехь. 2 шеран премьера хилира 2012 шеран 3 июнехь[6]. 2012 шеран 12 июлехь «Берзан кӀеза» йахйира 3 шарна, лаьттара 24 серех, йаккхаран меттиг дехьайаьккхира Лос-Анджелесе, Калифорни. Шеран премьера хилира 2013 шеран 3 июнехь, йелира керла лакхара рейтингаш. Комик-Конехь (Comic-Con) Нью-Йоркехь официалан кхайкхийра сериал кхин дӀайахьарх а, 2014 шеран июнехь 4 шо арахецарх а. 2014 шарахь Comic-Con Сан-Диегохь официалан кхайкхийра сериал кхин а дӀайахьарх, 5 шо арахецарх. Шо шина декъе доькъур ду, цунна чохь 20 кийсиг хир йу.

2015 шеран июлехь сериал йахйира йалхолгӀачу шарна, иза лаьттара 20 кийсигах. 2016 шеран 21 июлехь Comic-Con Сан Диегохь кхайкхийра, 6-гӀа шо тӀаьххьара хир ду аьлла[7]. ЙалхолгӀа шеран хьалхара декъан премьера хилира 2016 шеран 15 ноябрехь[8], ткъа шолгӀа декъан 2017 шеран 30 июлехь[9].

Макколл Скотт — йалхийтта шо долу кхиархо, цхьаьна бусахьуьнхахь ничвеллча, ка а тухий чӀогӀа чов йо, берзах тера, ца девзачу экхано. Дукха хан йалале Скотта тидам бан волало шен чохь хийцамаш хиларна, масала хазар а, ницкъ а, сихха регенераци а, сихха рефлексаш а хила таро хилар. Шен уггаре дика доттагӀчуьнца Стайлз Стилинскица а, мичара даьлла ца хуучу гӀеман Дерек Хейлан а гӀоьнца иза Ӏама везаш шен собар чӀагӀдан, шен доьзал а, доттагӀий а, йоӀ а — Эллисон Арджент — Альфех, гӀемах, ша винчу…

«Берзан кӀеза» телесериалан персонажийн исписка

Серийн исписка

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Берзан кӀеза» телесериалан кийсигийн исписка»

Йаккхаран истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2009 шеран июнехь MTV канало кхайкхийра, классикин кегийрхойн 1985 шеран комедин керла верси йаккха кечлуш ду Фокс Майкл Джейца — цара дийцарехь, проект алсама ладаме хир йу, цуо шорйийр йу гӀемийн паналлин мифологи, кхин а хир йу драмин, романтикин комедин, къемат фильмийн жанрийн иэдар[10]. Иза фильман шолгӀа телеадаптаци йу иштта цӀе йолу мультсериалал тӀаьхьа, иза йаьккхинера CBS канало, эфире йаьллера 1986 - 1987 шерашкахь.

1 шеран логотип.

Актёраш лаха болийра 2009 шеран декабрехь. Коьрта ролашка ийцира Тайлер Пози, Кристал Рид, Тайлер Хеклин, Дилан О’Брайен, Холланд Роден, Колтон Хэйнс. Поузин кхечира ишколхочун Скотт Макколлан коьрта роль, цунна кА туху гӀемо; Рида ловзайо керла Эллисон Арджентан роль, цунна сихха везало Скотт, цунах доттагӀ хуьлу гӀарайаьллачу дешархочун Мартин Лидин; Хеклина ловзайо Дерек Хэйлан, гӀира-гӀеман роль; О’Брайенна кхаьчна Стайлзан роль, Скоттан уггаре дика доттагӀ; Родена ловзайо Мартин Лидин роль — гӀарайаьлла а, коьрте йеза а ишколхо, ткъа Хэйнса ловзайо Джексон Уиттморан роль — лакроссехь а, дахарехь а Скоттан коьрта мостагӀ[11].

Шоун хьалхара 12 кийсиган суьрташ даха долийра 2010 шеран октябрехь Атлантехь, Джорджи штатехь[12]. Австралин режиссёро Малкэхи Рассела сериалан пилотан версии йаьккхира[13]. Композитором шоу стал Дино Менегин (инг. Dino Meneghin)[14]. Пилотан хьалхара бархӀ минот MTV каналан официалан сайт тӀейаьккхира 2011 шеран 31 майхь.

Фильм а, спин-офф а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2023 шарахь ларйеш йу «Берзан кӀеза: Фильм» арайалар. Фильм «Берзан кӀеза» телесериалан тӀаьхье хир йу[15][16].

Фильм кхин а хин йолчу, Эдо ван Белкоман романан бух тӀера, «Берзан арданг телесериалан спин-оффан йуьхьиг хир йу[17].

Шо Номинаци Категори Номинант ЖамӀ
2011 Teen Choice Awards Choice TV Fantasy/Sci-Fi Номинаци
Choice Summer TV Show Номинаци
Breakout Star Тайлер Пози Номинаци
Choice Summer TV Star — Male Номинаци
Choice Summer TV Star — Female Кристал Рид Номинаци
Choice TV Actress: Fantasy/Sci-Fi Номинаци
2012 Saturn Award Best Youth-Oriented Series on Television Тоьлла
Teen Choice Awards Choice Summer TV Show Тоьлла
Choice Summer TV Star — Male Тайлер Пози Тоьлла
Choice Summer TV Star — Female Кристал Рид Номинаци
Imagen Award(ингалс.) Best Actor/Television Тайлер Пози Номинаци
ALMA Favorite TV Actor — Leading Role Тоьлла
2013 Saturn Award Best Youth-Oriented Series on Television Тоьлла
2014 Saturn Award Best Youth-Oriented Series on Television Тоьлла

2011 шеран сентябрехь «Image» студис сериалан мукъмашца хӀора баттахь арахеца йолийра «Берзан кӀеза: Катоха суна» цӀе йолу комиксийн сери[18]. Кхаа арахецаран мини-серехь гӀуо йемал йира сюжет а, кхочушйар а.

2012 шеран 17 июлехь йохка йолийра Нэнси Холдера йазйина роман «Берзан кӀеза:ЦӀергахь»[19]. Романан гӀуллакх хуьлу хьалхара шеран «The Tell» а, «Heart Monitor» а эпизодашна йукъахь. Жайна хестош дара[20].

«Дарба лоьхуш» (инг. Search For A Cure) вебизодаш йаьхна AT&T телекоммуникацин компанис гӀо лоцуш. Веб-сериал хӀоттийна, шоу йинчу, Джефф Дэвиса, шен сценарица — мини-истореш лору дуьненан канонех. Кийсигашка хьажа йиш йу MTV каналан сайт тӀехь а, Facebook тӀера AT&T агӀонна а тӀехь.

ГӀуллакхаш дӀадоьду шоун хьалхара а, шолгӀа а шерашна йукъахь. Сюжетаца Стайлз ликантропин областера эксперт, доктор Конрад Фенрас лаха воьду. КӀант тешна ву цуьнга Скотт толу рву аьлла, гӀеман наьӀалтах кӀелхьара воккхур ву аьлла[21]. Доктор Фенрисан роль ловзийна Джон Позис, коьрта роль ловзийна Тайлер Позин дас. Джон сериалан актерийн хӀоттамна йукъавахара «Wolf’s Bane» эпизодехь.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Bricker, Tierney 'Teen Wolf': MTV announces premiere date. Zap2it (2011 шеран 2 февраль). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 июнь. Архивйина 2012 шеран 16 июлехь
  2. Shows A-Z — teen wolf on mtv | TheFutonCritic.com. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 23 февраль. Архивйина 2013 шеран 14 августехь
  3. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Metacritic тIетовжаран текст йазйина йац
  4. Gorman, Bill Sunday Cable Ratings: 'MTV Movie Awards' Leads Night, 'Game of Thrones' Series High, 'Real Housewives,' 'ABDC' & Lots More. Zap2it (2011 шеран 7 июнь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 июнь. Архивйина 2012 шеран 16 июлехь Архивйина 2016-08-17 — Wayback Machine
  5. Seidman, Robert MTV Renews 'Teen Wolf' for a Second Season. TV by the Numbers (2011 шеран 13 июль). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 14 июль. Архивйина 2012 шеран 16 июлехь Архивйина 2012-06-23 — Wayback Machine
  6. Teen Wolf: Season 2, Episode 1 «Omega»(ингалс.) на сайте Internet Movie Database
  7. Teen Wolf Cancelled By MTV – No Season 7. RenewCancelTV. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 22 июль. Архивйина 2016 шеран 25 июлехь
  8. Kaitlin Thomas (2015-07-10). "MTV Renews Teen Wolf for Season 6! Plus: Watch the INTENSE Trailer for the Rest of Season 5 (VIDEO)". TV.com. Архивировано из оригинала 2016 ш. 24 декабрехь. Дата обращения: 2017 ш. 12 январехь. Архивйина 2016-12-24 — Wayback Machine
  9. Wagmeister, Elizabeth (2017-07-06). "'Teen Wolf' Final Premiere Date Revealed as MTV Sets Comic-Con Farewell (EXCLUSIVE)". Variety(ингалс.). Архивировано из оригинала 2017 ш. 02 августехь. Дата обращения: 2017 ш. 07 августехь.
  10. Jon Weisman. MTV greenlights eight projects. Variety (2009 шеран 23 июнь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 октябрь. Архивйина 2012 шеран 5 февралехь
  11. Breaking News -Development Update: Monday, December 14. The Futon Critic. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 июнь. Архивйина 2012 шеран 16 июлехь Архивйина 2012-07-17 at archive.today
  12. MTV Builds Slate of Scripted Programming with 2011 Premieres of Original Series "Teen Wolf" and "Skins". The Futon Critic (2010 шеран 6 август). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 16 июлехь Архивйина 2012-07-14 at archive.today
  13. Russell Mulcahy Piloting MTV's Teen Wolf to Twilight Glory. Dreadcentral.com. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 14 октябрь. Архивйина 2012 шеран 5 февралехь
  14. «Teen Wolf» (2011) — Full cast and crew. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 30 июлехь
  15. Paramount+. Teen Wolf Movie Coming To Paramount+ In 2022. Paramount+ (2021 шеран 24 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 17 февраль. Архивйина 2022 шеран 20 сентябрехь
  16. Lewis, Zoe Everything We Know About The Teen Wolf Movie. Screen Rant (2022 шеран 23 июль). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 23 июль. Архивйина 2022 шеран 15 августехь
  17. Fox, Ethan Teen Wolf Movie Will Set up New Wolf Pack TV Show. Screen Rant (2022 шеран 16 февраль). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 16 февраль. Архивйина 2022 шеран 20 сентябрехь
  18. MyComicShop.com. Teen Wolf: Bite Me (2011 Image Comic Books). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 октябрь. Архивйина 2013 шеран 14 октябрехь
  19. Amazon.com. Teen Wolf: On Fire. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 октябрь. Архивйина 2013 шеран 30 октябрехь
  20. Goodreads. Teen Wolf: On Fire. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 октябрь. Архивйина 2013 шеран 27 июлехь
  21. WebSeriesChannel.com. Search For A Cure (Teen Wolf). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 20 октябрехь