Бердар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
XIX бӀешеран даьттанца диллина сурт тӀаьхь зудчо бердеш
Керла дина беран цӀонга хадор
Кесаревн этӀорца бер схьаоьцу хирургин операци

Адамо бер дар — Ӏаламан физиологин процесс[1][2], цуьнца чекхдолу адаман адаман пхоралла, иза хуьлу лазарш догӀий, кийрара беран уллера хиш дӀадоьдий, беран цӀийнан лаг деллалой, кийрара бер дуьненна тӀедолу харш тӀедоьдий, иза арадолу тӀаьхьахиргца цхьаьна. Бер кийрара схьаэца тарло куьйга говзаллица, кесаревн этӀорца.

Бер деш гӀодар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бердеш зударшна медицинин гӀодо акушераша(ки)[2].

Акушералла Ӏилма клиникин медицинера областера йу. Акушералло Ӏамайо — пхардаларца, бераххиларца, бердарца, бердинчул тӀаьхьара муьрца йоьзна физиологин а, патологин а процессаш. Ӏилманчаша-акушераша кечдо бер деш гӀодаран хьесапаш, бердаран процесс духахьа йаларна профилактика, зударшна, кирара беран, керла динчу беран гӀодар[3].

Бердаран гӀодарехь лело хьесапех цхьаъ — бердаран гӀуллакхна стимуляци йар (индукци). 21 бӀешарахь и стимуляци сих-сиха йо медицинин иэшам боцуш. Цу тӀе индукцис духахьа даларан лакхара кхерам латтабо нанна а, керла динчу беранна а ша бер даре хьаьжча. Цул сов, берийн совйаьлла ОРВИ цамгарш[4].

Шен хеннахь бердар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хенахь бердар — хетарехь бердаран ханна гергара муьрехь бердар[5], бераххиларан 37-гӀа дуьззина кӀиранна тӀера 42 кӀира кхачале (260—293 де-буьйса). Кхин а къастадо хенал хьалха бердар а, тӀаьхьа дисина бердар а.

Бердаран хенан дохалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нормера бердаран дохалла мелла а хийцадала тарло. Дукха хьолехь, шолгӀа а, кхин тӀаьхьара а бердар атта хуьлу.

  • Дуьххьара бердеш йуккъера барам 9—11 сахьт гергга.
  • ШолгӀа а, кхин дӀа а бераш деш 6—8 сахьт гергга.
  • Нагахь дуьххьара бер 4—6 сахьтехь динехь (2—4 сахьт шолгӀа дечара), царех сиха бердар олу. Нагахь дуьххьарлера бердеш 4 сахьтал кӀезиг Ӏийнехь (2 сахьт шолгӀа бердеш), тӀаккха оцу бердарх тӀех сиха олу.

Хьесапаш а, симптомаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бердаран йуьхьиг билгалйоккху шина хиламца: лазарш дахкарца йа хиш дӀадахарца. Цу тӀе, бердаран дакъа долало лазарш дахкарна тӀера, дакъа хиш дӀадахарна тӀера, наггахь и ший а хилам цхьаьна хенахь хуьлу[6].

Бердаран хан тӀекхачаран уггаре къаьста хьесап беран цӀийнан оьзгаш чӀогӀа хийбайалар ду (лазарш дахкар), цуо бер лаха доккху бердаран новкъахула. Даьхкина лазарш дуьйцу цӀано йохаран чӀогӀа лазарш санна. Оцу меттигехь чӀогӀа оьшу психологин гӀолацар а, шен хенан медицинин гӀо а.

Цхьацца зударийн хила тарло харц лазарш дахкар.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Роды / Савельева Г. М., Алипов В. И., Гуртовой Б. Л., Мяеникова И. Г., Новиков Ю. И., Хижнякова К. И., Чернуха Е. А. // Большая медицинская энциклопедия : в 30 т. / гл. ред. Б. В. Петровский. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1984. — Т. 22 : Растворители — Сахаров. — 544 с. : ил.
  2. 1 2 Родовспоможение / Кочемасова В. В. // Большая медицинская энциклопедия : в 30 т. / гл. ред. Б. В. Петровский. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1984. — Т. 22 : Растворители — Сахаров. — 544 с. : ил.
  3. Акушерство / Савельева Г. М. // Большая медицинская энциклопедия : в 30 т. / гл. ред. Б. В. Петровский. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — Т. 1 : А — Антибиоз. — 576 с. : ил.
  4. Евченко, Е. Ученые заявили о трехкратном увеличении случаев стимуляции родов без медицинских показаний : [арх. 2 июнехь 2021] // Медновости. — 2021. — 2 июнехь.
  5. ПДР в жизни. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 июль. Архивйина 2014 шеран 14 июлехь
  6. Начало родов. Признаки. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 26 октябрь. Архивйина 2018 шеран 27 октябрехь

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Историн а, Ӏилманан а агӀор бердаре хьажар

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]