Берг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Берг
Сурт
Имеется у таксона копытные[d]
Дуьхьалара лапа[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Хадийна говран берг

Берг — декхачу бергийн дийнатийн куьйгехьара пӀелгийн даьӀахкан гуонахьара онда маьӀан хӀума. Анатомин агӀор бергаш адамийн маӀарш санна хӀума йу. Берг модификаци йина лахара чкъор доцу, ткъа эпидермисах ахкарг дина цӀока йу. Бергийн патологи Ӏамайо ветеринарин ортопеди.

Тайп-тайпана авторша берг хуьлийта йа маьӀан мача а, цунна чохь йолу, йерриг структураш а, йа цӀоканах схьадаьлларг бен ца хуьлийта (маӀакепара хилла эпидермис, дерма, цӀоканна бухара клетчатка)[1].

Бергийн доккха маьӀна ду дийнатийн могашаллин, башха доккха ду цхьалабергаш йолчарна. Цара леладо шайн дилх, амортизаци йо хӀора гӀулчан йа кхоссайаларан, хьакхолгаш лазйарх ларйеш. Алсама ницкъ хилча, бергаша когашна цӀий латто таро хилла ца Ӏаш, иза лелар сих а до.

Берган анатоми[нисйе бӀаьра | нисйе]

МаьӀан мача[нисйе бӀаьра | нисйе]

Берган маьӀан мачин тӀехь билгалйоху лахара областаш:[2]

  • маьӀан дист, лаьтта берган мачин лакхарчу декъехь, венчикан уллехь;
  • берган маьӀан чкъор, къовлу цуьнан дорсалан а, агӀонан а тӀехалонаш;
  • берган маьӀа айра;
  • маьӀан цамза[3].

Эволюцин аспекташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бергаш кхоллайелла декха дийнатийн эволюцехь масийттаза а, вовшех дозаш доцуш а. Иштта, говрийн гергара йоцучу Къилба Америкехь йаьха тоатерийн, хьалхарчу миоценара тӀаьхьарчу плиоцене кхаччалц, цхьа пӀелг болуш когаш дара, говран бергех тера а долуш[4]. Таханлера шала- а, шала йоцу а бергаш коллайелла вовшашца йозуш йоцуш}}.

Ленаш тохар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лакхара ницкъ хуьлу йа гӀийла бергаш йолу говрийн бергаш, Ӏалашйар оьшуш хуьлу — ленаш тохарехь. Ленаш тухуш болатан (наггахь — наштаран йа пластикин) лан тӀетуху берган маьӀан мачин ленаш туху хьостамашца йа кхечу хьесапца.

ХӀинца говрашна туху ленаш кхерамаза хилар шеконе даьккхина.

Лено берган Ӏаламан амортизаторан а, насосан а функци кхочуш ца йойту, ишттачу кепара тӀетуху хоттарган бен ницкъ, дуьхьало йо цӀий нийса леларна. ТӀаккха а, ленаш шуьйра леладо спортан хохку говрашна, жигара леладо тайп-тайпана цамгаршна дарба лелош.

Кербер Ханс-Дитера шен «Бергийн цамгарш а, говрашна ленаш тохар а» жайнахь билгаладоккху, «ленаш тохаро гӀуочу агӀор Ӏаткъам бо берган, цундела иза лело ца деза ца оьшучохь олий. Ленаш тохаран гӀуо Ӏаткъам лагӀбан беза гуттаренна бергашка хьожуш».[5]

Зеленевский Николай Вячеславовича шен «Говран анатоми» къинхьегамехь билгалдоккху «ленаш туху хьостамаша берган кӀажошкара дакъош доьхку, дуьхьало йо уьш шордаларна. Цуо йохайо йисттера цӀийн а, букъ-чӀеран а берган функцеш, йестайо пӀелгийн а, когийн а областаш».[6]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Веремей и др., 2003, с. 22.
  2. Веремей и др., 2003, с. 28.
  3. Некоторые авторы относят роговую стрелку к производным пальцевых мякишей.
  4. Симпсон, 1983, с. 100.
  5. Х.-Д. Кербер. Болезни копыт и ковка и лошадей. — Москва: Аквариум-Принт, 2009. — С. 47. — 317 с. — ISBN 978-5-9934-0271-0.
  6. Н.В. Зеленевский. Анатомия лошади. Атлас-учебник.. — Санкт-Петербург, 2003. — С. 242. — 267 с. — ISBN 978-5-98976-001-5.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Веремей Э.И., Лукьяновский В.А., Тимофеев С.В., Колесниченко И.С. Ортопедия ветеринарной медицины: Учебное пособие. — СПб: «Лань», 2003. — 325 с. — (Учебники для вузов. Специальная литература.). — 2000 экз. — ISBN 5-8114-0524-3.
  • Книпович Н. М.,. Ногти, когти и копыта // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Симпсон Дж. Великолепная изоляция. История млекопитающих Южной Америки = Splendid Isolation. The Curios History of South American Mammals. — М.: «Мир», 1983. — 256 с.
  • Соколов А. М.,. Копыто // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Polltii C. Colour Atlas of the Horse’s foot. — Mosby. — Т. 1995. — ISBN 0-7234-1765-2.