Бена-Юрт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Юрт
Бена-Юрт
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Теркан
Юьртан меттиг Бена-Юртан
Координаташ 43°41′28″ къ. ш. 45°02′59″ м. д.HGЯO
Хьалхара цӀерш Озерное[1]
ХӀордан сизал локхалла 103[2] м
Бахархой 7089[3] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Сахьтан аса UTC+03:00
Телефонан код 87132[2]
Поштан индекс 366814
ОКАТО 96216802001
Бена-Юрт картан тӀехь
Бена-Юрт картан тӀехь
Red pog2.svg
Бена-Юрт картан тӀехь
Red pog2.svg
Бена-Юрт картан тӀехь
Red pog2.svg

Бе́на-Юрт[4]Нохчийчоьнан Теркан кӀоштан юрт.

Бено-Юртан юьртан меттиган административан центр ю[5].

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юрт лаьтта Теркан аьтту бердаца, кІоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан 5,5 км малхбузехьа а, 12 км цІерпошт станцин Ишорен а. Уллора ярташ: къилбаседа-малхбалехь — Ишоре гІала а, Рубежни, къилба-малхбузехь — ярташ Ӏелин-Юрт а, НогӀамирзин-Юрт а, малхбузехь — Гуьлгани гІала (Ставрополан мохк)[6]. Дуьххьара Бено-Юртан, НогІа-Мирза-юртан, Іелин-юртан дозанаш билгалдаьхна 1863 шеран сентябрехь-октябрехь.

Микротопоними[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бена-Юьртан микротопоними[7]:

«Жа дигна тогӀи» — Бена-Юртан къилбаседехьа. ЦӀе йоьзна ю, революци хилале Теркйистехь баьхна хьоладай МазаевгІара Петра а, Федора а, латта лелош болчу ЧӀулггІара а жимма бахьана доллушехь дӀадуьгуш хилла нохчийн ярташкарчу бахархойн даьхни, дӀалуш а ца хилла доккха гІуда ца текхча ялташ хӀаллакдарна.

«Муьжгин кӀотар» — Бена-Юртан къилбаседехьа, латташ а, даьхнийн дежийлаш а долу хьоладайн керт. Революцин муьрехь самбевлла гІевттанчу ахархоша, МазаевгІера кІотарш схьаехира.

«ГӀалин мара» — Бена-Юртан къилбаседа-малхбузехь бу.

«ТӀехьара хьун» — Бена-Юртан малхбузехьара хьун.

«Лакхара хьун» — Бена-Юртан малхбузехьара хьун, ТӀехьара хьуьнал а гена ю.

«Теркан йист» — Теркан бердаца йолу дика латта долу тогІе, Бена-Юртан малхбалехьа а, къилбаседехьа а ю. Теркан тІиера хӀора эвлан а ю иштта тогІе.

«Юьртан кешнаш» — Бена-Юртан юккъехь.

«Дзоташ йолчу» — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш хилла дзоташ йолу меттиг. Бена-Юртан къилбаседа йисттехь.

«Моллин барз» — юккъерчу бІешерийн баьрзан каш. Бена-Юртан малхбуза йисттехь. И цӀе йисина тюркийн маттера «мола» (нохч. — каш) дашах, нохчаша «мола барз» аьлла, тІаьхьуо Моллин барз хилла. Ма-дарра аьлчи «Кешан барз» бу.

«Саьнгарш йолчу» — Бена-Юртан малхбалехьа, цигахь йисина Сийлахь-боккха Даймехкан тІаман заманера танкашна дуьхьал яьхна саьнгарш.

«ЧӀиж мере» — Бена-Юртан къилбехьа.

«Аьччина шу» — «аьччина» дешан этимологин тІаьхьакхианза ду. Теркан тІегІа. Бена-Юртан къилбехьа.

«Боккха шу» — Теркан шолгІа тІегІа. Бена-Юртан къилба агІора.

«Кема охьадоьжна меттиг» — Бена-Юртан 4 км къилбаседа-малхбалехьа, Сийлахь-боккха Даймехкан тІом болуш чудоьжна советийн тІеман кема. Кема а, экипаж а иккхинчу меттигехь хІоллам боьгІна. ХӀора шарахь Толаман дийнахь — 9 майхь — кхуза богІу уллора гергарнаш кхелхинчу пилотийн. Ярташкарчу бахархоша дика тІеоьцу хьеший. ХӀоллам болчохь даздаран цхьанакхетарш дӀахьо.

«Ӏаж болу боьра» — юьртан къилбехьа. Хьалха ша лаьтташ Іаж хилла цигахь.

«Муьжан чоь» (Мюжан чё) — юьртан къилбехьа. Цигахь хилла минералан хьаст а, кІотар а.

«Белшин корта» — Теркан дукъ тІиера бохь, Бена-Юртан къилбехьа. Белши вайнехан мифологера наьртийн эпосера зуда-наьрт.

«Белшин коьртан боьра» — Бена-Юртан къилбехьа, Теркан дукъан къилбаседа басехь Белшин коьртан дуьхьала. Наьртех долчу дийцаршкахь, Белшин коьртан тІехь а, боьрахь а яьхна зуда-наьрт Белши.

«БӀозин боьра» — Бена-Юртан къилба агІора. Баккхийн наха дийцарехь, оцу боьрахь цхьана хенахь тоьлин чохь ваьхна БӀоза цӀе йолуш стаг. БӀоза — наггахь бен нислуш йоцу долара цӀе.

«Дуркхий тӀе» — Бена-Юртан къилбехьа. Дуркха — долара цІе йолчух тера ду.

«Ӏам тӀе отар» — Бена-Юртан кІотар, оьрсаша Маковкин цӀе тиллира, хӀинца Комарово олу. Нохчийн цӀе Іам тІе кІотар.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юьрт йиллинарш, меттигерчара дийцарехь, лору нохчмахкахойн тайпа Беной, иза гойту ша юьртан цӀаро - Бена-Юрт[4].

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а ара а баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Бена-Юртан кхин цӀе тиллира – Озёрни[1] аьлла. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийча, эвлан хьалхалера цӀе Бена-Юрт юхаерзира.

Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бахархойн дукхалла
2002[8]2010[9]2012[10]2013[11]2014[12]2015[13]2016[14]
5630708971637255737874507498
2017[15]2018[16]
75817648
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн нах багарбаран[17] жамӀашца юьртан къоман хӀоттам:

Къам Дукхаллин барам,
ст.
Дакъа
берриг бахархойх, %
нохчий 7 016 98,97 %
гӀумкий 35 0,49 %
кхин берш 15 0,21 %
ца гайтина а, къам доцуш а 23 0,32 %
массо 7 089 100,00 %

Дин[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юьртарчу кешнашкахь СангІарин-моллин зиярт ду.

ГӀарабевлла юьртахой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Инфраструктура[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юьртахь ю Бена-Юртан юккъера юкъарадешаран ишкол[27], пошта, оьздангаллин цӀа, масех туька[4], кафе, Кадыров Ахьмад-Хьаьжийн цӀарах берийн беш[28], поликлиника, рузбан маьждиг а, жамаӀат маьждиг а[29].

Тайпанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юьртара тайпанаш[4]:

  1. Беной[30];
  2. Гендаргной[30];
  3. Гуной[30];
  4. Салой[30];
  5. Курчалой[30];
  6. Пешхой[30];
  7. Базалой?[30];
  8. Мулкъой[30];
  9. Чартой[30];
  10. ЧӀаьнтий[30];
  11. Шоной[30];
  12. Энганой[30].

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
  2. 1 2 Село Бено-Юрт / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 16 апрелехь.
  4. 1 2 3 4 Сулейманов, 1997, с. 553.
  5. Бено-Юртовская сельский округ
  6. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  7. Сулейманов, 1997, с. 554-555.
  8. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  9. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  10. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  12. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  17. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более".
  18. 1 2 3 4 Официальный сайт Бено-Юртовского сельского поселения http://beno-urt.ru/%D0%BE%D0%B1%D1%89%D0%B0%D1%8F-%D0%B8%D0%BD%D1%84%D0%BE%D1%80%D0%BC%D0%B0%D1%86%D0%B8%D1%8F-2/
  19. Марьям Айдамирова
  20. https://www.youtube.com/watch?v=ZFBnNIj32hA
  21. Доку Гапурович Завгаев
  22. Страница депутата на сайте ГД
  23. http://kkre-34.narod.ru/mincaev.htm
  24. gstou.ru/index.../951-magomed-mintsaev-zashchitil-doktorskuyu-dissertatsiyu.html
  25. http://economy-chr.ru/wp-content/uploads/2013/12/%D0%A0%D0%B0%D1%81%D0%BF%D0%BE%D1%80%D1%8F%D0%B6%D0%B5%D0%BD%D0%B8%D0%B5-%D0%9F%D1%80%D0%B0%D0%B2%D0%B8%D1%82%D0%B5%D0%BB%D1%8C%D1%81%D1%82%D0%B2%D0%B0-%D0%A7%D0%A0-%D0%BE%D1%82-06.04.15-%E2%84%9675-%D1%80.pdf
  26. http://www.dissercat.com/content/sovershenstvovanie-gosvetnadzora-v-usloviyakh-chechenskoi-respubliki
  27. ГУЧ 'СОШ с. Бено-Юрт' , 2007003854
  28. МДОУЧ 'Детский сад им. А.Кадырова с. Бено-Юрт' 89287361121, 2007004488
  29. МЕЧЕТЬ СЕЛА БЕНО-ЮРТ , 2007004030
  30. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 Сулейманов, 1997, с. 554.