Бельтираш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Бельтираш (хак. пилтір, дукх. Т. пилтірлер) — хакасийн къоман этнографин тоба, сагайхойн дакъа. Хакасийн меттан бельтирийн меттадакъа лелориш. Дуьххьарлера тептарийн хаамаш бу XVII бӀешеран 30-гӀа шерашкара.

Оьрсийн йозанан хьосташца, ГӀиргӀазойн латтан Алтыран улусан Бельтирийн аймак йевза 1635 шарахь дуьйна. XVIII бӀешарахь Бельтирийн латта дара Абакан эркан аьтту бердашца, Арбатын тӀиера Табатан тӀекхаччалц. 1822 шарахь бельтираш тайпан бакъонашца йукъабахара Сагайн аренан кхеташон.

XIX бӀешо йуккъе даххалц бельтираш йора сеокийн тоба, иза кхоллаелира Алтыран улусах йисинчу гӀиргӀазойн аймакех а, Алтайра, Тувара, Шорера, Джунгарера мухажирийн кегийрачу тобанех а. Уьш охьахевшира Абаканан йуккъенашка.

ТӀаьхьо, XIX бӀешарахь, уьш ийра сагайхойх, шеш сагайн сеок лара буьйлабелира . Шайн цӀе хӀокху тайпанна елира коьрта сеокан цӀарах — «Пилтір». Оцу этнониман этимологи хьалайоьду шина маьӀне.

Хьалхарниг царех даладо Л. П. Потаповн, М. И. Боргояковн белхашкахь, цара билгаладоккхура, бельтираш — эркийн хикхочешкара нах бу, хикхочернаш (хакасийн «пилтір» — «хикхоче») (Потапов, 1957, с. 234; Боргояков, 1973). XVIII—XIX бӀешерашкахь бельтираш баха а бехира Йуккъерачу Абаканан тогӀин чуьра цуьнан геннийн Аскизан, Есин, Тёян,Таштыпан, Матуран хикхочешкахь.

Амма билгалдаккха деза, бельтирийн тайпанан тоба оьрсийн тептаршкахь йевзаш хилар XVIII бӀешо кхачале а, оцу хенахь уьш кхечухьа бехаш бара. Цундела гӀоле тӀеэцало Н. Н. Козьминан белхашкахь гайтина кхин ойла — хакасийн маттахь, гайтинарг доцуш, кхин маьӀна а ду «пилтір» дешан — «метисаш».

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Бельтиры // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Бахрушин С. В. Енисейские киргизы в XVII в. // Научные труды III. Избранные работы по истории Сибири XVI—XVII вв. Ч. 2. История народов Сибири в XVI—XVII вв. М.: Издательство Академии Наук СССР, 1955.
  • Козьмин Н. Н. Хакасы: ист.-этногр. и хозяйств. очерк Минусинского края. — Иркутск: Изд. Иркут.секции науч. работников Рабпроса, 1925. — Х, 185 с. — (Краеведческая сер. № 4 / под ред. М. А. Азадовского; вып. V).