Белхьам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Белхьамхин, даьттан, хӀоьаш йа дарбане маркхал чохь йашийна йоьхкург, иза тӀейуьллу лазачу меттиге дарбанна. Озо терапин тайпа ду. Белхьамаш леладо чкъоьранна а, чкъоьран бухара клетчаткехь а, хьесашкахь а хьу йоьлла меттигаш хӀудайалийтархьама.

Кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Йукъара а, меттигера а
  • Йохйо
  • Шийла а, йовха а

Мела белхьам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мело белхьамо хьу йоьллачу меттиге цӀий тӀедоуьйту, инфильтрат дӀахӀуда а, дестар дӀадаккха а таро йо. Иштта белхьам лаьтта кхаа чкъоьрах. Хьалхарниг — чуьра температурера хин чохь дашийна масех чкъор кӀадех. КӀади Ӏовдий дегӀан чкъоьранна тӀедуьллу. ТӀехула (шолгӀа чкъор) тӀехула чӀурам буьллу йа жуьрг хьаькхна кехат дуьллу, тӀуьна кӀадина йисттера 2—3 см дӀа а хиладой. Кхин дӀа буьллу стомма чкъор бамба, кхин а боккха барамца. Дерриг чкъоьрнаш дегӀанна тӀетаӀӀийна дӀадоьхку масех гуо боккхуш бинтца, тӀе довха йовлакх йа логаххьарчорг хьарчайо. 6—8 сахьт даьлча белхьам хуьйцу йекъа йовха йоьхкургца йа чкъоьранна тӀе спирт хьокху мацераци ца хилийтархьама. Хи доцуш, маркхал хила тарло къаркъа, иэдина (50-процентан) этилан спиртца, одеколонца, къонзица гӀийла маркхалца (1 жима Ӏайг 500 мл хинна), камфорин даьтта.

Горчицин

Горчицин белхьам йохйаран белхьаман тайпа ду. Лелабо хоттаргаш шелйелла лазарна, дӀакхетта, охьакхетта лазийча (шолгӀачу-кхоалгӀачу дийнахь дуьйна), молханийн инъекцийн инфильтраташна, чӀогӀа а, гуттаренна лазар долчу синдромашкахь, къамкъарган юьхьиг, логашад шелбелча, когийн-куьйгийн ира тромбофлебит хилча[1].

Шийла белхьам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шийла белхьамш тӀедохку лазийча, хорша йеича (коьртан тӀе), лазийча, цӀий ца соцуче, дегӀан чкъор тӀехь ира хьу йоьлла меттигашна. Оцу балханна схьаоьцу масех чкъор тӀекӀела диллина кӀадин кийсиг, дашадо шийла (гӀоле ду ша болу хи) хин чохь, Ӏовдий тӀедуьллу оьшучу меттиге. Цхьаьна сахьт йукъахь, хӀора 2—3 минотехь белхьам хуьйцу керлачуьнца. Наггахь хих туху дашанан хи, къонза, Буровн тӀуналла (2 жима Ӏайг 500 мл хинна). Дарба даран белхьамашна лелайо боран мусталлин, фурацилинан маркхал (1:1000).

Бовха белхьам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бовха белхьам бо масех тӀекӀела диллина довха хин чохь дашийна (50—60 °C) кӀадица, цунна тӀехула буьллу чкъурам, тӀехула къовлу тӀергӀан кӀадица. ХӀора 5—10 минот массазза йели белхьам хуьйцу. Бовха белхьамаш лелабо миозиташ, радикулиташ йохйархьама. Белхьамна лелайо грелка йа хьалххе дохдина ветин буьртигех (жуьйрех, кӀийдарг-зезагех) буьзина тӀоьрмиг. ТӀоьрмиг Ӏовда, шелбо (дегӀан чкъор ца дагадайтархьама), дегӀан чкъоьран тӀебуьллу, тӀехула къовлу чкъурамца а, мела кӀадица (бамбанца), тӀехула бинт хьарчадо. Болха бельхьамо хьу йоьлла меттиг хӀудайолийта, лазар дӀадоккху.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Как сделать горчичный компресс? ТӀекхочу дата: 2019 шеран 5 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 7 мартехь Архивйина 2016-03-07 — Wayback Machine

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Самура Б. А., Черных В. Ф., Киреев И. В. и др. Первая доврачебная помощь. — Кеп:Х., 2004.
  • Палеев Н. Р. Справочник медицинской сестры по уходу. — М., 1999.