Мазаев, Маташ Хамзатханович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
сурт долуш ду
МогӀа 52: МогӀа 52:
[[Дубно — Луцк — Броды йоккху тIом|Дубно йоккху тӀамехь]] капитан Мазаев чӀогӀа вагийра йогуш йолчу танки чохь, амма госпитале ваха реза ца хилира, танке «Ӏадикаян воллу» аьлла чу а хиина батальон тӀелеташ куьйгалла дира замполит юкъалелаш, лакхарчу хьаькмех лечкъаш. ТӀом чекхбаьлча гучувелира корпусан замполитан [[Попель, Николай Кириллович|Попелан]], [[Советийн Союзан Турпал|Турпал]] цӀе яла дахьийтира кехаташ кхуззалгӀа а, госпитале дӀа а хьажийра{{sfn|Попель|2001|с = 149}}. Амма тӀаккха а лакхара совгӀат ца делира<ref name="gro" />.
[[Дубно — Луцк — Броды йоккху тIом|Дубно йоккху тӀамехь]] капитан Мазаев чӀогӀа вагийра йогуш йолчу танки чохь, амма госпитале ваха реза ца хилира, танке «Ӏадикаян воллу» аьлла чу а хиина батальон тӀелеташ куьйгалла дира замполит юкъалелаш, лакхарчу хьаькмех лечкъаш. ТӀом чекхбаьлча гучувелира корпусан замполитан [[Попель, Николай Кириллович|Попелан]], [[Советийн Союзан Турпал|Турпал]] цӀе яла дахьийтира кехаташ кхуззалгӀа а, госпитале дӀа а хьажийра{{sfn|Попель|2001|с = 149}}. Амма тӀаккха а лакхара совгӀат ца делира<ref name="gro" />.


1941 шеран декабрехь Мазаев юха а кхечира госпитале — хӀинца когана човйина. [[Вермахт]] чуярна госпиталь [[Мариуполь|Мариуполера]] дӀаяьхьира [[Соьлжа-ГIала]], араваьккхинчул тӀехьа 1942 шеран аьхка иза хӀоттийра Соьлжа-ГӀаларчу лахарчу баьччийн хӀоттаман курсийн дешаран декъан хьаькам<ref name="ust">{{cite web|url = http://narod-i-vlast.ru/obshestvo/matash-zhdal-do-rassveta-14-05-2013.html|title = Маташ ждал до рассвета|author = А. С. Устарханов|publisher = [[Народ и Власть]]|date = 14 мая 2013|accessdate = 25 декабря 2015|archiveurl = https://archive.is/3H6OQ|archivedate = 25 декабря 2015}}</ref>. Амма сихха фронтера хьал хийцаделира, училищан курсантех кхоьллира курсантийн полк, цуьнан цхьана батальонан баьчча вара Мазаев. 1942 шеран 13 июлехь полк дозаллийца дӀаяхара [[Сталинградан фронт]]е<ref name="bvok">{{cite web|url = http://kombat-bvoku.com/index/groznenskij_kursantskij_pekhotnyj_polk/0-251|title = Грозненский курсантский пехотный полк «Курсанты стояли насмерть»|publisher = [[Бакинское высшее общевойсковое командное училище|БВОКУ]]|author = Н. В. Гафурова|accessdate = 29 декабря 2015|archiveurl = https://archive.is/R47s7|archivedate = 29 декабря 2015}}</ref>, хӀоттийра иза [[Васильевка (Волгоградан область)|Васильевкан]] уллохь мостагӀан [[вермахт]]ан [[4-гIа танкан эскар (вермахт)|4-гӀа танкан эскар]] дехьа ца далийтархьама. 1942 шеран августан тӀемашкахь полкан даккхий зенаш хилира кхелхинчаьрца а, чевнашйинчаьрца а, кхелхинчарна юкъахь вара Мазаев Маташ а<ref name="gro" />. «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат» жайнахь Белевитневс дуьйцу Мазаев кхалхарх лаьцна, цуьнца Соьлжа-ГӀалин курсантийн полкехь хиллачу накъосто дийцарх:
1941 шеран декабрехь Мазаев юха а кхечира госпитале — хӀинца когана човйина. [[Вермахт]] чуярна госпиталь [[Мариуполь|Мариуполера]] дӀаяьхьира [[Соьлжа-ГӀала]], араваьккхинчул тӀехьа 1942 шеран аьхка иза хӀоттийра Соьлжа-ГӀаларчу лахарчу баьччийн хӀоттаман курсийн дешаран декъан хьаькам<ref name="ust">{{cite web|url = http://narod-i-vlast.ru/obshestvo/matash-zhdal-do-rassveta-14-05-2013.html|title = Маташ ждал до рассвета|author = А. С. Устарханов|publisher = [[Народ и Власть]]|date = 14 мая 2013|accessdate = 25 декабря 2015|archiveurl = https://archive.is/3H6OQ|archivedate = 25 декабря 2015}}</ref>. Амма сихха фронтера хьал хийцаделира, училищан курсантех кхоьллира курсантийн полк, цуьнан цхьана батальонан баьчча вара Мазаев. 1942 шеран 13 июлехь полк дозаллийца дӀаяхара [[Сталинградан фронт]]е<ref name="bvok">{{cite web|url = http://kombat-bvoku.com/index/groznenskij_kursantskij_pekhotnyj_polk/0-251|title = Грозненский курсантский пехотный полк «Курсанты стояли насмерть»|publisher = [[Бакинское высшее общевойсковое командное училище|БВОКУ]]|author = Н. В. Гафурова|accessdate = 29 декабря 2015|archiveurl = https://archive.is/R47s7|archivedate = 29 декабря 2015}}</ref>, хӀоттийра иза [[Васильевка (Волгоградан область)|Васильевкан]] уллохь мостагӀан [[вермахт]]ан [[4-гIа танкан эскар (вермахт)|4-гӀа танкан эскар]] дехьа ца далийтархьама. 1942 шеран августан тӀемашкахь полкан даккхий зенаш хилира кхелхинчаьрца а, чевнашйинчаьрца а, кхелхинчарна юкъахь вара Мазаев Маташ а<ref name="gro" />. «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат» жайнахь Белевитневс дуьйцу Мазаев кхалхарх лаьцна, цуьнца Соьлжа-ГӀалин курсантийн полкехь хиллачу накъосто дийцарх:
{{цитатан юьхьиг}}
{{цитатан юьхьиг}}
Мазаевн броневик, тарх санна дуьхьалъелира мрстагӀийн танкийн Ӏоврашна, дӀасабийкъира уьш, гуонаш бохуш цу чохь. Гитлерхой дӀасахьевдира цунан уллора, меттиг яссош, амма оцу хенахь машенан агӀон тӀе хӀоа кхийтира, чӀогӀа кхийтира цунна, сацийра. ТӀеххье шолгӀа хӀоано бӀов дӀаяьккхира цуьнан. Тарасенко кхин а цхьана хенахь хьийжира, догдохура, хӀинц-хӀинца Мазаев я танк лелориг араоьккху машен чуьра… Амма цхьан а цу чуьра ара ца иккхира, эккха а лур вацара…
Мазаевн броневик, тарх санна дуьхьалъелира мрстагӀийн танкийн Ӏоврашна, дӀасабийкъира уьш, гуонаш бохуш цу чохь. Гитлерхой дӀасахьевдира цунан уллора, меттиг яссош, амма оцу хенахь машенан агӀон тӀе хӀоа кхийтира, чӀогӀа кхийтира цунна, сацийра. ТӀеххье шолгӀа хӀоано бӀов дӀаяьккхира цуьнан. Тарасенко кхин а цхьана хенахь хьийжира, догдохура, хӀинц-хӀинца Мазаев я танк лелориг араоьккху машен чуьра… Амма цхьан а цу чуьра ара ца иккхира, эккха а лур вацара…

Верси 2020, 5 октябрь, 11:19

Маташ Хамзатханович Мазаев
Псевдоним Дед Мазай
Вина терахь 1908({{padleft:1908|4|0}})
Вина меттиг Лакха-Невре, Теркан область,
Российн импери
Кхелхина терахь 1942({{padleft:1942|4|0}})
Кхелхина меттиг: Мали Чапурники, Сталинградан область, РСФСР, ССРС
Пачхьалкх  ССРС
Эскаран тайпа танкийн эскар
Дарж капитан[d]
ТӀемаш
  • БАЦӀЭ Польше яхар;
  • Ӏьанан тӀом (1939—1940);
  • Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом.
СовгӀаташ
орден Красного Знамени

Маташ Хамзатханович Мазаев (1908, Лакха-Невре — 1942, Мали Чапурники) — советийн танкист[1][2], капитан, БАЦӀЭ Польше яхаран а, Ӏьанан тӀеман (1939—1940) а, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман а декъашхо[3][4][5][6]. «Прометей в танковом шлеме» цӀе йолу Р. А. Белевинтевс яздина жайнин турпал[7][8].

Биографи

Жималлин шераш

Мазаев Маташ вина 1908 шарахь Теркан областан Лакха Неврехь МазаевгӀеран Хьамзатханан а, Балин а доьзалехь. 1918 шарахь теркан гӀазакхийн латташ Ӏедало схьадохучу хенахь доьзалан латта делира Эна-хишкахь (Михайлскехь, Серноводскехь), цига дӀакхелхира. Цигахь Маташа ворхӀ шеран ишкол чекхъяьккхира, шен доттагӀашца Ибрагимов Ӏелица а, Казалиев ИбрахӀимца а юртахь дуьххьарлера комсомолхо хилира[9].

Партин гӀуллакх

Оцу хенахь Къилбаседа Кавказехь лакхарчу тӀегӀанера обаргалла хилла, рожехь нислора комсомолхой байар, обаргаш къола дора маьхкдаьттан промыслашна, тӀелиетара цӀерпоштана. Мазаевс кхоьллира комсомолхойн ша куьйгаллехь волуш тоба, обаргашна аьттонца тӀом бора цара[9].

Цуьнан политикан кечаман мах хадийна, комсомолан райкомо Мазаев хьажийра советийн партин ишколе, 1926 шарахь иза чекхъяьккхина, шен дахар партин белхаца дихкира цуо. Амма Москвохара Соьлжа-ГӀалан обкоман меттиг белира Н. Э. Бауманан цӀарахчу Москвохан Лакхарчу Техникан училище. ССРС коьртачу шахьарехь Нохчийчоьнан комсомолан векал хаьржира Мазаев Маташ. Иза Москвоха дӀа а вахана дешарна чувуьйлира[9].

1929 шарахь Мазаев ШРКП(б) юкъа вахара[9].

ТӀеман гӀуллакх

1930 шарахь, училище чекхъяьккхича, эскаре кхайкхира, цигара Киевн бронетанкин училище вахара. 1935 шарахь училище[10] чекхъяьккхича, Мазаев Маташ Киевхь лаьттачу механизаци йинчу яккхий тоьпийн разведкийн бригадан взводан баьчча хӀоттийра. Иза бахьна долуш, иза цхьана баттана мукъавалийтира, и бут цуо цӀахь баьккхира, иза цӀа варна лерина той хӀоттийра[9].

ЦӀера схьавеача Мазаев билгалвелира киевн яккхийчу манёврашкахь, иза бахьнехь совгӀатна цӀарца долу сахьт делира Киевн тIеман гуон баьччо шен куьйгара. Оццу шарахь иза хӀоттийра Староконстантиновера 26-гӀа танкин бригадан бронеразведкин баьчча. Бригадан юкъахь дакъа лецира БАЦӀЭ Польше йоьдуш, тӀехьа хьажийра Ленинграде курсашка баьччийн состав туоярхьама, уьш чекхъяьхча кхоссархойн дивизица хьажийра Ӏаьнан тӀаме батальонан баьччан гӀовс даржехь[9].Тупури-сари кӀоштехь Маннергейман могIанах бовлуш Мазаев къаьстира, Турпал цӀе яла дахьийтира кехаташ, амма совгӀат ца дира. 1941 шеран мартехь Мазаев дехьаваьккхира 8-гӀа механизаци йинчу корпусан юкъахь 34-гӀа танкан дивизин танкан батальонан баьчча дарже[9].

Сийлахь Даймехкан тIом Мазаев Маташан болабелира Карпаташкахь[11]. ТӀеман хьалхарчу сахьташкара дуьйна дакъа лецира тӀемашкахь Перемышлан уллохь, оцу тӀамехь цуьнан батальона делла доза лардина ца Ӏаш, аьттонца тӀе а лиетара Берестечко а, Лешнев а агӀора. Кхин а, тӀеман хьалхарчу деношкахь, цуьнан корпусан аьтту белира йоццучу хенан Польшан латан тӀехь плацдарм дӀалаца, 1939 шарахь дуьйна немцойн оккупацехь яра иза[12][13]. Иза бахьнехь Мазаев шолгӀа а Турпал цӀе яла дахьийтира кехаташ[9], амма елира ЦIиен Байракхан орден. ТӀемашкахь човйира когах а, гайх а кхетна[14][15].

1941 шарахь аьхка йохийна Советийн танк Т-26. Оцу кепарчу танкаш яра капитан М. Х. Мазаевн батальонехь.

Дубно йоккху тӀамехь капитан Мазаев чӀогӀа вагийра йогуш йолчу танки чохь, амма госпитале ваха реза ца хилира, танке «Ӏадикаян воллу» аьлла чу а хиина батальон тӀелеташ куьйгалла дира замполит юкъалелаш, лакхарчу хьаькмех лечкъаш. ТӀом чекхбаьлча гучувелира корпусан замполитан Попелан, Турпал цӀе яла дахьийтира кехаташ кхуззалгӀа а, госпитале дӀа а хьажийра[16]. Амма тӀаккха а лакхара совгӀат ца делира[9].

1941 шеран декабрехь Мазаев юха а кхечира госпитале — хӀинца когана човйина. Вермахт чуярна госпиталь Мариуполера дӀаяьхьира Соьлжа-ГӀала, араваьккхинчул тӀехьа 1942 шеран аьхка иза хӀоттийра Соьлжа-ГӀаларчу лахарчу баьччийн хӀоттаман курсийн дешаран декъан хьаькам[17]. Амма сихха фронтера хьал хийцаделира, училищан курсантех кхоьллира курсантийн полк, цуьнан цхьана батальонан баьчча вара Мазаев. 1942 шеран 13 июлехь полк дозаллийца дӀаяхара Сталинградан фронте[18], хӀоттийра иза Васильевкан уллохь мостагӀан вермахтан 4-гӀа танкан эскар дехьа ца далийтархьама. 1942 шеран августан тӀемашкахь полкан даккхий зенаш хилира кхелхинчаьрца а, чевнашйинчаьрца а, кхелхинчарна юкъахь вара Мазаев Маташ а[9]. «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат» жайнахь Белевитневс дуьйцу Мазаев кхалхарх лаьцна, цуьнца Соьлжа-ГӀалин курсантийн полкехь хиллачу накъосто дийцарх: Кеп:Цитатан юьхьиг Мазаевн броневик, тарх санна дуьхьалъелира мрстагӀийн танкийн Ӏоврашна, дӀасабийкъира уьш, гуонаш бохуш цу чохь. Гитлерхой дӀасахьевдира цунан уллора, меттиг яссош, амма оцу хенахь машенан агӀон тӀе хӀоа кхийтира, чӀогӀа кхийтира цунна, сацийра. ТӀеххье шолгӀа хӀоано бӀов дӀаяьккхира цуьнан. Тарасенко кхин а цхьана хенахь хьийжира, догдохура, хӀинц-хӀинца Мазаев я танк лелориг араоьккху машен чуьра… Амма цхьан а цу чуьра ара ца иккхира, эккха а лур вацара… Кеп:Цитатан чеккхе Официалан Мазаев, кхин дуккха а болу Соьлжа-ГӀалин курсантийн полкера кхелхина тӀемлой санна, тӀепаз вайна лерира[19].

ТӀеман гӀуллакхехь лаьцна дакъа

Ӏаьнан тӀамехь Тупури гӀайре йоккхуш танки Мазаевн куьйгаллехь йолу танкаш къаьстира тӀелатаран сихоллийца — лакхара сихалло таро йира лахарчу харжашца финнийн позицешка чулелха. ТӀехьуо, иштта манёврах «Мазаевн» маневр ала буьйлабелира[9].

Сийлахь Даймехкан тӀеман хьалхарчу деношкахь Мазаевс вермахтан танкан зайланашна дуьхьала флангашкахула тӀелета тактика кхоьллира. Кхин а Мазаевс батальонехь ишкол кхоьллира танкийн эскаршна сихха тӀемлой кечбеш йолу[9].

СовгӀаташ

Цхьаболчу талламхоша дийцарехь, Мазаев Маташан кхузза Турпал цӀе яла дахьийтина кехаташ, амма Дешийн седица цунна совгӀат ца дира[9].

Иэс

Мазаев Маташан хӀоллам Соьлжа-ГӀалахь

Мазаев Маташ гӀаравелира дийна а волуш. Цунах лаьцна яззамаш бевлира газеташкахь «Правда»[12] а, «Ленинан некъ» а[13] 1941 шарахь цуьнан ден цӀахь даиман а хьеший бара, баркалла олура доьзална, иштта кӀант кхиаварна. Меттигера бахархой рожехь богӀура колхозан партин кхолламан секретарь волчу, шайн турпалчу махкахочух болу яззам бешар дехар деш[9].

Училищан баьччалла деш, цуо сих-сиха тӀеозабора курсанташ шен цӀарца[17].

Кхелхинчул тӀехьа Мазаевх хилира литературан кхолламийн турпал. Цунах лаьцна жайна яздира «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат» цӀе йолуш[7][8], цунна лерина дара байташ Д. Кагермановн «Мазаев Маташан билгалонаш» а, Мамакаев Ӏарбин «Чевнаш хиллачу капитане». Кхин а, Мазаев Маташ шен танкан уллохь волуш даьхна кадраш, «Сийлахь Даймехкан» фильм юкъадахана[9].

Мазаев Маташан цӀарах урамаш ду Соьлжа-ГIалахь[20], Устар-ГӀордойхь, ЧӀуьлга-Юртахь. Иштта Соьлжа-ГӀалахь Сийлаллин Аллейхь 2012 шарахь хӀоттийна хӀоллам — Т-34-85 экъана тӀехь яздина: «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат», капитанан Мазаев Маташан а, тӀемлошна-танкисташна а, Сийлахь Даймехкан тӀамехь эгна болчу"[21][22].

Билгалдахарш

  1. Тотоев, 1972, с. 247.
  2. Le Huérou, Merlin, Regamey, Sieca-Kozlowski, 2014, p. 40, 52.
  3. Туркаев, 2008, с. 405.
  4. Боромангнаев, 2010, с. 290, 313, 338, 351 — 353.
  5. Чекалин, 1999, с. 502.
  6. Смирнов, 1967, с. 247.
  7. 1 2 Белевитнев, 1975.
  8. 1 2 Туркаев, 1983, с. 90.
  9. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 Р. А. Джакаева. Военные Чечни и Ингушетии. Грозный без формата (1 июня 2012). ТӀекхочу дата: 25 декабря 2015. Архивировано 25 декабря 2015 года.
  10. Боромангнаев, 2010, с. 351.
  11. Ковалёв, Ковалевский, 2006.
  12. 1 2 Бутасов. Героические подвиги танкистов // Правда. — 1941. — 1 июлехь.
  13. 1 2 Турпалхо-танкист (чеч.) // Ленинан некъ. — 1941. — 26 июлехь.
  14. М. Ибаева. «Я честно выполнил свой долг перед Родиной!» Грозный-информ (8 мая 2013). ТӀекхочу дата: 28 декабря 2015. Архивировано 28 декабря 2015 года.
  15. Пенежко, 1947, с. 23 — 39.
  16. Попель, 2001, с. 149.
  17. 1 2 А. С. Устарханов. Маташ ждал до рассвета. Народ и Власть (14 мая 2013). ТӀекхочу дата: 25 декабря 2015. Архивировано 25 декабря 2015 года.
  18. Н. В. Гафурова. Грозненский курсантский пехотный полк «Курсанты стояли насмерть». БВОКУ. ТӀекхочу дата: 29 декабря 2015. Архивировано 29 декабря 2015 года.
  19. Кеп:ОБД Мемориал
  20. Н. Г. Щербаков. О чем говорят названия улиц. Groznycity.ru. ТӀекхочу дата: 25 декабря 2015. Архивировано 25 декабря 2015 года.
  21. Памятник Маташу Мазаеву. Rutraveller.
  22. "Танк-памятник Т-34 в честь легендарного чеченского танкиста Маташа Мазаева и воинов-танкистов открыт в городе Грозном". Грозный-информ. 9 мая 2012. Архивировано из оригинала (Строка «25 декабря 2015» не является верной датой, пожалуйста, укажите дату в формате ГГГГ-ММ-ДД). Дата обращения: (Строка «9 мая 2012» не является верной датой, пожалуйста, укажите дату в формате ГГГГ-ММ-ДД).

Литература

Кеп:Дика яззам