Оьпа — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла: thumb|250px|Оьпа {{lang-noh|Оьпа}} ({{lang-ru|Хомяк}}) олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжк1аш юьйчу ...
(башхалла йац)

Верси 2010, 23 июнь, 11:32

Оьпа

нох. Оьпа (оьрс. Хомяк) олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжк1аш юьйчу керташкахь а хуьлуш ю оьпарчий. Оьпа билгал ю чук1ело а, лога к1елхьара а 1аьржачу босахь хиларна. Букх хьаьрса бу цуьнан. Лерган яххаш, беснеш к1айн ю. Т1ехьажарехь стомма а, партала а хетало иза. Амма иза партала яц, каде ю. Ялташна доккха зе до оьпарчаша. Оьг1азе а, майра леташ а ю оьпа. Лата адамана доьхьал а йолу иза. Оьг1азе дарлой, шок а етташ, ц1ийза а ц1ийзаш т1екхета иза стагана. Ж1аьла доьхьал нисделчи цунна хьалха т1е а кхетий, и кхера а дой, йолу оьпа к1елхьара. Т1екхетий цергаш ч1ог1а юхку цо. Уьш д1а-схьа ца йохуш, цергаш йоьхканчуьра дилх цосту.

  • Адамах къахкаш яц оьпа. Мелхо а уьш дехачу меттехьа герга г1ерта иза.
  • Оьпа ялта диъна ца 1а. Цхьа пунт хиллал ялта 1ай даа т1аьхьалонна д1ахьулдо цо лаьтта бухахь. Шена чохь 1ен бен баьккхина ца 1еш йиъ-пхиъ чоь кечйо цо. Ялта чудухкуш "амбар", юьжу мотт, х1ума юу чоь, нехаш д1акхуьссийла, хьоштаг1а. Багахь доьлашна юххехь 50 грамм ялта хьо цо. Цхьа кийла ялта 1а1ош 20-зза д1ай-схьай йоьду иза. Цхьа пунт ялта т1аьхьалонна д1адерзош 320-за ялташ дийначу уьрда т1е хьала а йолу, юха 1уьргах чу а йоьду иза. Ши метар к1орга охка ца латта. Цо аьхъканчу 1уьрган дохалла йиъ метар, ах метар хуьлу. Оццулла ч1ог1а болх бан дуккху а хан еза цунна. Шена лиъчи чехка охку цо латта. Яьшки чу йоьллина оьпа, и а хадийна, пена к1елхулацхьаметар, ах метар деха 1уьрг а даьккхина, д1аяханера цхьана буьйсанна. Оьпанан бен шина аг1ор чекхболуш хуьлу. Цхьанахьаша раз чуйоьдийла йокку цо. Вукхазхьашхула нисса хьалайолийла йо. Къоначара чуйоьдийла цхьаъ бен ца йо.
  • 1ай йийшина 1охку оьпарчий. Бакъду, массо а хенахь ца йо цара наб. Х1ума яа самайовлу уьш. 1ай наггахь бенара хьала а йолу оьпа, довхо де деъчи.
  • Оьпа гурахь кхин долу акхарой санна ч1ог1а ца ерста. Цундела юуш х1ума а йоцуш 1а даккха г1ора ца хуьлу цуьнан. Дехкаша санна 1ай напг1а лаха корматалла яц оьпанан. Ша т1аьхьалонна гулдина ялта доу цо 1ай. Оьпано садолу х1умнаш а йоу. Жима а, доккха а экха дац оьпаночул дукха к1орнеш еш. Ейтта а, пхийтта а, берх1итта а к1орни йо цо цкъа ехкаш. Ши к1ира кхаьччи к1орнеша шайна къаьс-къаьстана, лаьттах охкуш, баннаш до.



Хьажа. кхин

Хьажоригаш