Ӏаьрбийн мотт — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 674: МогӀа 674:


قَطَعَ زَيْدٌ اَلْحَبْلَ بِالسِّكِّينِ — الجَرُّ Зейда хадийна муш уьрсаца (коьчалниг дожар).
قَطَعَ زَيْدٌ اَلْحَبْلَ بِالسِّكِّينِ — الجَرُّ Зейда хадийна муш уьрсаца (коьчалниг дожар).

تَكَلَّمْنَا عَنْ اَلدِّرَاسَةِ — الجَرُّ Оха дешарах лаьцна дуьйцура (предложни дожар).

قُلْ لِمُحَمَّدٍ — الجَرُّ Ала Мухьаммаде (лург дожар).

قَاوَمَ اَلشَّعْبُ اَلْمُسْتَعْمِرِينَ — اَلنَّصْبُ Халкъо къовсам латтабора колонизаторца (коьчалниг дожар).






Верси 2018, 3 июль, 14:27

Ӏаьрбийн мотт
Шен цӀе: اللُّغَة العَرَبِيّة
Пачхьалкхаш:
Регионаш: Ӏаьрбийн пачхьалкхаш
Официалан мотт:

Кеп:Байракх/Алжир Алжир
Бахьрайн Бахьрайн
Джибути Джибути
Мисар Мисар
Кеп:Байракх/Израиль Израиль
Урдан Урдан
Ӏиракъ Ӏиракъ
Йаман Йемен
КъатӀар КъатӀар
Коморийн гӀайренаш Комораш
Кувайт Кувейт
Ливан Ливан
Ливи Ливи
Мавритани Мавритани
Марокко Марокко
Ӏаьрбийн Цхьаьнакхетта Эмираташ Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ
Ӏоман Ӏоман
Эритрей Эритрей
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Шема Шема
Сомали Сомали
Судан Судан
Тунис Тунис
Чад Чад
Саьхьаран Ӏаьрбийн Демократин Республика Саьхьаран Ӏаьрбийн Демократин Республика
Палестина Пачхьалкх ПалестӀина
Сомалиленд Сомалиленд
Организациш:
ООНан байракх ООН,
Африкан барт,
Файл:Flag of OIC.svg Организация Исламского сотрудничества,
Лига арабских государств,
Совет сотрудничества арабских государств Персидского залива,

Агадиран барт
Нисдеш организаци:

Мароккон Паччахьан Академи (Марокко),

Мотт буьйцурш: 260 - 323 млн.
Рейтинг: 2
Статус кхерамзаллехь[d][1]
Классификаци
Категори: Евразин мотт

Афразийская макросемья

Семитийн доьзал
Малхбузе-семитийн гара
Центральнисемитийн тоба
Ӏаьрбийчоьнан подгруппа
Йоза: Ӏаьрбийн йоза
Меттан кодаш
ISO 639-1 ar
ISO 639-2 ara
ISO 639-3 ara
Ethnologue ara
Linguasphere 12-AAC
ABS ASCL 4202
IETF ar
Glottolog arab1395
ХӀокху маттахь Википеди
Афразин меттанаш
Ӏарбийн мотт дӀасабаржар

Ӏаьрбийн мотт (Ӏаьр. اللغة العربية‎‎, al-luġa al-ʿarabiyya) — юкъабоьдуш бу афразийн меттан тайпан семитийн генан юкъа. Ӏаьрбийн мотт буьйцуш берш 240 млн гергга стаг ву[2] (ненан мотт), кхиъ 50 млн стага лелош бу Ӏарбийн мотт шозлагӀа мотт санна. Классикан Ӏарбийн мотт Къуръанан мотт бу. Иза лелош бу динан гӀуллакхан. Дуьненахь 1,57 млрд стаг ву бусалба[3].

Йоза Iаьрбийн абатан бух тIехь ду. ВКЪКХ Инарлин ассамблейн а, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан (ВКЪКХ) кхечу меженийн а ялханнах официалан а, белхан а цхьаъ мотт бу. Ерриг Iаьрбийн пачхьалкхийн (Iиракъехькхурдойчуьнца цхьаьна) официалан мотт бу. Цул сов, официалан цхьа мотт бу Израилан, Чадан, Эритрейн, Джибутин, Сомалилендан[4], Сомалин, Коморийн ГIайренийн.

Меттан геннаш

Таханлера буьцу Iаьрбийн мотт бекъало 5 тобан меттан геннашна, лингвистика агIора хьаьжчи къаьстина меттанаш ду уьш:

  • МагIрибан тобан меттан геннаш
  • Мисран-суданан Iаьрбийн мотт
  • Шеман-месопотамийн Iаьрбийн мотт
  • Iаьрбийн ахгIайренан тобан меттан геннаш
  • Юккъераазин тобан меттан геннаш

МагIрибан мотт юкъабоьду малхбузан тобан, диснарш — малхбален тобан Iаьрбийн меттанашна а, меттан геннашна а. (Хьажа Бала «мотт я меттан га»); ГIоле хуьлу Iаьрбийн мотт Iамочу Iилманехь лелош долу термин «меттан га» (Ӏаьр. لهجة‎‎) леладар.

Литературан мотт (малхбузан Iаьрбийн меттан Iилманехь лелайо термин инг. Modern Standard Arabic — хIинцалера стандартан Iаьрбийн мотт[5]) — цхьаъ бу. Литературан матто хIинцалерачу дуьненахь а, Iилманехь а дукхах долу хIуманийн дошаман тӀаьхьало цхьаьнатуху, амма оццу хенахь цхьацца Iаьрбийн пачхьалкхашкахь чIогIа кIезиг лелабо къамелехь.

Iаьрбийн меттан геннашна тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь чIогIа къастало вовшех, цкъаццIа буьйцурш а ца кхеташ.

Фильмаш, телевидени, газеташ, кхин ерш а дукхах дерг хIора Iарбийн пачхьалкхехь литературан Iарбийн маттахь ю.

Ислам, хьалхарчу рогIехь, Къуръан, хилира цхьанатуху фактор юкъара литературан мотт кхиарехь. Мальтийн меттан масаллийца хаалур ю мотт кхиарехь йолу исламан роль. Мальтехь, керсталла долчехь магIрибан меттан кепах кхиина ша болу мальтийн мотт.

«Къуръан доьссина эзар сов шо доллушехь таханлера дешана Iарбаша, цIахь шайн меттан кепаш а лелош, юкъараллин дахарехь литературан мотт буьйцу, грамматика атта а еш, дошам карла а йоккхуш. Къуръан санна дика литературан меттан масала ду, исламал хьалхара поэзин классикан мотт а, бедуинийн мотт а»[6].

Семитийн меттан тобанера Iарбийн меттан меттиг

Классикан Iарбийн мотт кIезиг къаьста шира Iарбийн маттах. Дукхах долу семитийн меттанийн орамаш ду Iарбийн маттахь. Семитологехь хьалха классикан Iарбийн мотт уггаре ширачех семитийн меттанех лара тенденци хилла. Амма хан мел йолу, афроазин меттанашца дустарца, хиира, дуккха а классикан Iарбийн маттахь иштта шира а ца хиллий.

Истори

БIешерашкахь мотт тIехь-тIехьа хийцало, амма иза йозанехь кIезиг хаалора, хIунда аьлча доца мукъа аьзнаш, Къуръан доцучехь, текстехь яз а ца до.

Классикан Iарбийн мотт тахана ненан мотт бац Iаьрбийн. Амма тахана а, хийцина дошаман хIоттамца, иза лелабо дерриг аьлчи санна газеташкахь а, жайнашкахь а, Тунис, Марокко, кIеззиг Алжир а дIаяьккхичхьана, цигахь Iарбийн меттан литературан меттан роль лелайо французийн матто. Iилман а, техникан а литературехь кхечу Iарбийн пачхьалкхашкахь, нагахь ца тоахь дешан ресурс лелабо ингалсан мотт.

Дошаман хIоттам

ХIинцалерачу Iарбийн литературан меттан дошаман хIоттаман амалехь ду, цуьнан коьрта дакъа деккъа Iарбийн хилар. «Iарбаша лакхара мах хадабо шайн меттан дош кхолларан таронан, го бохалла а, нийсалла а дош кхолларан парадигмийн закъалт хилла долу Iарбийн литературан мотт таханлерачу юкъараллин хьоле нисбарехь. Цу тIе билгалдаккха деза, таханлерачу номинацин процессашкахь уггаре жигара хилар жамI дина моделаш. Иштта, тIаьхьарчу хенахь Iарбийн литературан меттан дошам хаъал юьзина ية-‎ суффикс тIе а тухуш тIекхоьллина цIераш бахьнехь, цуо кхуллу дериватан могIа жамI даьккхина маьIна долу хьолашца: استقلالية‎ лаамалла; حركية‎ динамизм, динамика; شمولية‎ максимализм; тоталитаризм; اشكلالية‎ — новкъарло»[7]. Дошаман хIоттаман цхьадолу дакъа юкъарасемитийн ду, кIеззиг дерг — кхечу меттанашкара ду, масала, дешнаш: «телевидени» — تليفزيون‎, دكتورة‎ докторан дарж, سكرتير‎ секретарь, فيلم‎ фильм. Дерриг схьаэцна европан меттанашкара дешнаш дукха дац, цхьаъ процент гергга бен дац[8].

Iарбийн литературан меттан билгалдоккху диъ доккха вокабуляр кхиаран синхронан дакъа: исламал хьалхара юкъараллин-тайпанийн дошам (VII бIешо чекхдолуш VIII долалуш); дошам шоръялар, юккъера бIешерийн Iарбийн цивилизаци кхоллаялар а, кхиар а, къагар а бахьнехь (XII бIешо кхаччалц); киар сацаран мур а, Iарбийн литературан мотт лелабаран диапазон лагIъялар а бахьнехь (XIII—XVIII бIешераш), керла мур болабалар а (XIX бIешеран юкъ)[9].

Шуьйра кхиина Iарбийн маттахь синоними а, дешнийн чолхаллаш, омоними а. Дош кхолларан коьрта кепаш ю: морфологин — дош кхолларан моделашца а, формулашца а, синтаксин, семантин.

Дошаман кхане чIогIа йоккха хиларе ца хьоьжуш, дукха хьолахь иза доза тоьхна бац, меттан селханеца тIех буьзна а бу. Масала дац дош, нийсса догIуш дешца къам. Оцу дешан метана леладо дош (أمة‎, уммат), билгалйоккхуш хилла долу хьалха, динан контекстехь а, хIинца «бусалбачеран юкъаралла». Дош «къомалла» (قومية‎, каумиййа), схьадаьлла юьхьанцера кхерсташ лела Iарбийн дошаман юкъара къаум, цуо билгалдоккху «тайпа» дош «кхерсташ лела тайпа».

Иштта кепара иэло цхьаьна дешехь чIогIа шира а, чIогIа керла а концепцеш, кIеззиг а хьакхалуш доцу дешнех дешнаш а хуьлуш.

Арамейн маттара а, грекийн маттара а, кхин дуккха а керла терминаш ингалсан маттара схьаэцна Iарбаша.

Фонетика

Фонетикан агIора литературан Iарбийн мотт шуьйра кхиина мукъаза фонемийн системан амал йолуш бу, шен башхалла йолуш къомкъаргийн, эмфатикан, цергаш юкъара элпаш а долуш.

Грамматикийн белхашкара фонетикан дакъошкахь дуьцура я деккъа Iарбийн аьзнийн артикуляцех, я кхин а церан комбинаторан хийцамех. Боккха Iаткъам бина Iарбашна хIиндин системан аьзнийн классификацеш. Лелайора артикуляран а, функционалан а юкъаметтигийн аьзнаш дустар. Аьзнаш юкъара юкъаметтигаш нисъярхьама Авиценнас корреляцин кхетам юкъабаьккхина. Геминацин меттигийн квалификаци йора прогрессиван а, регрессиван а контактийн ассимиляцин дуьззина жамI санна. Гойтура дакъошца а, дистанцица а йолу ассимиляци.

Теллира мукъа а, мукъаза а аьзнийн юкъаметтигаш, мукъаза дерш хийцар, метатеза, хьамза дар, элизи, дехкаран мукъаза аз кхолладалар, палатализаци, веляризаци, озан символизм[10].

Элпаш алар

Дукхах долчу Iарбийн мехкашкахь хIинца боккха болхбо стандартан Iарбийн меттаца алар нисдан гIерташ. Бух бу Къуръан дешар (Iар. tilāwa تلاوة‎). Иштта аларан хатI динан контекстехь бен ца леладо.

Бакъ долуш ала мегар ду, лакхараIарбийн хьалхалера алар билггала хууш дац. Масала, цхьа барт бац билгалза цIердешнашкахь чеккхе ун аларх (китабун - китаб). Шинне а вариантан аргументаш ю, ткъа ширачу куьйга яздинчу зорбанехь ца хилла мукъа аьзнаш (хьаьркаш тохар), цундела шеек а воцуш ала йиш яц иза муха доьшура.

Йоза

Iарбийн йоза яздо аьтту агIонера аьрру агIорахьа. Кхин тIе, Iарбийн йозанехь кхечу абаташкахь санна (латина, кириллица), даккхий элпаш дац, цундела долара цIераш а, преложенин хьалхара дош а кхин муьлхха дош санна яздо.

Хьаьркаш дохку хьовзийна кепара, аьрру агIонера аьтту агIорхьа.

Буха сиз хьакхаран я курсиван меттигана Iарбаша лелабо тIехула хьокху сиз. Дош могIан дехьадаккхар ца магадо; могIанера есалла дIайоккхуш элпаш озадой дахдо. Сиха яздарехь могIана юкъа ца хоьъна дош хьаладерзадо[11].

Антропонимика

Iарбийн цIераш ламастаца нийса дIаяздо.


Грамматика

Iарбийн меттан Сводешан исписка
Iарбийн Нохчийн
1 أنا со
2 أنت хьо
3 هو иза
4 نحن тхо
5 أنتم шу
6 هم уьш
7 هذا хIара, иза
8 ذلك хьуьллар
9 هنا кхузахь
10 هناك дIогахь
11 من мила
12 ما хIун
13 أين мичхьа
14 متى маца
15 كيف муха
16 لا,ما ца
17 كل ерриг, дерриг
18 كثير дуккха а
19 بعض масех
20 قليل кIеззиг (масала قبل قليل — кIеззиг хьалха)
21 آخر кхин
22 واحد цхьаъ
23 اثنان шиъ
24 ثلاثة кхоъ
25 أربعة диъ
26 خمسة пхиъ
27 عظيم,كبير доккха, воккха, йоккха
28 طويل деха, веха, еха, лекха
29 عريض, واسع шуьйра
30 سميك стомма
31 ثقيل деза, еза, веза
32 صغير жима
33 قصير доца, воца, йоца, лоха
34 ضيق готта
35 رقيق дуткъа, юткъа, вуткъа
36 امرأة зуда
37 رجل стаг
38 رجل, إنسان адам
39 طفل бер
40 زوجة зуда
41 زوج майра
42 أم,والدة нана
43 والد, أب да
44 حيوان экха, дийнат, хьайба
45 سمك чIара
46 طائر олхазар
47 كلب жIаьла
48 قملة миза
49 ثعبان лаьхьа
50 دودة нIаьна
51 شجرة дитт
52 غابة хьун
53 عصا гIаж, сара
54 فاكهة стом
55 بذرة хIу, хIуш
56 ورق гIа
57 جذر орам
58 قشرة чкъор
59 زهرة зезаг
60 عشب буц
61 حبل муш
62 جلد цIуока
63 لحم жижиг
64 دم, دماء цIий
65 عظم даьIахк
66 دهن мохь
67 بيضة хIоа
68 قرن маIа
69 ذيل цIога
70 قلم мас (яздаран гIирс)
71 شعر месаш
72 رأس корта
73 الأذن лерг
74 عين бIаьрг
75 أنف мара
76 فم бат
77 سن церг
78 لغة мотт
79 مسمار мIар
80 قدم кIажа
81 ساق ког
82 ركبة гола
83 يد куьг
84 جناح тIам
85 معدة гай
86 في الداخل чоьраш
87 عنق лаг
88 ظهر букъ
89 صدر накха
90 قلب дог
91 كبد доIах
92 شرب малар
93 أكل яар, даар, ваар
94 عض катохар
95 مص цIубдар
96 بصق туьй кхоссар
97 تقيؤ Iаьттавар, Iаьттаяр, Iаьттадар
98 ضرب етта, детта
99 تنفس садаIар
100 ضحك велар

Iарбийн Iилманчаша йоькъура грамматика синтаксисна, морфологина, фонетикна, дуккха а терго йора дошкхолларан, цунах доьзна этимологина а. Иза бахьнехь XI бIешарахь лакхарчу тIегIане кхечира ораман теори. Синтаксис а, морфологи а уггаре оригиналан дакъа ду Iарбийн грамматикехь, цуьнан хьост дац я грекийн, я хIиндин белхашкахь, уьш нисса Iарбийн маттахь специфика йолуш ду.

Синтаксисан Iалашо ю предложенин структуран-семантикан анализ яр. Цуьнца постулат хилла ю шина цIеран я цIеран а, хандешан а субъектан-предикатан юкъаметтигаш. Предложенеш екъалора кегийра/элементаран а, иерархи еш яккхийра а; предложенеш цIеран, хандешан, латтаман — доьзна ду предложении йолалуш долчу дашах. Къаста а дой, хIора меженца классификаци йора предложенин чолхе дакъошна.

Морфологехь Iамадора меттан дакъош, церан башхаллаш, уьш кхолладаларан кепаш. Оцу юкъа дагIара иштта хаттарш: меттан дакъош (цIе, хандош, дакъолгаш 27 кепара), ораман структура, цIераш а, церан дуккха а аспекташ йолу тайп-тайпана хьолашкара классификаци, хандешнаш а, шинадожаран а, кхаадожаран а цIераш, кхечух яьлла цIераш кхоллар, композиташ кхоллар, терахьан а, тайпан а кепаш кхоллар, деминутиваш кхоллар, дешан кеп хийцар, нагахь орамехь гIийла мукъаза аьзнаш делахь, сацаман кепаш, кхин дIа а. Кхуззахь дийцара масдарех дериг а.

Баккхий кхиамаш бехира фонетикехь (Халиль ибн Ахьмад; Абу Iали ибн Сина — Авиценна, 980—1037; Сибавейхи)[10].

Iарбийн мотт чIогIа кхиина флективаллан амал йолуш бу. Семитийн а, хIиндоевропан а меттанийн флективалла а, флективалла тера хилар а цхьаболчу меттан талламхоша доккхачу хаттаре хIоттийна. ХIиндоевропан меттанийн флективалла къаьстина хилам бу семитийн меттанийн флективаллах, хIунда аьлчи таро ю кхин а чIогIа юкъаметтиг латто ораман флексица. Iарбийн меттана амалехь ю агглютинаци. Цхьаболчу Iилманчаша, масала, А. А. Реформатскийс, лору, семитийн меттанийн фузи — агглютинацин башха кеп хилар, хIунда аьлчи семитийн дешан фузи — шен луьра формулашца йоьду процесс ю, иза Iарбийн авторшна хазахета гойтуш кхоъ элп долу орамца فعل дар маьIна долуш, ткъа шеш фузи кхуллу мукъа аьзнаш, орамах мукъа ду. Цунах тера, амма иштта дац, семитийн боцу меттанашкахь а хаало, масала, германийн. Иштта ду, масала, дешнаш цхьааллин а, дукхаллин а терахьашкахь ингалсан маттахь: foot — feet, tooth — teeth я ингалсан харц хандешан ораман мукъа аз хийцар я немцойн маттара онда хандешан мукъа аз хийцар, амма германийн меттанашкахь дац гуттаренна а фузин формулаш лелаяр. Iарбийн меттара дукхаха долу дешнаш дуьххьарлерачу кепан тIедалало.

Мотт буьйцучун хьекъале орам бекъа ца лахь а, орамаш бовзар пайдехь ду Iарбийн меттана оццул шуьйра делла дешан орамаш дагахь латтийта.

Дешан орам

Iарбийн орам дукхахдерг кхаа элпан хуьлу, наггахь шиъ я диъ элп долуш, кхин а кIезга пхиъ элп долуш; амма диъ элп долчунна бехкам хIоттабо, цунна юкъахь цхьаъ мукъане шера мукъа аз хила деза аьлла (vox memoriae (дагахь лаьттарг): مُرْ بِنَفْلٍ).

ГIараваьлла волу Iарбийн меттан говзанчо С. С. Майзелас дийцарехь, таханлерачу Iарбийн литературан маттахь кхаа мукъаза элпех лаьтта орамаш 82 % дерриг а Iарбийн дешан орамашлахь[12].

Орам юкъахь муьлхха а мукъаза аз хила йиш яц: цхьадерш царех догIуш ду оццу орамехь (нийсо аьлчи, оцу декъехь; хьажа лахуо: б), кхиндерш ца догIу.

Ца догIурш:

  1. Къомкъаргернаш: Ӏаьрб. غ ع خ ح (Ӏаьрб. ع а, Ӏаьрб. ء дагIахь)
  2. Къомкъаргера доцурш:

Ӏаьрб. ب а, Ӏаьрб. ف م

Ӏаьрб. ت а, Ӏаьрб. ث

Ӏаьрб. ث а, Ӏаьрб. س ص ض ط ظ

Ӏаьрб. ج а, Ӏаьрб. ف ق ك

Ӏаьрб. خ а, Ӏаьрб. ظ ق ك

Ӏаьрб. د а, Ӏаьрб. ذ

Ӏаьрб. ذ а, Ӏаьрб. ص ض ط ظ

Ӏаьрб. ر а, Ӏаьрб. ل

Ӏаьрб. ز а, Ӏаьрб. ض ص ظ

Ӏаьрб. س а, Ӏаьрб. ص ض

Ӏаьрб. ش а, Ӏаьрб. ض ل

Ӏаьрб. ص а, Ӏаьрб. ض ط ظ

Ӏаьрб. ض а, Ӏаьрб. ط ظ

Ӏаьрб. ط а, Ӏаьрб. ظ ك

Ӏаьрб. ظ а, Ӏаьрб. غ ق

Ӏаьрб. غ а, Ӏаьрб. ق ك

Ӏаьрб. ق а, Ӏаьрб. ك غ

Ӏаьрб. ل а, Ӏаьрб. ن

Iарбийн ораман оцу хIоттамо дикка аттайо тIадамаш а доцуш йоьшучуьнан Iалашо; масала, яздар حعڡر‎ хила деза جَعْفَر[13]

Дешнийн кепкхоллаялар хуьлу коьртаниг дешан чоьхьара структуран хийцаман чоьтах — чоьхьара флекси. Iарбийн орам лаьтта, дукха хьолахь, кхаа (наггахь шиъ я диъ, гуттара а кIезга пхиъ) ораман мукъаза аьзнех (радикалех), цара трансфиксийн гIоьнца кхуллу оцу ораман ерриг парадигма. Масала, хандешах كَتَبَ(яздан) «К-Т-Б» мукъаза элпаш лелош кхоллало лахара дешнаш а кепаш а:

  • كَتَبَ‎ — КаТаБа — цуо яздина
  • أَكْتُبُ‎ — аКТуБу — аса яздо
  • كِتَابٌ‎ — КиТа: Бун- жайна
  • كُتُبٌ‎ — КуТуБунжайнаш
  • كَاتِبٌ‎ — Ка: ТиБуняздархо
  • كُتَّابٌ‎ — КуТТа: Буняздархой
  • مَكْتَبَةٌ‎ — маКТаБатунбиблиотека

Iарбийн маттахь кхоъ дожар ду: цIерниг (подлежащи дожар а, цIеран предикатив а), доланиг (урхаллин преложни дожар) и винительни (нисса дузу дожар). Доланиг дожарца кепа туху уьйр йоцу бакъо — идIофа.

Терго ян еза, дожараш гочдар الرَّفْعُ, الجَرُّ а, النَّصْبُ билламе ду, хIунда аьлчи Iарбийн меттан доланиг а, винительни а дожарш юкъаялайо, гочйича муьлххачу йисинчу дожаршкахь хирйолу цIераш:

قَطَعَ زَيْدٌ اَلْحَبْلَ بِالسِّكِّينِ — الجَرُّ Зейда хадийна муш уьрсаца (коьчалниг дожар).

تَكَلَّمْنَا عَنْ اَلدِّرَاسَةِ — الجَرُّ Оха дешарах лаьцна дуьйцура (предложни дожар).

قُلْ لِمُحَمَّدٍ — الجَرُّ Ала Мухьаммаде (лург дожар).

قَاوَمَ اَلشَّعْبُ اَلْمُسْتَعْمِرِينَ — اَلنَّصْبُ Халкъо къовсам латтабора колонизаторца (коьчалниг дожар).



Терахь 0 1 2 3 4 5 6 7 8 9
٠ ١ ٢ ٣ ٤ ٥ ٦ ٧ ٨ ٩
۰ ۱ ۲ ۳ ۴ ۵ ۶ ۷ ۸ ۹

Билгалдахарш

  1. Красная книга языков ЮНЕСКО
  2. Сайт университета Лаваль (2010 год)
  3. Доклад Pew Research Center о распространённости ислама в мире" (2009 год)
  4. Республика Сомалиленд является непризнанным государством, территорию которого все государства мира считают частью Сомали.
  5. Арабский язык — йаззам бу энциклопедии «Кругосвет»
  6. Юшманов Н. В. Грамматика литературного арабского языка, стр. 23
  7. См.: Финкельберг Н. Д. Арабский язык. Курс теории перевода. М., 2004. С. 28.
  8. Белкин В. М. Арабская лексикология. М., 1975. С. 115.
  9. См.: Белкин В. М. Арабская лексикология. М., 1975. С. 37 и далее.
  10. 1 2 Иван Павлович Сусов. История языкознания
  11. Юшманов Н. В. Грамматика литературного арабского языка, стр. 26
  12. Майзель С. С. Пути развития корневого фонда семитских языков. М., 1983. С. 78.
  13. Юшманов Н. В. Грамматика литературного арабского языка, стр. 41

Литература

Хьажоргаш

«Википедин» логотип
«Википедин» логотип

«Википеди» тӀехь ду дакъа
Ӏаьрбийн маттахь
«الصفحة الرئيسية»

Логотип «Викидоьшам»
Логотип «Викидоьшам»
Викидоьшам дешнаша могӀам бу арабского языка хӀокху категори чохь «Ӏаьрбийн меттахь»
Викитекин логотип
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Ӏаьрбийн мотт а, Ӏаьрбийн литература а темин
  • Ar-Ru.ru — электронный арабско-русский словарь
  • Umkin.ru — перевод на арабский, русско-арабский словарь
  • Madaris.ru — сайт для мусульман, изучающих арабский язык, бесплатные видео-уроки
  • Arabic.ru — арабский язык и арабский мир
  • Arabi.ru — форум любителей арабского языка и культуры
  • Arabic-Keyboard.org — арабская клавиатура
  • Learn Colloquial Gulf Arabic Language — начальный курс арабского диалекта Персидского Залива (ингалс.)
  • LookLex / Course / Arabic — курс арабского языка (ингалс.)
  • Іаьрбийн Википеди