Латинан мотт — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 141: МогӀа 141:


Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш латинан мотт коьрта Италийн берриг мохк тӀехь хилла цаӀара, официалан пачхьалкхан мотт санна, чубаьржа румхоша къарйинчу [[Пиренейн ахгӀайре]]нан а, хӀинцалера къилбан [[Франци]]н а областашка. Румхойн салташкахула а, йохк-эцархошкахула а латинан мотт шен къамелан кепара карабо меттигерчу бахархойн массашна, схьабаьхначу махкашкахь [[Романизаци|романизаци]] яржаярехь иза уггар эффект йолу гӀирс хуьлу. Цу тӀе уггар жигара романи мотт тӀеоьцу уллора румхой лулахоша — [[Галли|Галлехь]] (хӀинцалера Францин, [[Бельги]]н, [[Нидерландаш|Нидерландин]] а, [[Швейцари]]н цхьацца дакъошкара мехкаш) баьхна [[кельташ]]. Румхой Галли яккха буьйлабелла вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀачу декъехь, схьаяьккхира вайн эрал хьалхара 50-гӀа шераш чекхдовлуш, [[Юлий Цезарь|Юлий Цезарь]] баьчча волуш дехха тӀемаш динчул тӀехьа ([[Галлин тӀом|вайн эрал хьалхара 58—51 шерашкара галлийн тӀемаш]]). Оццу хенахь румхойн эскарш уллера уьйре довлу [[Рейн (хи)|Рейнан]] малхбалехьа шуьйрачу кӀошташкахь дехачу [[Шира германхой|германхойн тайпанашца]]. Цезарь иштта шозза воьду [[Йоккха Британи (гӀайре)|Британе]], амма и йоцачу хенахь йинчу экспедицеш (вайн эрал 55—54 шо хьалха) ца хилира тӀехьало йолуш румхойн а, меттигерчу кельтийн а юкъаметтигашна. Цул тӀаьхьа 100 шо даьлчи, 43 шарахь бен, [[Британи румхоша яккхар|Британи ца яьккхира]] румхойн эскарша, уьш цигахь бисира 407 шо кхаччалц. Иштта, пхеабӀешарахь гергга, 476 шарахь [[Падение Римской империи|Руман империи йожжалц]], цигахь дехаш долчу Галлин а, Британин а тайпанашна а, ткъа иштта германхошна а боккха Ӏаткъам бо латинан меттана.
Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш латинан мотт коьрта Италийн берриг мохк тӀехь хилла цаӀара, официалан пачхьалкхан мотт санна, чубаьржа румхоша къарйинчу [[Пиренейн ахгӀайре]]нан а, хӀинцалера къилбан [[Франци]]н а областашка. Румхойн салташкахула а, йохк-эцархошкахула а латинан мотт шен къамелан кепара карабо меттигерчу бахархойн массашна, схьабаьхначу махкашкахь [[Романизаци|романизаци]] яржаярехь иза уггар эффект йолу гӀирс хуьлу. Цу тӀе уггар жигара романи мотт тӀеоьцу уллора румхой лулахоша — [[Галли|Галлехь]] (хӀинцалера Францин, [[Бельги]]н, [[Нидерландаш|Нидерландин]] а, [[Швейцари]]н цхьацца дакъошкара мехкаш) баьхна [[кельташ]]. Румхой Галли яккха буьйлабелла вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀачу декъехь, схьаяьккхира вайн эрал хьалхара 50-гӀа шераш чекхдовлуш, [[Юлий Цезарь|Юлий Цезарь]] баьчча волуш дехха тӀемаш динчул тӀехьа ([[Галлин тӀом|вайн эрал хьалхара 58—51 шерашкара галлийн тӀемаш]]). Оццу хенахь румхойн эскарш уллера уьйре довлу [[Рейн (хи)|Рейнан]] малхбалехьа шуьйрачу кӀошташкахь дехачу [[Шира германхой|германхойн тайпанашца]]. Цезарь иштта шозза воьду [[Йоккха Британи (гӀайре)|Британе]], амма и йоцачу хенахь йинчу экспедицеш (вайн эрал 55—54 шо хьалха) ца хилира тӀехьало йолуш румхойн а, меттигерчу кельтийн а юкъаметтигашна. Цул тӀаьхьа 100 шо даьлчи, 43 шарахь бен, [[Британи румхоша яккхар|Британи ца яьккхира]] румхойн эскарша, уьш цигахь бисира 407 шо кхаччалц. Иштта, пхеабӀешарахь гергга, 476 шарахь [[Падение Римской империи|Руман империи йожжалц]], цигахь дехаш долчу Галлин а, Британин а тайпанашна а, ткъа иштта германхошна а боккха Ӏаткъам бо латинан меттана.

== Дуьненаюкъара юкъаметтигийн меттиг ==

Дуьххьарлера массара тӀеэцна мотт, мел кӀезиг а, Юккъера а, Малхбуза а Европехь бу латинан мотт. Цунах ала мегар ду, цхьана хенахь иза бара цхьаъ бен боцу оцу регионера йозан мотт. Французийн, испанхойн, италхойн, ингалсан меттанаш литературан кепашка кхуьучу хенахь, дипломатин векалшна инструкцеш хӀиттайора векалчийн пачхьалкхерачу маттахь. Уггар тӀаьхьа яздан долийра немцойн маттахь. Латинан мотт лелабора дипломаташ шайна юкъахь къамелаш деш, хӀунда аьлчи агӀонашна ца хаара шеца къамел дечунан мотт.

Латина дӀабаьлчи алсама лелориг французийн мотт бара. XV бӀешо чекхдолуш иза хилира паччахьан кертара мотт Савойхь а, Нидерландашкахь а, кхин а императоран кертан мотт а. 1508 шарахь «Лига Камбре» (Папа, Франци, Австри, Испани) кхоллаелчи, бартбечеран бакъонаш, французийн агӀора а, империйн агӀора а, язйира французийн маттахь, амма ратификацин грамоташ хӀиттийра латинан маттахь. Ингалсан Генрих VI-гӀачо яздора Французийн Карлу VII-гӀачуьнга французийн маттахь, дукха хьолахь и матт лелабора йозанан а, бартан а юкъаметтигашкахь оцу шина пачхьалкхана юкъахь. XVI бӀешо дӀадолуш Францин паччахьо цхьаьнгге ца яздора латинан маттахь, Польшан паччахь воцачуьнга, – иштта аьттоне кхечира французийн мотт баржар<ref>De Maulde-la-Claviere, I, 80, 389.</ref>.


<!--
<!--

Верси 2018, 8 март, 20:27

Латинан мотт
Шен цӀе: Lingua latina
Пачхьалкхаш: Малхбузан а, Къилба Европа а, Гергара Малхбале, Къилбаседа Африка (I - V бӀешерашкахь)
Официалан мотт:

Ватикан Ватикан
Малтан орден

хьалхара — Шира Рум
Нисдеш организаци: Папская академия латыни[d]
Белла:

Йозан мотт юьстахбеккхира романан а, германан а меттанаш XII - XV бӀешарахь (Малхбален Европехь XVII бӀешарахь), Ӏилманехь биснера XVIII бӀешо кхаччалц, биологехь а, лоьраллехь а, юстицехь а, католицизмехь таханлера де кхаччалц

Буьйцу мотт: цунах IX - бӀешерашкахь кхоллабелира романан меттанаш
Классификаци
Категори: Евразин мотт

ХӀиндаевропанметтанаш

Италийн га
Латин-фалийн га
Йоза: латиница
Меттан кодаш
ISO 639-1 la
ISO 639-2 lat
ISO 639-3 lat
Ethnologue lat
ABS ASCL 2902
IETF la
Glottolog lati1261
ХӀокху маттахь Википеди
Lapis niger (ма-дарра Ӏаьржа тӀулг) — латинан меттара йоза тӀехь долу уггар ширачу иэсех цхьаъ

Лати́нан мотт (шен цӀе — Lingua latina), я латинахӀиндаевропан доьзалан меттанех италийн меттенийн Латин-фалийн ген мотт. Таханлерачу дийнахь, доза тоьхна лелош белахь а (къамелан боцу мотт), иза италийн меттанех жигарчех цхьаъ бу.

Латинан мотт хӀиндаевропан меттанех уггар ширачех йозан мотт бу.

Тахана латинан мотт бу официалан мотт Сийлахь Ӏаршан, Малтан орденан, гӀала-пачхьалкхан Ватиканан, ткъа иштта, цхьаццанхьа, Руман-католикийн килсан.

Европан (уьш доцучу а) меттанашкара дукха дешнаш латинан бух болуш ду (хьажа иштта Дуьненаюкъара лексика).

Йоза

элп латинан
цӀе
коьрта
аллофон (МФА)
A a ā [a]
B b [b]
C c [k]
D d [d]
E e ē [ɛ]
F f ef [f]
G g [g]
H h [h]
I i ī [i]
J j jot [j]
K k [k]
L l el [l]
M m em [m]
элп латинан
цӀе
коьрта
аллофон (МФА)
N n en [n]
O o ō [ɔ]
P p [p]
Q q [k]
R r er [r]
S s es [s]
T t [t]
U u ū [u]
V v [w>v]
W w ū (vē) duplex [w,v]
X x ex [ks]
Y y ī Graeca [iː]
Z z zēta [z]
  • C а, K а элпаша билгалдоккху /k/. Ширачу йозанашкахь C дукха хьолахь леладо I а, E а хьалха, ткъа K леладо A хьалха. Амма классикан заманахь K элп дара латинан дешний жимачу испискица доза тоьхна; грекаш схьаэцарехь каппа (Κκ) даиман а C элпаца гойту. Q элпо къастадо минимум меттигашкахь /k/ а, /kʷ/ а, масала cui /kui̯/ а, qui /kʷiː/ а.
  • Ширачу латинехь C билгалйоккхура шиъ тайп-тайпана фонема: /k/ а, /g/ а. ТӀехьа юкъадаьккхина G элп, амма C яздар дисина цхьа могӀа шираруман цӀераш яцъярашкахь, масала Gāius (Гай) доца яздора C., ткъа Gnaeus (Гней) Cn. кепара.
  • Классикан латинехь I а, V а (цӀе: ū) элпаш билгалдаккхара мукъа аз /i/ а, /u/ а, мукъаза аьзнаш (нийса аьлчи, ахмукъа) /j/ а, /w/ а. Юккъера бӀешераш чекхдовлуш къастодолийна Ii/Jj а, Uu/Vv а, уьш хӀинци а латинан текст арахоьцуш бехкам бина а дац. Дукхах дерг Ii, Uu, Vv бен ца леладо, наггахь — Ii а, Vu а.
  • Y а, Z а элпаш юкъатоьхна классикан муьрехь грекийн дешнаш яздархьама; W элп юкъатоьхна Юккъерчу бӀешерашкахь германхойн дешнаш яздархьама.
  • Ахмукъа /j/ гуттарен а шалха долара мукъа аьзнашна юкъахь, амма иза ца гойтура йозанехь. Мукъачун Iахмукъачун I хьалха яз а ца дора, масала /ˈrejjikit/ ‘юхакхоьссина’ дукха хьолахь яздора reicit, ткъа reiicit ца яздора.
  • Даккхий-кегий элпаш юкъадаьхна Юккъерачу бӀешерашкахь.

Латинан абат йозан бух бу дуккха а хӀинцалерачу меттанийн.


Истори

Латинан мотт фалийчуьнца (латин-фалийн бухара тоба) цхьаьна могӀарехь, оскан а, умбран а меттанашца (оскан-умбран бухара тоба) цхьаьна, дора хӀиндаевропан доьзалан меттанийн италийн га. Ширачу Италин историн кхиаран процессехь латинан мотт аратеттина кхечу италийн меттанаша, хан-заманахь дӀалаьцна коьрта меттиг малхбуза Юккъера хӀордан гуонаха. ХӀинца бу ма-аллара деллачу меттанийн декъахь, ширахӀиндийнарг (санскрит), ширагрекийнарг санна.

Латинан меттан историн кхиарехь, чоьхьара эволюцин а, кхечу меттанашца уьйр хиларан а амалашкара хьаьжчи, билгалбоккху масех мур.

Шира латина (ширалатинан мотт)

Латинан мотт юкъабаьлла вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха. Вайн эрал хьалхара I эзар шо долалуш латинан маттахь къамел дора Апеннинан ахгӀайрен юккъерчу декъа малхбузехь, Тибр хин лахенехь лаьтта жимачу Лаций (лат. Latium) областера бахархоша. Лацехь дехачу тайпанах латинаш (лат. Latini) олура, церан маттах — латинийн. Оцу областан центр хилира Рум (лат. Roma) гӀала, цуьнан цӀарах цига охьахевшинчу италийн тайпанаша шайха румхой (лат. Romani) ала долийра.

Латинан меттан уггар шира йозан иэсаш ду, хьесап дарехь, вайн эрал хьалхара VI бӀешо чекхдолуш V бӀешо долалуш яздина. Иза ду 1978 шарахь ширачу Сатрик гӀалахь (Руман 50 км къилбехьа) карийна йоза, терахь делла цунна вайн эрал хьалхарчу VI бӀешеран тӀеххьара итт шо аьлла, 1899 шарахь руман форумехь ахкарш деш карийна 2,5 эзар шо хан йолу кагбеллачу Ӏаьржа тӀулган тӀиера йозан кийсиг. Шира латинан шира иэсаш юкъайогӀу дикка дукха долу каш тӀиера йозанаш а, вайн эрал хьалхара III бӀешераш юккъера II бӀешо доладаллалц, царех уггар гӀарадевлларш руман политикан гӀуллакххойн Сципионийн эпитафеш а, Вакхан сийлаллех йолу сенатан текст а.

Ширачу муьран воккхачех векал ву литературан меттан областехь шираруман комедиограф Плавт (вайн эрал 245—184 шо хьалха), цуьнан комедех вайн хене яьлла 20 комеди юьззина, цхьаъ — кийсакашца. Терго ян еза, Плавтан комедийн дошаман хӀоттам а, цуьнан меттан фонетикан могӀа а дикка уллехьа беана бу вайн эрал I бӀешо хьалхара — вайн эран I бӀешо доладалуш хиллачу классикан латинан.

Классикан латина

Классикан латина кхетадо литературан мотт бохург маьӀнехь, Цицеронан (вайн эрал 106—43 шо хьалха) а, Цезаран (вайн эрал 100—44 шо хьалха) а, Вергилийн (вайн эрал 70—19 шо хьалха), Горацийн (вайн эрал 65—8 шо хьалха), Овидийн (Вайн эрал 43 шо хьалха — 18 шо) прозаикийн кхолларшкахь а, поэтийн кхолларшкахь а иза кхаьчна уггар чӀогӀа къаьсташ хиларе а, синтаксисан нийсоне а.

Классикан латинан мотт кхоллабаларан а, къагаран а мур Румах Дуьненаюккъера хӀорд йисттера уггар йоккха пачхьалкх хиларх доьзна хилла, цара шайн Ӏедалан куьйгакӀела балийна шуьйра мехкаш Европан малхбузехь а, къилба-малхбалехь а, къилбаседан Африкехь а, Жимачу Ахехь а. Руман пачхьалкхан малхбален провинцешкахь (Грецехь, Жимачу Азехь, Африкан къилбаседан бердйистехь), уьш румхоша схьабохучу хенахь, шуьйра баьржина бара грекийн мотт а, лакхара тӀегӀанехь кхиина грекийн оьздангалла а, цундела латинан мотт дика ца баьржира цигахь. БӀостанехьа дара гӀуллакхаш малхбузан Дуьненаюккъера хӀорд йисттехь.

Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш латинан мотт коьрта Италийн берриг мохк тӀехь хилла цаӀара, официалан пачхьалкхан мотт санна, чубаьржа румхоша къарйинчу Пиренейн ахгӀайренан а, хӀинцалера къилбан Францин а областашка. Румхойн салташкахула а, йохк-эцархошкахула а латинан мотт шен къамелан кепара карабо меттигерчу бахархойн массашна, схьабаьхначу махкашкахь романизаци яржаярехь иза уггар эффект йолу гӀирс хуьлу. Цу тӀе уггар жигара романи мотт тӀеоьцу уллора румхой лулахоша — Галлехь (хӀинцалера Францин, Бельгин, Нидерландин а, Швейцарин цхьацца дакъошкара мехкаш) баьхна кельташ. Румхой Галли яккха буьйлабелла вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀачу декъехь, схьаяьккхира вайн эрал хьалхара 50-гӀа шераш чекхдовлуш, Юлий Цезарь баьчча волуш дехха тӀемаш динчул тӀехьа (вайн эрал хьалхара 58—51 шерашкара галлийн тӀемаш). Оццу хенахь румхойн эскарш уллера уьйре довлу Рейнан малхбалехьа шуьйрачу кӀошташкахь дехачу германхойн тайпанашца. Цезарь иштта шозза воьду Британе, амма и йоцачу хенахь йинчу экспедицеш (вайн эрал 55—54 шо хьалха) ца хилира тӀехьало йолуш румхойн а, меттигерчу кельтийн а юкъаметтигашна. Цул тӀаьхьа 100 шо даьлчи, 43 шарахь бен, Британи ца яьккхира румхойн эскарша, уьш цигахь бисира 407 шо кхаччалц. Иштта, пхеабӀешарахь гергга, 476 шарахь Руман империи йожжалц, цигахь дехаш долчу Галлин а, Британин а тайпанашна а, ткъа иштта германхошна а боккха Ӏаткъам бо латинан меттана.

Дуьненаюкъара юкъаметтигийн меттиг

Дуьххьарлера массара тӀеэцна мотт, мел кӀезиг а, Юккъера а, Малхбуза а Европехь бу латинан мотт. Цунах ала мегар ду, цхьана хенахь иза бара цхьаъ бен боцу оцу регионера йозан мотт. Французийн, испанхойн, италхойн, ингалсан меттанаш литературан кепашка кхуьучу хенахь, дипломатин векалшна инструкцеш хӀиттайора векалчийн пачхьалкхерачу маттахь. Уггар тӀаьхьа яздан долийра немцойн маттахь. Латинан мотт лелабора дипломаташ шайна юкъахь къамелаш деш, хӀунда аьлчи агӀонашна ца хаара шеца къамел дечунан мотт.

Латина дӀабаьлчи алсама лелориг французийн мотт бара. XV бӀешо чекхдолуш иза хилира паччахьан кертара мотт Савойхь а, Нидерландашкахь а, кхин а императоран кертан мотт а. 1508 шарахь «Лига Камбре» (Папа, Франци, Австри, Испани) кхоллаелчи, бартбечеран бакъонаш, французийн агӀора а, империйн агӀора а, язйира французийн маттахь, амма ратификацин грамоташ хӀиттийра латинан маттахь. Ингалсан Генрих VI-гӀачо яздора Французийн Карлу VII-гӀачуьнга французийн маттахь, дукха хьолахь и матт лелабора йозанан а, бартан а юкъаметтигашкахь оцу шина пачхьалкхана юкъахь. XVI бӀешо дӀадолуш Францин паччахьо цхьаьнгге ца яздора латинан маттахь, Польшан паччахь воцачуьнга, – иштта аьттоне кхечира французийн мотт баржар[1].


Билгалдахарш

  1. De Maulde-la-Claviere, I, 80, 389.

Литература

  • Латинский язык // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Тронский И. М. Историческая грамматика латинского языка. — М., 1960 (2-е изд.: М., 2001).
  • Ярхо В. Н., Лобода В. И., Кацман Н. Л. Латинский язык. — М.: Высшая школа, 1994.
  • Дворецкий И. Х. Латинско-русский словарь. — М., 1976.
  • Подосинов А. В., Белов А. М. Русско-латинский словарь. — М., 2000.
  • Белов А. М. Ars Grammatica. Книга о латинском языке. — 2-е изд. — М.: ГЛК Ю. А. Шичалина, 2007.
  • Люблинская А. Д. Латинская палеография. — М.: Высшая школа, 1969. — 192 с. + 40 с. илл.
  • Белов А. М. Латинское ударение. — М.: Academia, 2009.
  • Краткий словарь латинских слов, сокращений и выражений. — Новосибирск, 1975.
  • Мирошенкова В. И., Федоров Н. А. Учебник латинского языка. — 2-е изд. — М., 1985.
  • Подосинов А. В., Щавелева Н. И. Введение в латинский язык и античную культуру. — М., 1994—1995.
  • Нисенбаум М. Е. Латинский язык. — Эксмо, 2008.
  • Козлова Г. Г. Самоучитель латинского языка. — Флинта Наука, 2007.
  • Чернявский М.Н. Латинский язык и основы фармацевтической терминологии. — Медицина, 2007.
  • Бодуэн де Куртенэ И. А. Из лекций по латинской фонетике. — М.: ЛИБРОКОМ, 2012. — 472 c.

Хьажоргаш