Арсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀ — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎top: clean up, replaced: Вича тиллина цӀе → Бакъ цӀе, Кхелхина де → Кхелхина терахь, Вина де → Вина терахь using AWB
ж →‎top: clean up, replaced: Викигулам → Викиларма using AWB
МогӀа 23: МогӀа 23:
|Сайт =
|Сайт =
|Куьг таӀор =
|Куьг таӀор =
|Викигулам =
|Викиларма =
}}
}}



Верси 2018, 21 февраль, 15:15


Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович
ГӀуллакхан тайпа Поэт, прозаик
Вина терахь 1930 шеран 15 апрель({{padleft:1930|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг Дишни-Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2012 шеран 14 март({{padleft:2012|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (81 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика
Корматалла яздархо, поэт
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Абдулмуслим

Арсанука́ев, Шайхи́ Абдулмусли́мович (1930 шеран 15 апрель, Дишни-Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР — 2012 шеран 14 март) — нохчийн яздархо а, поэт а, Нохчийчоьн яздархойн союзан декъашхо, Российн яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо.

Шайхи вина 1930 шеран 15 апрелехь Веданан кӀоштан Дишни-Веданахь. Цо школа чекхъяккхира Кхазакхстанан Семипалатинскан областан Новопокровскан кӀоштан Батнай юьртахь. 1955 шарахь чекхъяккхира финансан техникум.

Иза байташ язъян волавелира школера дуьйна. Хьалхара цуьнан произведениш зорбан тӀе туьхуьра 1957 шарахь «Ленинан некъ» газетехь а, «Орга» а, «Дружба» а альманахашкахь а.

Арсанукаевс чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Дешна ваьлча иза дӀахӀоттира «Колхозан дахар» цӀе йолу Веданан кӀоштан газетан редакторан когаметтинаг. Цул тӀехьа цо болхбира Нохч-ГӀалгӀайн книган издательстван коьрта редактор, «Орга» журналан литературан а, исбаьхьаллин а альманахан коьрта редактор.

CCCРн яздархойн союзан декъашхо хилира иза. 1986 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн яздархойн союзан куьйгалхо хӀоттира иза. Оцу даржехь цо болх бира 1997 шо кхаччалц. Шен дахаран тӀеххьара шерашкахь цо болх бира Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературан а, фольклоран а кафедран коьрта хьехархо.

Цо арахийцира поэзин гуламаш «Утро в горах», «Родник любви», «Выбор судьбы», «Новый день»,иштта кхиерш а.

Балхан кхиамашна а, дукха шерашкахь бина балхан а 2009 шарахь Шайхи Арсанукаевн елира ДоттагӀалин орден[1].

Нохчийн исбаьхьалла литературан кхиаманчу доккха дилларан Шайхи Арсанукаевн елира «Нохчийн Республикан Халкъан яздархо» цӀе.

Хьажоргаш

Билгалдахарш