Омаев, Дагун Ибрагимович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Umarbot (дийцар | къинхьегам)
ж clean up, replaced: |кхелхин → |кхелхина (2) using AWB
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 7: МогӀа 7:
|суьртан тӀехь =
|суьртан тӀехь =
|гӀуллакхан тайпа =
|гӀуллакхан тайпа =
|вина де = [[1943]] шаран [[5 май]]
|вина де = 5.5.1943
|вина меттиг = {{ВинаМeттиг|Сиржа-Эвла|Сиржа-Эвлахь}}, [[Шелан кӀошт]], [[Нохчийн Республика]], [[РСФСР]], [[СССР]]
|вина меттиг = {{ВинаМeттиг|Сиржа-Эвла|Сиржа-Эвлахь}}, [[Шелан кӀошт]], [[Нохчийн Республика]], [[РСФСР]], [[СССР]]
|корматалла = артист
|корматалла = артист

Верси 2013, 9 декабрь, 19:38

Кеп:Стаг

Ома́ев, Дагу́н Ибраги́мович (1943 шаран 5 май, Сиржа-Эвла, Шелан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн театран, а кинон артист, Советски Союзан Турпалан Ханпаша Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актер, Къилбаседера Осетин а, Абхазин а, ГӀебертойн а, Балкарийн а Республикан Сийлахь артист, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, Российн Федерацин а (2002 шо) Халкъан артист.

Биографи

Дагун Омаев вина Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шелан кӀоштан Сиржа-Эвлахь 1943 шаран 5 майхь. Казахстанера цо дийшира Назранан юртабахаман техникумехь. 1961 шо дуьйна 1963 шо кхаччалц цо дийшира Нурадиловн цӀарах йола театрех йолу школа-студехь. Цо чекхъяккхира Российн театран исбаьхьаллин университет — ГИТИС.

Болх

Б. Равенских а, М. Анчаровн а «Драматически эшар» цӀе йолу спектаклехь Павел Корчагин роль левзина аьлла цунна елира Ленинан комсомолан совгӀат. «Лийр боцуш берш» спектаклехь Ханпаша Нурадиловн роль бахьнехь цунна шозза елира ЧИАССРн а, РСФСРн а культуран министерствашан дипломаш.

Дагун Омаев дакъа лецна М. Солцаевн «Асланбек Шерипов» спектаклехь коьрта ролехь, «Оптимистически трагеди» цӀе йолу Вишневскийн спектаклехь (Алексей), «Даймохк» цӀе йолу Руслан Хакишевн спектаклехь, «Дуьне духуш хенахь» Р. Хакишевн а, О. Иоселиани а спектаклехь (Анзор), «Маршо я Ӏожалла» М. Солцаевн спектаклехь (Байсангур), «Тайми Бейбулат» М. Мусаевн спектаклехь (Бейбулат), «Нигат» Л. Яхьяевн спектаклехь (Бексолт Исмаилов), и. к. д.

Классикан спектаклешкахь цо дакъа лецна «Кориолан» Уильям Шекспиран спектаклехь (Тулл Авфидий), «Ричард III» У. Шекспиран спектаклехь (Глостер), «ЦӀийх дуьзна ловзар» Гарсиа Лоркин спектаклехь (Леонардо), «Зуда ялор» Н. Гоголин спектаклехь (Жевакин), «Бехк боцуш бехкинарш» А. Островскийн спектаклехь (Незнамов), «Ромео а, Джульетта а» В. Шекспиран спектаклехь (Лоренцо), и. к. д.

Ерригроссийн театран фестивалашкахь дакъа лацарна а, «Лениниана» спектаклехь Забелинан роль ловзарна а, Шаулан роль «Лом а, чагӀалкх а» спектаклехь (Шандор Петёфи, Венгри), Живко роль «Говзанчаш» спектаклехь (Р. Стоянов, Болгари), Шахбулатан роль исбаьхьаллин фильмехь «ЦӀераш бӀоьвнаш тӀехь» (Къилбаседера Осетин телевиденин фильмашан студи) цунна делира СССРн а, РСФСРн а, ЧИАССРн а, культуран министерстваш а, Российн Федерацин театран белхалойн союзан сийлахь дипломаш.

1968 шарахь шен хьалхара кинохь роль левзира цо «ЦӀераш бӀоьвнаш тӀехь» фильмехь. Цул тӀаьхьа цо кхиъ 40 сов роль левзира кинохь, царех 35 — коьртаниш.

Фильмографи

СовгӀаташ

  • Ленинан комсомолан совгӀат
  • Российн Федерацин Халкъан артист (2002 шо)
  • Знак «Культурехь бина кхиамашан» (2002 шо)
  • «Российн гӀулкхан са ца кхоадеш къинхьегаман» Сийлахь-воккха Пётран медаль (2004 шо)
  • Нохчийн Республикан Сийлахь гражданин (2007 шо)

Хьажорагаш