Айдамиров, Абузар Абдулхакимович — Версийн башхалла
[теллина верси] | [теллина верси] |
Нисдарах лаьцна йаздина дац |
Simba16 (дийцар | къинхьегам) |
||
МогӀа 32: | МогӀа 32: | ||
Абузар кхелхина [[2005 шо|2005 шеран]] [[27 май]]хь. |
Абузар кхелхина [[2005 шо|2005 шеран]] [[27 май]]хь. |
||
== Хьажоргаш == |
|||
== Билгалдахарш == |
|||
* [http://old.chechensociety.net/cho/cho35/035_03.htm На смерть народного писателя] |
|||
{{Билгалдахарш}} |
|||
* [http://checheninfo.ru/18434-abuzar-aydamirov.html Абузар Айдамиров] |
|||
{{ВП-кеш|Нохчийчоь|Литература|Адамаш}} |
|||
[[Категори:Нохчийн Халкъан яздархой]] |
[[Категори:Нохчийн Халкъан яздархой]] |
Верси 2016, 16 август, 12:30
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | Поэт, йаздархо, прозаик |
Вина терахь | 1933 шеран 29 октябрь |
Вина меттиг | Мескита, Нажи-Юьртан кӀошт, Нохчийн Республика |
Кхелхина терахь | 2005 шеран 27 май (71 шо) |
Кхелхина меттиг | Мескита, Нажи-Юьртан кӀошт, Нохчийн Республика |
Корматалла | яздархо |
Гражданалла | СССР → Росси |
Да | Абдулхаким |
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович Викилармехь |
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович вина 1933 шарахь Нажи-Юьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 шарахь шарахь.
Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Езачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.
Яздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» цӀераш йолу книгаш тӀера дукхахйолу произведенеш а ю юьртан таханлера дахар гойтуш.
Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь.