Бадалов, Руслан Нурдиевич — Версийн башхалла
[талланза верси] | [талланза верси] |
Simba16 (дийцар | къинхьегам) |
Simba16 (дийцар | къинхьегам) |
||
МогӀа 55: | МогӀа 55: | ||
Руслан Бадалован кхо жима ваша лата Ӏемира. Цера оцу гӀулкхехь дика кхиамаш бара. |
Руслан Бадалован кхо жима ваша лата Ӏемира. Цера оцу гӀулкхехь дика кхиамаш бара. |
||
Русланан ши кӀант а, йоӀ а ю. |
|||
== Хьажорагаш == |
== Хьажорагаш == |
Верси 2013, 6 август, 06:53
Руслан Нурдиевич Бадалов | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | борец |
Вина терахь | 1955 шеран 23 сентябрь (68 шо) |
Вина меттиг |
Бада́лов, Русла́н Нурди́евич (1955 шо) — нохчийн паргӀата кепар латархо, масийттуза СССР Кубок яккхинарг, СССРн чемпион (1982 шо), Канадин Кубок яккхинарг (1982 шо), дуьненан чемпионатан совгӀатхо (1975 шо), СССР спортан халкъашан юкъара классан говзанча.
Руслан Бадалов вина 1955 шарахь Казахстанан Красноармейски кӀоштан Берлиновка юртехь. Цо чекхъяккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан физкультуран факультет а, Ростован халкъан бахаман институт а.
Спорт
Руслан Бадалов 15 шо кхаьчча волавелира лата Ӏама. Цуьнан тренер вара Дэги Багаев. Иза леташ вара 74 кг кхаччалц беза болу латархойн юкъахь. 1973 Киевехь СССРн Кубок яккхира. Цул тӀаьхьа цо кхиамца дакъа лецира дукха ерригсоюзан а, халкъашна юкъара а турнирашкахь.
- СССР Кубок яккхинарг — 1973, 1974, 1976, 1977 шераш;
- Канадин Кубок яккхинарг — 1982 шо;
- Юниорашна юкъахь СССР чемпион — 1974 шо;
- Дуьненан чемпионатан совгӀатхо — 1975 шо;
- СССР Герзан Ницкъан а, ВМФ а чемпион — 1975—1978 шераш;
- Тбилисин халкъашна юккъера турниран толамхо — 1975, 1977, 1982 шераш;
- Александр Медведь цӀарах йолу халкъашна юккъера турниран совгӀатхо а, толамхо а — 1980, 1981 шераш;
- Тегеранехь а (1980 шо), Чехословакехь а (1982 шо), Монголехь а (1983 шо) хилла йолу турнирийн толамхо;
- РСФСР халкъийн Спартакиадан толамхо — 1975 а, 1979 а шераш;
- СССР халкъийн Спартакиадан совгӀатхо — 1983 шо;
- РСФСР чемпион — 1980 шо;
- ВЦСПС чемпион — 1980 а, 1981 а шераш;
- СССР чемпион — 1982 шо.
Болх а, юкъараллин гӀуллакх а
Спорт йитинчул тӀехь Руслан Бадаловс тренер болх бира, ЧИАССР профсоюзийн ВДФСО когаметтаниг а, председатель а, республикан спорткомитетан председатель а.
1999 шарахь тӀом болабелча иза шен доьзалца ГӀалгӀайн Республике дӀавахара. Цо кхоьллира Нохчийн халкъан кӀелхьардаккхаран комитет а, цуьна куьйгалхо а хӀоттира.
Доьзалла
Руслан Бадалован кхо жима ваша лата Ӏемира. Цера оцу гӀулкхехь дика кхиамаш бара.
Русланан ши кӀант а, йоӀ а ю.