Бека Курхули

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Бека Курхули (ბექა ქურხული) — (1974 шеран 6 октябрь, Типлиз , Гуьржийн ССР) — гуьржийн яздархо, т1еман репортер вина журналист Джемаль Курхули доьзаллахь.

Гражданалла: Гуьржийн пачхьалк

Мотт: Гуьржийн мотт

Корматалла: Прозаик а, т1еман репортер а

Жанр: романаш а, повесташ а, дийцараш а

Дебют: "Мне 16 лет" (1991 г), ("Сан 16 шо")


Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Бека Курхули вина  1974 шеран 6 октябрехь   Типлиз  гӀалахь. 1991 шарахь цо чекхъяьккхина хьалхара экпериментальни ишкол Типлизехь .1991-1996 шерашкахь Бекас дешна Шота Руставелин цӀарах йолчу Типлизан Театральни институтехь драматически исбаьхьаллин факультетехь (Тамаза Чиладзе мастерскоййхь). Цунан дуьххь арлера дийцарш зорбане даьхна 1991 шарахь «Мамули»  газета тӀехь (Даймохк). Цул тӀаьхьа цун дийцарш зорбане девлира гуьржийн «Альтернатива», «Арили», «Дилис Газети», «Чвени Мцерлоба», «Цигнеби», газета «24 Саати», «Парнаси», «Литературули Палитра», «Литературули Газети», «Литература — Цхели Шоколади», «Апра» цӀераш йолчу литературни журналаш тӀехь а, газеташ тӀехь а. 


1999—2004 шерашкахь Бекас тӀеман репортер болх бина Гуьржийн махкахь а, Кавказехь а. Иштта цо йора репортажаш Абхазера а, Къилбседа Осетера а, Цхинвалера а, ГӀалгӀичуьра а, Панкисера а. 

2005 шарахь Бекас кандидатски диссертаи чехкъяьккхира "Походы и набеги в горах Восточного Кавказа" ц1е йолу.

2011 шарахь иза болх бан волавелла «Media House Dekom» зорбан арахоьцургца  а, «Цхели Шоколади», «Либерали» журналашца а.

2013 шарахь Бека тӀеман репортер волуш Афганистане вахана. 


Библиографи:

2004 - "Точка...Потерянные люди потерянной территории"

2005 - "Дом на чужбине"

2010 - "Встреча после того"

2011 - "История двух лун"

2012 - "Короткая ночь лета"

2013 - "Город в снегу" "Записки 1991г"

2014 - Страна открытых дверей"

2015 - "Побег из Рая"

2017 - "Скандара и другие рассказы


Литературан совг1аташ:

2006 - "Дом на чужбине" - литературан совг1ат "Саба" номинацехь "шеран уггаре тоьлла прозаически гулар" - номинант

2013 - "Дерево вот-вот упадет" - литературан совг1ат "Саба" номинацехь "шеран уггаре тоьлла пьеса" - номинант

2014 - "Записки 1993-2011" - литературан совг1ат "Саба" номинацехь "шеран уггаре тоьлла документальни проза а, эссеистика а" - номинант

"Предыдущий день" - литературан совг1ат "Одного расссказа" Реваза Инанишвили ц1арах, 1-ра меттиг

2016 - "Побег из Рая" - литературан совг1ат "Саба" номинацехь "шеран уггаре тоьлла роман" - лауреат

2017 - "Нескончаемый дежавю у мольберта" - литературан совг1ат "Типлиз" номинацехь "шеран уггаре тоьлла дийцар" - номинант

2018 - "Скандара и другие рассказы" - литературан совг1ат "Литера" номинацехь "шеран уьггаре тоьлла прозаически гулар" - лауреат


Хьажоргаш:

Цо язйина книгаш арахецна гуьржийн а, польшийн а, чехийн а, словакийн а, ингалзийн а, литовскийн а, туркойн а, украинийн а, суьлийн а, х1ирийн а, оьрсийн а матташкахь.

2018 шарахь Бека Курхули прозаически гулар "Город в снегу" гочйина италхойн издательство "Stilo editrice" (Бари.Итали)