Чулацаман тӀегӀо

Бежана жижиг

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бежнийн чархаш
Дохадаран схема (XIX бӀешеран чаккхенгара сурт)

Бежана жижиг — цӀера хьелийн а, стерчийн а жижиг. Жимачу бежана жижигах къона жижиг олу. Малхбузаевропин кулинарехь къастадо аьттан, старгӀанан, стерчийн жижиг. Россехь иза йукъара кхетам бу[1]. Бежана жижиг адамаша дуура исторел хьалхарчу заманахь дуьйна[2]. Бежана жижиг лакхарадикаллин белокан а, йуурган хьост ду[3].

Чархан тайп-тайпана декъех хуьлу кулинарин хьелашца тайп-тайпана бежана жижиг. Чарх дакъошка йоькъу йуьхьанца кечдеш[4].

Бежана жижиг — гӀарадаьлла жижиган сурсат ду, дуьненан мехкийн кухнешкахь шуьйра леладо.

Хенашца бежана жижиг доькъу:

  1. Къена бежана жижиг
  2. Дуьхьиган жижиг
  3. Къона бежана жижиг

Динан а, культан а бехкамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бежана жижиг хьарам дина цхьацца оьздангаллашкахь, масала хӀиндуизмехь.

Йуург а, могашалла а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Россехь бежана жижиг даар 2020 шарахь лагӀделла 3,4%, 1,94 млн тонн кхаччалц, иза минимум хилира тӀаьхьарчу итт шарахь. ЛагӀделла шурийн бежнийн жижиг даар, базаран 80% ду иза, ткъа жижиган тайпана бежнийн жижиг даар ворхӀ шарахь тӀекхетта 5-зза, 300 эз. тонне кхаччалц, хаза дакъош — 12-зза, 30 эз. тонн. Metro дуьйцу, дораха бежана жижиг эцар лагӀлуш ду масех шарахь, ткъа совгӀатан аса Black Angus эцар 2020 шарахь тӀекхетта 25%.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. В. В. Похлёбкин, 2015.
  2. Piatti-Farnell, Lorna. Beef: A Global History. — London: Reaktion Books(ингалс.), 2013. — С. 7. — ISBN 978-1780231174.. — «In prehistoric times, our ancestors were known to have hunted aurochs, a type of wild—and rather ferocious—cattle that were the ancestor to modern livestock.».
  3. Oh, Mirae; Kim, Eun-Kyung; Jeon, Byong-Tae; Tang, Yujiao. Chemical compositions, free amino acid contents and antioxidant activities of Hanwoo (Bos taurus coreanae) beef by cut (en) // Meat Science : journal. — 2016. — Vol. 119. — P. 16—21. — DOI:10.1016/j.meatsci.2016.04.016. — PMID 27115864.
  4. Виктор Барановский. Профессия повар. Учебное пособие. — Litres, 2017-09-05. — 406 с. — ISBN 9785425096937. Архиван копи 2018 шеран 12 июнехь дуьйна Wayback Machine тӀехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Викитекин логотип
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Бежана жижиг темин