Баьцхалг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Баьцхалг
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Carduelis chloris (Linnaeus, 1758)
Синонимаш
  • Chloris chloris
Ареал
сурт

     Бен беш ду      Шеран дохаллехь      Кхалхаран кӀошташ      Йухадаьхкина

     Тера ду къайла а девлла, йукъадаьхкиначух
Ларйен статус

Баьхцалг[1] (лат. Chloris chloris) — вьюрок доьзалера олхазар.

Куц[нисйе бӀаьра | нисйе]

ДегӀан дохалла 14—17 см, тӀоман бохалла 8,1—9,5 см, тӀемаш тохар 26—30 см. ДегӀ буту, цӀога доца, дика схьадаккхар къаьсташ. ЗӀок онда конускепара. Берриг бос йаьлла мас зайтан-боьра, сирло лахе йолуш, букъ тӀехь таьӀна сизнаш, хоттарш можа бос бетталуш. стечун бос алсамо беда. ТӀома тӀехь хаало къегина-можа аса.

Даржар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Деха Европехь, Къилбаседа-Малхбузен Африкехь, Жима а, Йуккъера а Азехь, Иранан къилбаседехь.

Дахаран хьесап[нисйе бӀаьра | нисйе]

Охьаховшу нилсайаьхна хьаннашка, хотешка, дитташ девлла боьлакашка, бошмашка, паркашка. Ареалан къилбаседин дакъошкахь олхазар кхелха, къилбехахь кхерч лаьцна сецца ду. БӀаьста йухадогӀу къилбехьара дикка хьалха, мартан хьалхарчу декъехь, ареалан къилбаседехь апрелан йуьххьехь, дукха хан йалале шишша къаьста. Оццу хенахь терго йан ло боьршачеран декаш тӀомалелар. Буу ораматийн а, дийнатийн а кхача. Аьхка коьртаниг дуу сагалматаш — чхьуьйригаш, зингатий, иштта кхин а, аьхкенан шолгӀачу декъехь а, гурахь а — цӀазамаш, патарш, бецан ораматийн хӀуш.

ТӀомалеларан кеп тера йу бирдолагчух. Кхийсало шине когаца, тӀома сиха лела, хӀаваэхь хьийза, охьадоссале цхьаьна хенахь мотт лоьцу. Чухахкадалархьама цӀеххьана тӀемадолий, дикка лакхахь хьийзий, масех гуо боккхий, тӀемаш дегӀан тӀетаӀадой охьахьоду. Ӏаламехь деха 13 шо кхаччалц.

Декар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Баьхцалган декаран кийсиг

Дека долало бӀаьстенан йуьххьехь кхелхачу заманахь, уггаре жигара доьку апрелехь — майхь, цул тӀаьхьа йукъаметтигашкахь — йерриг аьхкенехь. Декар хуьлу сиха а доцуш хийцалун тайп-тайпана зевне йишца а, чкъар-чкъир дарца а, царех уггаре чӀогӀа къастало зуз ден «джжжюююии» йа «вжжжжеееу». Цул сов, декаран амалехь йу къекъа, гоьрга гезгех лаьтташ санна, йиш. Дека боьршаниг диттан боьххье хуий, чӀогӀа йиш локху, цкъаццӀа эшарца тӀемадолу, хӀаваэхь тӀемаш а, цӀога а дӀасадогӀийтий мотт лоций тӀомалела, цул тӀаьхьа йуха а шен меттиге йа лула охьахуу.

Дебар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вовше карийча стениг бен бан долало, иза бо дитт тӀехь геннаш йуккъехь 1,5 до 4 м метр лакхахь, 6—8 м кхаччалц а, сов а хуьлу. Бенан бух тӀехь даиман тайп-тайпана дуткъа геннех лаьтта тӀай ду. Ша бен — хаза бина боцу стомма пен болу кедах тера бу, амма дикка онда бу — бина корсамах, чкъоьрнех, бецах, ораматийн чоьшах, бенан бух тӀехь чухула — дуткъа ораматийн хьесий, чамхалгаш, тӀаргӀа (гӀоле хета беханиг), говран чо, наггахь месаш.

Тевна лаьтта 4—6 можо-кӀайн тӀеданаш долу хӀоэх. ХӀоийн барам: 17—24 × 12—16 мм. Тевна хина цхьа стениг Ӏа 12—14 дийнахь. Боьршачо цунна йуург кхоьхьу. ХӀоан чура долу кӀорнин месаш ца хуьлу, бӀаьрзе хуьлу, амма сихха кхиа долалой 13—14 де долуш бена чуьра арадовлу. КӀорнешна, хьалха харданг чохь кӀаддой сагалматаш а, хӀуш а даадо. Йуург йаайо дас а, нанас а. Бен битинчул тӀаьхьа цхьа кӀира даьлча тӀомалела къонанаш шеш даха долало, ткъа къена олхарш шолгӀа тевна даккха долало. Даьхна кӀорнеш жуташка цхьаьна а кхетий кхалха дуьйлало. ТӀаьхь-тӀаьхьа и кхалхар шолой, сентябрехь долало гуьйренан дӀадахар.

Чохь лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чохь лело баьхцалгаш данне а хала дац, амма олхазарш дезархойн хьеший уьш кӀезиг хуьлу, хӀунда аьлча дукхаха болчара оцу олхазарийн декаран мах ца хадабо жужжа дарна, иза сакхт лору.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Бёме Р. Л., Флинт В. Е. Пятиязычный словарь названий животных. Птицы. Латинский, русский, английский, немецкий, французский / Под общей редакцией акад. В. Е. Соколова. — М.: Рус. яз., «РУССО», 1994. — С. 434. — 2030 экз. — ISBN 5-200-00643-0.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викитекин логотип
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Зеленушка темин
  • Жизнь животных: В 6 т. — Т. 5: Птицы / под ред. Н. А. Гладкова, А. В. Михеева. — М.: Просвещение, 1970. — 675 с.
  • Остапенко, В. А. Птицы в вашем доме: Справочное пособие. — М.: Арнадия, 1996. — ISBN 5-88666-011-9.
  • Рябицев, В. К. Птицы Урала, Приуралья и Западной Сибири: Справочник-определитель. — Екатеринбург: Изд-во Уральского ун-та, 2001. — 608 с. — ISBN 5-7525-0825-8.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]