Башлам (ансамбль)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Республикан Хасан Алиеван цӀарах йолу берийн эшаран а, хелхаран а ансамбль «Башлам»
Жанр нохчийн а, Кавказан фольклоран а хелхараш
Шераш 1969 — таханалац
Пачхьалкхаш ССРС СССРРосси Росси
ГӀала Соьлжа-ГӀала
Эшарийн мотт нохчийн
Куьйгалхо Яхсан Алиев
Хилла
декъашхой
bashlam.net

Республикан Хасан Алиеван цӀарах йолу берийн эшаран а, хелхаран а ансамбль «Башлам» — нохчийн берийн эшаран а, хелахаран а ансамбль, дукха ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашан юкъара конкурсашан а, фестивалийн а лауреат.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Ансамбль кхоьллина 1969 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Шуьйта юртахь дукха Ерригсоюзан а, Хаьлкъашна юккъера а фестивалийн лауреатас, 1957 шарахь Москвахь хилла йолу Дерригдуьненан кегирохойн а, студентийн а фестивалин лауреатас Хьасан Алиевс.

Ансамблин Халкъан ансамбль аьлла цӀе елира. 1973 шарахь иза хилира Берлинехь хилла йолу Х Ерригдуьненан кегирхойн а, студентийн а фестивалехь халкъан хелхарийн конкурсехь лауреат. 1974 шарахь Тбилисехь «Дашо маӀа» цӀе йолу Кавказан фольклоран хелхарийн хьалхара фестивалехь Гран-при яккхира.

ТӀаьхьа ансамбль дукха гастролешца лилира, ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а конкурсашкахь а, фестивалешкахь а дакъа лоцура, дукха конкурсашкахь толам а боккхура.

1996 шарахь тӀамо сацийра ансамблин болх. Юха а болх болабара 2003 шарахь бен ца нисделира. Ансамблин пачхьалкхан статус а елира, цуьнан кхоллархон цӀе а тиллира. 2004 шарахь цо юха а йолайира шен гастролеш, кхиъ цхьа шо даьлча халкъашна юккъера конкурсашахь толамаш баха йолаелира.

30 шарахь ансамблин куьйгалхо деш вара Хасан Алиев. Иза 2003 шарахь велча ансамблин куьйгалхо хӀоттира Краснодаран пачхьалкхан культуран институтехь дешна ваьларг, Нохчийн Республикан Сийлахь артист Яхьсан Алиев, Хасан Алиеван ваша.

Ансамбль «Башлам» ю кхаа «СтелаӀад» цӀе йолу Халкъашна юккъера телевиденин фестивалин лауреат. Цо дакъа лаьцна исбаьхьаллин а, документальни а фильмаш йоккхуш «Эхо в горах», «Слово о республике моей», «Махмуд Эсамбаев — поэт танца», «Утро в горах», кхиераш а.

Конкурсашкахь а, фестивалишкахь а дакъа лацар[нисъе | нисъе чухулара]

Шо ГӀала Конкурс Хилларг
1972 шо
Москва
Международный конкурс народных танцев, посвященный 50-летию образования СССР
Гран-при
1973 шо
Берлин
Х Всемирный фестиваль молодежи и студентов
лауреат
1974 шо
Тбилиси
1-й фестиваль фольклорных танцев народов Кавказа «Золотой рог»
Гран-при
1975 шо
Будапешт
1-й Всемирный фестиваль стран социалистического содружества
Гран-при
1976 шо
Сочи
1-й Всесоюзный фестиваль самодеятельного творчества трудящихся
Главный приз «Жемчужное ожерелье»
1977 шо
Москва
Всесоюзный и Международный фестиваль, посвященный 60-летию СССР
Гран-при
1978 шо
Прага
Международного фестиваля народных танцев
Гран-при «Хрустальная ваза»
1984 шо
Сопот (Польша)
Международного фестиваля песни, танца и музыки
Гран-при «Золотой топорик»
1985 шо
Москва
2-й Всесоюзный фестиваль самодеятельного творчества трудящихся, посвященный 40-летию Победы в Великой Отечественной Войне
лауреат
1986 шо
Бухарест
Международный фестиваль народных танцев
Гран-при
1987 шо
Москва
Всесоюзный и Международный фестиваль-конкурс народных танцев, посвященный Великой Октябрьской Революции
лауреат
1991 шо
Сухуми
Всесоюзный конкурс фольклорных танцев народов Кавказа
лауреат
1996 шо
Варна
Международный фестиваль
Лауреат
2005 шо
Ялова (Туркойчоь)
2-й фестиваль «Танцы народов Кавказа»
лауреат
2006 шо
Ялова
3-й фестиваль «Танцы народов Кавказа»
лауреат
2006 шо
Стамбул (Туркойчоь)
1-й фестиваль «Танцев Терских народов»
лауреат
2007 шо
Москва
Международный фестиваль «Москва встречает друзей»
лауреат
2007 шо
Юрмала (Латви)
Международный фестиваль «Дети Мира за Мир»
лауреат
2007 шо
Ялова
4-й фестиваль «Танцы народов Кавказа»
лауреат
2008 шо
Москва
5-й Международный фестиваль «Москва встречает друзей»
лауреат
2008 шо
Ялова
5-й фестиваль «Танцы народов Кавказа»
лауреат
2009 шо
Ялова
6-й фестиваль «Танцы народов Кавказа»
лауреат
2009 шо
Сочи
5-й Международный конкурс танцевальных пар и хореографических коллективов
лауреат
2009 шо
Уфа
Конкурс исполнителей танца «Баик»
лауреат
2012 шо
Владикавказ
Международный хореографический фестиваль «Танец дружбы»
Гран-при

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]