Батиров, Мавлет Алавдинович
Мавлет Алавдинович Батиров | |
---|---|
![]() | |
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | боьршаниг |
Пачхьалкх | |
Говзалла | спортехь латар |
Клуб | ЦСКА |
Вина терахь | 1983 шеран 12 декабрь (41 шо) |
Вина меттиг | |
Локхалла | 160 сантиметр |
Йозалла | 60 килограмм |
Бати́ров Мавлет Алавдинович (1983 шеран 12 декабрь, Хаси-Эвл, ДегӀастанан АССР) — российн паргӀат кепар латархо, шозза Олимпиадан чемпион (2004, 2008 шерашкахь), 2007 шеран дуьненан чемпион, 2006 шеран Европин чемпион, массийтуза Российн чемпион; Адам Батиров цӀе йолу Азин чемпионан воккха ваша.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Батиров жима волчу дуьйна цуьнан дас тайп-тайпана спортан къийсамашка вуьгура. Цунна 7 шо кхаьчча дас иза спортан секце вигира. Цуьнан хьалхара тренер вара Сайгидпаша Умаханов.
2003 шо дуьйна Батиров Российн гулйина тобанан декъашхо ву. Иза вара ЦСКА клубехь. Цуьнан тренераш бара Сайгидпаша Умаханов, Магомед Азизов, Джамболат Тедеев.
2008 шарахь Пекинехь хилла Олимпиада чекхйалчула тӀехь цунна операци йира. И операци бахьнехь цунна 66 кг кхаччалц йозаллин категоре вала дийзира. 2010 шарахь шен керла категорехь иза сиха эшийра[2].
2011 шарахь Мавлет Российн чемпионатехь дато мидал йаьккхира шен ваша Адам воцург массо а эшавеш. 2011 шарахь дуьненан чемпионатехь Адамега мидал йаккхар ца хилир.
Кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Олимпиадийн чемпион (Афины 2004, Пекин 2008);
- Дуьненан чемпион а (2007), борзан совгӀатхо а (2006);
- Европин чемпион а (2006), борзан совгӀатхо а (2003);
- Российн чемпиона а (2003, 2004, 2006, 2008 шераш), дато мидалхо а (2005, 2007, 2011).
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Российн Сийлахь спортан говзанча (2004)
- Орден Дружбы (2006 шеран 18 февраль);
- Орден Почёта (2009 шеран 2 августа).
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Мавлет Батиров на сайте Федерации спортивной борьбы России Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- Мавлет Батиров на сайте «Мой Дагестан»
- Мавлет Батыров: Когда президент увидел меня без бокала – растерялся
- Двукратный олимпийский чемпион Мавлет Батиров: Призовые отдам в благотворительный фонд. Хочу людям помочь — «Советский спорт», 19 августа 2008
- Бинарш 12 декабрехь
- Бинарш 1983 шарахь
- Бинарш Хаси-Эвлахь
- Российн Сийлахь спортан говзанчаш
- Сийлаллин орден йелларш
- ДоттагӀаллин Орден йелларш
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Белларш 12 декабрехь
- Белларш 1983 шарахь
- Олимпиадан чемпионаш
- Дуьненан чемпионаш
- Европин чемпионаш
- Российн чемпионаш
- Российн паргӀат кепар латархой