Батиньяни, Фаусто

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Батиньяни Фаусто
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1903 шеран 2 июль({{padleft:1903|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг Монтевидео, Уругвай
Кхелхина терахь 1975 шеран 2 ноябрь({{padleft:1975|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла  Уругвай
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
1922—1928 Уругвайн байрак Ливерпуль (Монтевидео)
1933 Уругвайн байрак Пеньяроль
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Деши Амстердам 1928 футбол
Къилба Америкин чемпионаташ
Борза Рио-де-Жанейро 1922
Деши Сантьяго 1926
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Батинья́ни Фа́усто (испан.  а, итал. аFausto Batignani; 1903 2 июль, Монтевидео1975 2 ноябрь) — уругвайн футболист, кевнахо. 1928 шеран Олимпийн чемпион (турнирехь ца левзира), 1926 шеран Къилба Америкин чемпион.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Фаусто Батиньяни шен йерриг карьера ала мегар долуш йаьккхина цхьаьна клуб, Монтевидеора «Ливерпуль» йукъахь, цундела клубан тӀегӀанехь цунах Уругвайн чемпион ца хилавелира. 1920-гӀа шерашкахь Фаусто хилла уггаре дикачех кевнахо шен махкахь, амма цуьнан дийзира къийсавала ишттачу седарчашца, масала Масали Андресца. 1933 шарахь левзира «Пеньяроль» йукъахь, амма оцу Уругвайн футболан грандан аьтту ца белира чемпион хила.

Уругвайн къоман командин йукъахь Батиньянин дебют хилира 1922 шеран 23 сентябрехь Бразилехь хиллачу Къилба Америкин чемпионатехь. Цуьнан дика ловзаро уругвайхойн команда уггаре кӀезиг буьрканаш чутохийтира турнирехь. Хьалхарчу ловзарехь «Селестес» иэшийра Чилин гулйина команда 2:0, шолгӀа — левзира хьалхейаккхаран хӀусамдайшца Бразилица 0:0. КхоалгӀа матчехь Парагвайца цхьан агӀо ца тоьлчи а Бразили цӀера чемпионатан йукъара йалара. Амма бразилин арбитро цӀармата суьдхолла лелор бахьнехь, Парагвай туьйлира, уругвайхой цӀа бахара чемпионатера. Бразили туьйлира шен матчехь Аргентинел 2:0, очкон барамца цхьабосса дӀахӀоьттира Уругвайца, оццу хенахь Парагвайн ямартло лелийра Аргентиница ловзуш кхечу бразилин арбитро — парагвайхой реза ца хиларна матч чекхйалале аренан тӀера арабевлира. Иштта, кхуьй а командо 4 очкош ехира, ловзо йийзира Уругвайн а, Бразилин а йукъахь «дешин матч». Уругвайхой турнирера дӀабахар бахьнехь, «дешин матчехь» Бразилис иэшийра Парагвай, суьдхойн гӀоьнца континентан чемпион хилира[1].

Амма Батиньяни тӀаьххьара хилира Къилба Америкин чемпион кхин а 4 шо даьлча, оцу хенахь Сантьягора турнире Масалигара къовсам баккхабелира, коьрта кевнахо а хилла. Уругвай туьйлира йерриг 4 цхьаьнакхетараллехь 17:2 буьркийн жамӀ долуш. Ший а буьрка Батиньянис чуяхийтира пенальтера — Чилица (3:1) а, Парагвайца (6:1) а, кхин тӀе цуьнан кевнаш чу пенальти тоьхна голан авторе Флейтас Солич Мануэле кхин а 2 минот йаьлча шолгӀа пенальти чу ца тохаелира кевнахочун, буьрка кхийтира кевнийн лакхарчу маьӀиг тӀе[2].

1928 шарахь Батиньяни вахара Олимпийн ловзаршка Амстердаме Масалин дублер волуш. Иза турниран цхьанне матчехь ца левзира, амма иштта дешин мидал йаьккхира. «Селестен» йукъахь тӀаьххьара матч Фаусто левзира 1928 шеран 21 сентябрехь, оцу хенахь Монтевидеохь шозза Олимпийн чемпионаш доттагӀаллин матчехь левзира шен дукха хан йоццуш Олимпийн финалера мостагӀчуьнца, Аргентинин гулйина командица, цхьан а ца туьйлира (2:2)[3]. Йерриг къоман командин йукъахь Батиньяни левзира 11 матчех, чутохийтира 6 буьрка.

1930 шеран дуьненан чемпионатал хьалха Суппичи Альбертон харжам бара веа кевнахочун йукъахь, меттиг шиъ бен бацара. Командин йукъара дӀаваьккхира Масали Андрес спортан раж йохаярна. Коьрта кевнахочун меттиг дӀалецира Бальестерос Энрикес. Ткъа шина дублёрех Батиньянин а, Капуччини Мигелан а йукъахь харжам бира «Пеньяролан» кевнахочун[4].

Батиньяни Фаустос карьера чекхйаьккхира 1932 шо чекхдаьлча. Велла 1975 шеран 2 ноябрехь 72 шо долуш.

Титулаш а, кхиамаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Martín Tabeira. Southamerican Championship 1922 (инг.). rsssf.com (12 августа 2009). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 24 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 4 сентябрехь
  2. Martín Tabeira. Southamerican Championship 1926 (инг.). rsssf.com (12 августа 2009). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 24 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 4 сентябрехь
  3. Матчи сборной Уругвая (1901-1965). celeste-rus.ru (22 ноября 2011). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 24 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 4 сентябрехь
  4. El pulpo alemán, y nuestros pulpos (исп.). El País Digital (2010). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 25 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 2 февралехь

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]