Чулацаман тӀегӀо

Басаршхьокхург

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Басаршхьокхург болх беш ву чоьнаш чухула кечйеш

Басаршхьокхург, басарча (нем. Maler — суртдиллархо) — гӀишлошна, объекташна, гӀирсанна, интерьеран кхечу хӀуманашна басар тухуш волу белхало, говзанча[1].

Дош схьадалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

СуртхӀоттор

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Болх бо гӀишлошйаран, гӀишлоштойаран, гӀишлойн-коммуналан урхаллийн кхолламашкахь. Басаршхьокхучо басар хьокху куьйга йа щетканца, валикца, басарпультца (пистолетца), кхин гӀирсашца тӀехалонашна, обойш латайо, кхин а башха синтетикин хӀоттамашца тайп-тайпана хьесапашца дуккха бесара басар туху гӀишлошна.

ХӀоранан шен дикаллин лехамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Аьттонца гӀуллакхаш лело оьшу лахара психофизиологин дикаллаш: болх бечу заманахь дика эстетикин чам, бӀаьрахьесап, куьйгаш лелоран координаци, кхоллараллин суртхӀоттор, тидамалла, дурсалла, лакхахь болх бан хьуьнар хилар.

Медицинин бехкамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Болх бихкина лахара цамгарш йолчу нахана: садоӀу меженийн (дӀа ца йолу йекъа къамкъаргийн цамгар, дӀа ца йолу пневмонии, кхин а); деган-пхенийн системаш (гипертони, дог гӀийла хилар, кхин а); кхача ахьаран меженаш (дӀа ца йолу доӀахан цамгар, кхин а); тӀетовжаран-леларан аппарат (куьйгаш, когаш леларан доза); нервийн система (тӀаьхьара ца долу хьал, гӀохилар, кхин а); чкъоьран (дермиташ, экзема, кхи а).

Басаршхьокху белхаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Муш кхочу меттигашкахь басаршхьокху белхаш

Басаршхьокху белхаш — цхьа тӀехало (пенаш, цӀенкъа, тхов, цӀийнан хьалхе, керт, металланконструкци) ларйар, санитарин-гигиенин а, эстетикин кечдар Ӏалашо йолуш говзанчо (басаршхьокхучо) йен операцийн комплекс.

Басаршхьокху белхийн классификаци йо вовшахтасаран тайпанашца (минералан вовшахтасаран басарш, хьаьхьамчан басарш, синтетикин вовшахтасаран эмалаш, олифаш тӀехь долу басарш), басар хьаькна тӀехалонан дикаллица, бечу белхан хьелашца (чоьхьара а, арахьара а), кхин а басар хьокху тӀехалонан тайпанца (металл, дечиг, бетон, хьахар).

Басаршхьокху белхаш до дерриг гӀишлошйаран-вовшахтасаран белхаш чекхдевлча, хӀунда аьлча кхин белхаш деш басар дохо тарло. Басаршхьокху белхаш доладале корашна бӀаьргаш туху, йохйаран, хин, хидӀадахаран система вовшахтосий, зуьй. Чоьхьара басаршхьокху белхаш до температура 10С° лахара йацахь, тӀуналла 70 % кхаччалц йалахь.басар хьокху конструкцийн тӀуналла 6 % сов хила йиш йац. Басаран хӀоттам хуьлу гӀорзнаш йоцу цхьаьнатайпана массех йина, шен бесца йогӀуш хуьлу колеран кнеижкин эталонца. Басар леладалале дика иэдо. Басар туху механикин хьесапца басарпультийн гӀоьнца, ткъа кхача хала долчу меттигашкахь лелайо валикаш а, щетканаш а. нагахь баср масех чкъор хьакхахь, тӀаьхьара чкъор хьокху хьалхарниг дакъаделча. Басарш иэдеш лелайо басаршхьокхучеран станци.

Коьрта гӀирсаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Басаршхьокхучун басаршхьокху белхаш ден гӀирс щетка йу. Щетканаш къаьста куьцашца а, барамца а. Уьш хила тарло говран месех йа чоьшан гоьрга курсех. Цул сов, тӀаьхьарчу заманахь кӀезиг йац ийна щетканаш — говран месех а, чоьшах а цхьаьнатоьхна. Говран месех йинчу щетканаша дуккха а кӀезиг басар дойу. Цхьа иэшам бу чоьшах йинчу щеткел, басар шера ца хьахало цуьнца. Нагахь лаам балахь, кхин а гӀирс балахь, иштта тайпана щетка хьайга а йан ло.

Басаршхьокху белхаш доладанле щетканаш кечйар дагахь латтар ладаме ду. Иза дан итт – пхийтта минотехь цхьан басар а доцуш болх бан беза бетонан йа кибирчиган пенашна тӀехь. Иза до щеткин тӀера деха чоьш дааделла вукхарах терра дӀанисдалийтархьама.

Йаккхийчу майданашна лак, басар хьокхуш, кхин а нийса меттигна хьокхуш а лелайо басаршхьокху валик[2] — цуо дуккха сиха бойтур бу болх, хӀунда аьлча басаршхьокху валико, алсама басар хӀуду, басаршхьокху щетканочул, алсама меттиг дӀалоцу. Басаршхьокху щеткех къаьсташ, иза басар чохь долу банкин чуӀутту, басаршхьокху валик йашайо башха йинчу басаршхьокху келап чохь, цуьнан хуьлу таьӀна пенаш а, басар луьтту цаца а.

Белхаш сихдархьама а, тӀехдика тӀехалонаш Q1–Q4 стандарташца кечйархьама а лелайо басаршхьокху лампа, шпаклёвка йилларан аппараташ, хӀаваъ доцу басартуху аппараташ, «жираф» тайпана шардаран машен.

ТӀехало кечйаран стандарташ:

  • Q1 (К1) — экъа охьайилла кечйина меттиг;
  • Q2 (К2) — аьнгалиобойшна, структурин а, тӀуьна а обойшна, луьста винилан обойшна а кечйина меттиг;
  • Q3 (К3) — кхоьлина басарна йа йуткъа обойшна кечйина меттиг;
  • Q4 (К4) — ахкхоьлина басарна йа йуткъа декоративан чкъоьран кечйина меттиг.

Басаршхьокху лампано таро ло тӀехалонан дикаллин а, шераллин а терго йан, сакхташ сихха дӀадаха, ткъа хӀаваъ доцуш гӀирс тӀебилларо ойу эксплуатацин а, эстетикин а хьелаш. [3]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. [slovar.cc/rus/ushakov/410684.html Толковый словарь русского языка Ушакова]
  2. Малярные работы: технология. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 19 август. Архивйина 2011 шеран 13 январехь Архивйина 2011-01-13 — Wayback Machine
  3. Шпаклёвка стен в Спб | Покраска стен в Спб. wallservice.ru. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 15 август.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Е. Д. Белоусов, О. С. Вершинина. Басаршхьокхургные и штукатурные работы. — М.: Высшая школа, 1990. — 270 с. — ISBN 5-06-000904-1.
  • Чмырь В. Д. Материаловедение для басаршхьокхургов: Учебник для СПТУ. — 4-е изд., перераб. и доп. — М.: Высшая школа, 1987. — 127 с. — (Профессионально-техническое образование).
  • Александровский А. В., Попов К. Н. Материалы для декоративных штукатурных, плиточных и мозаичных работ. — М., 1986.
  • Лебедев М. М., Лебедева Л. М. Справочник молодого штукатура. — М.: 1989.
  • Белогуров В. П., Чмырь В. Д. Справочник молодого басаршхьокхурга. — М., 1988.
  • Кокин А. Д. Отделочные работы в строительстве. — М., 1987.