Чулацаман тӀегӀо

Бартхойн суран охьадоссар Нормандехь (1944)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бартхойн суран охьадоссар Нормандехь
Коьрта конфликт: ШолгӀа шуренан тӀом
Терахь 06.06.1944 - 31.08.1944
Меттиг Нормандин хийисте , Перенгийн мехкан невре
ЖамӀ Бартхойн толам
МостагӀий

Британин импери Ингалс
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ laьмарк
ТӀом беш йолу Франци Перенгийн лаамхой
Польша Полякийн лаамхой
Чехословаки Чехийн , словакийн лаамхой
Желтойчоь Желтойн лаамхой
Норвеги Норвегийн лаамхой
Дани Датхойн лаамхой

КхоалгӀа рейх Лоьмсойн мохк Итали Италхойн мохк

БӀаьччаш

(Лаккхара Тур-да)
Артур Тэддер (Бартхойн суран лаккхарчу Тур-ден гloвс)
Бернард Монтгомери (Гlaш суран Тур-да)
Траппорд ли Мэлеори (Xlaваан суран Тур-да)
Бертрай Рамсам (Хloрдан суран Тур-да)
ТӀом беш йолу Франци Шарл де Голл

(Лаккхара Тур-да)
Герд фон Рунштедт (Бусехь Тур-да) (17.06.1944 кхаччалц)
Гунтер фон Клуге (Бусехь Тур-Да) (17.06.1944 кхаччалц)
Эрвин Роммел (Суран «Б» тоба) (17.06.1944 кхаччалц)
Фридрих Доллман (7-гla сур) (28.06.1944 кхаччалц)
Паул Хауссер (7-гla сур (28.06.1944 дуьйна)

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Нормандин тloм — иза тleман гlyллакхаш ду бартхоша шайн сур Нормандин хийисте охьадоссош , тloм болабелира сатасале lyьйранна 1944-чу шеран асаран беттан 6-чу дийнахь , чекхбаьлла иззачу шарахь хьаттан беттан 25-чу дийнахь бартхой Сена хинал дехьа а бовлуш , лоьмсойх Париж паргlaт а йоккхуш кхидla лоьмсойн-перенгийн дозане тleлеташ.

Лоруш ду оцу тlaмо шолгla фронт Европехь Шолгlaчу шуренан тlaмехь схьайиллина бохург. Xlинца а бу исторехь уггар чloгla десантах пайдаэцца тloм — цигахь дакъалаьцна 3.000.000 сов адамо.

Нормандин тloм кхочушбеш бара шина муьрехь :

  • «Нептун» — хьалхара «Оверлорд» тleман муьран цle — йолайелла 1994-чу шарахь асаран беттан 6-чу дийнахь (вуьшта а бевзаш бу «Д де» санна), чекхбаьлла 1944-чу шарахь мангалан беттан 1-чу дийнахь Цуьнан laлашо йара нана-латта тleхь плацдарм йаккха , тloм боьдуш бара асаран беттан 25-гla де кхаччалц
  • «Цlaй» — дохор а , тleлатар а Перенгийн латтахула. Кхочушйина йара хьалхара мур чекх ма баьлла.

Цуьнца цхьаьна хьаьттан беттан 15-чу денна гуьйре доладаларан кхаччалц laьмаркхойн а , перенгийн а сурхоша кхиамца кхочушбира Перенгийн негlaн тloм Нормандин тleман тleтохар деш. Йуха и тleмаш чекх ма баьхха Перенгийн мехкан неврера а , негlepa а тleлеташ бартхойн сураш вовшах а кхетта кхидla бахара тlелата лоьмсойн доза тle , шадолу перенгийн латта паргlaтдаьхха ала а мегаш.

Дlaдоладале

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Тleгloрторан ардамийн рогlaлла xlотточехь Ингалсан а , laьмаркан а тleман куьйгалла тleтевжара шайн шек ца хиларна мостагlчун ши xlyма ца девза аьлла - «Оверлорд» тloм кхочушбаран меттиг а , хан а.И xlyма къайлахь хилийта а , охьадоссар цlaьххьана хилийта а кеч а бина кхочушбинера дуккху талламан белхаш - «Ханакъост» , «Доьналла» , иштта кхиберш а.Дукхахдолу бартхойн сур охьадоссоран ардамийн рогlaлла xloтточехь дакъа лецира Бернард Монтгомерис.Бусенан Европе тleгloртале бартхойн тleман куьйгалло толлура Атлантикан xlopдйист.Охьадоссоран меттиг хоржуш йара тайп-тайпанчу бахьанашца : мостагlчун хийистера чlaгloнийн нуьцкъалалле а , Ингалсан xlopд-гlaланех йолу йохалле а , кеманаш тleкхочуш хилар йа ца хиларе а хьаьжжа (xlyнда аьлча десантана а , xlopдкеманашна а оьшура кеманийн гlo).

Десант охьайоссайан уггар дика йогlypa Па-де-Кале а , Норманди а , Бретан а кloшташ , ткъа йисина йолу кlошташ - Голландхойн мехкан а , Белгихойн мехкан а, Бискайн чужан а хийисташа xlopдан некъаца латторан тleдилларш кхочуш ца дора.Па-де-Калехь «Атлантикан валан» чlaгloнаш уггар чloгla йара xlyнда аьлча лоьмсойн тleман куьйгаллина цигахь охьадоссоран хилатаро уггар лаккхара хетара , Ингалсан уллехь йу аьлла и меттиг.Бартхойн куьйгалло Па-де-Калехь сур охьадоссадан къобал ца дира.Бретанехь чlагloнаш жимма гlийло йара , амма иза гена йара Ингалсах.

Бартхойн тleман куьйгалло сацам бира охьадоссоран уггар гloле меттиг Нормандин xlopдйист йуй - цигахь чlaгloнаш чloгlo йара Бретанехь йолучул , амма уьш оццул кloрга йеккъа йацара Па-де-Калехь санна.Кхин жима доцу бахьана дара Норманди бартхойн чlиркеманаш тleкхочучехь хилар , цу тle ингалсан xlopд-гlaланашкара йолу йукъо хихула сур латторан тleдиллар кхочушдора.