БангӀара

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
БангӀара
Strabismus.jpg
БангӀарачуьнга бӀаьргаш цхьаьна меттиге ца хьажало.
МКБ-10 H49 49. H50 50.
МКБ-9 378378
OMIM 185100 185100
DiseasesDB 29577 29577
MedlinePlus 001004 001004
MeSH D013285 D013285

БангӀара (страби́зм, от желт.-шира. στρᾰβήςгома, йа гетеротропи́, схьадаьлла желт.-шира. ἕτεροςкхин + желт.-шира. τροπή, τροπάдӀахьаьвзийла) — хьожучу объект тӀера хьажаран семанаш дӀатаӀар, цуьнца буху бӀаьгийн координацин болх, гаран объект тӀехь ший а бӀаьрг сацо хала хуьлу. Объективан симптомбӀаьрган пардон симметрин хьал дац, бӀаьрг-негӀарийн йисташца а, сенашца а.

БангӀараллин кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

БангӀаралла шина кепара хуьлу: вечу хенахь дуьйна йерг (йа винчу хьалхара 6 баттахь гучуйаьлла) а, схьаэцна а.

Дукха хьолехь къаьстина бангӀаралла хуьлу анакепара: чучча бангӀара (convergent strabismus йа esotropia) а, дӀасхьа бангӀара (divergent strabismus йа exotropia); амма наггахь хила тарло хьала-охьа а (хьалатаьӀна — гипертропи, охьатаьӀна — гипотропи).

  • БангӀаралла, цхьа бӀаьрг йа ши бӀаьрг разхьежаре терра, декъало монокуляран а, альтерниран а.
  • Монокуляран бангӀара волчуьнан гуттаренна а цхьа бӀаьрг агӀор хьоьжу, иза адамо цкъан а лела ца бо. БангӀара волчуьнан са дика ца го. Коьртан хье булу бангӀара ца хьоьжучу бӀаьрго ло хаамашка, вукха бӀаьрган хаамаш ца боьшу. БангӀара бӀаьрг хьажаран актехь дакъа лоцуш ца хуьлу, цундела цунна гаран функцеш лагӀло. БангӀарчу бӀаьрго болх ца барна лагӀделлачу бӀаьрсих олу дисбинокуляран амблиопи. Нагахь бангӀарчун бӀаьрса метахӀотто таро йацахь, бангӀаралла нисдо косметикин сакхт санна.

Ботоксца бӀангӀараллин дарба лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

БангӀаралла — берийн патологех угара дукха хуьлучех цхьаъ йу. 85 % пациентех и цамгаран дарба хирургин нисдарш ду, 15 % бангӀарнаш тобан таро йу консервативан дарбанан гӀоьнца.

БангӀараллин хирургин Ӏалашо — бӀаьрган хӀоъ нисбар, тӀаьхьа бинокуляран (шина бӀаьрган) а, стереоскопин (чулацаман) а бӀаьрса кхиор.

Хирургин дарбанан экспериментан хьесапех цхьаъ ду бӀаьрг лело оьзган ботулотоксин маха тохар. Баккхийчарна а, берашна а дарбанна леладо уьш.

Оцу хьесапан механизм йу, оьзг сацайо мехо, тӀаккха шен агӀор дӀа ца ийзайбо бӀаьрг.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Косоглазие: причины, симптомы и аппаратное лечение

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]